Ӏилманан Аманат
Відкрити в Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Показати більше345
Підписники
Немає даних24 години
-37 днів
-230 днів
Архів дописів
Хьайна АллахӀа хӀара неӀарш схьа йилланехь, (нийса некъ бовза) ахьа хӀо некъац Ӏамал йойла, цул тӀаьхьа и некъ дӀа а хьоьхуьйла!
АллахӀа хӀара аманат, нийсачу некъахь хила, и нийсо яржа йа а, хьуна кховдийнехь, хьуна хоийла, хьо кху некъахь чеккха вала лура вуй хууш бен Цо кховдийна ма дац хьуна хӀара!
ХӀОКХУ АЛЛАХӀАН ДИНАН КЪОНАХИЙ БУ ХЬУНА...
Вайна юккъехь бакълуьш берш совбоьвлча, АллахӀа вайна дика сиха лура дара, ткъа бакълуьш берш вайна юккъехь лахбелча, гӀийлалла яхлур ю вайна тӀехь!
Бакълоь хан ю хӀара!
Бакълуьйчеран зама ю хӀара!
Шайн динна тӀехь чӀагӀбеллачеран зама ю хӀара!
ДогцӀеначеран зама ю хӀара!
Шайн динна духкушчеран зама яц хӀара!
Ийзалучеран зама яц хӀара!
Кхоьручеран зама яц хӀара!
Кхоьручарна меттиг бац тахана Ислам-динехь!
АллахӀа кхоьллинчух ийзалуш волчунна а, кхоьруш волчунна а меттиг шайн дин доьхкина мунепакъ нахаца ю!
Йа АллахӀ, тхо массо а, бакълуьйчарах де Ахь!
АллахӀан дин тӀехь саца, хьуна хоийла, дерриге белхаш АллахӀан лаамца лелаш дуйла!
АллахӀа кхоьллина долу цхьа а хӀума хуьлуш ма дац, АллахӀан лаамца бен!
Дуьненахь зуламхой тӀехбевллехь а, къемат дийнахь АллахӀера дика ларделахь!
Дуьненан кхело хьуна зулам динехь а, хьайн бала эхартан кхеле дӀалолахь!
Баккъалла а, тоьшалла дийраш маликаш ду хьуна!
Ткъа кхелъечарах уггаре дика кхел еш верг ву АллахӀ!
ХӀара къамел дикка дӀалацалахь.
Хьан хьакъ эшор дац хьуна!
Хьан дин дойур дац хьуна!
Цхьана бехкамца хьайн дин тӀехь хьо сацахь.
Нагахь санна хьайн дин тӀехь хьо ца сацахь а, АллахӀа Шен дин тесна дуьтур дац хьуна!
ХӀокху АллахӀан динан Къонахий бу хьуна!
АллахӀа леррина цуьнан дуьхьа кхуллуш болу, Цуьнан байракх латтош болу, Цуьнан мостагӀашна юьхь-дуьхьал латтош болу, Цуьнан байракх латтош болу, АллахӀ реза хилар бен кхин хӀумма а дезаш а боцу!
©Шайх Махьмуд ШаӀбан
Repost from Серлонан тоба
«Боккъалла а, АллахI а, Цуьнан маликаш а салаваташ дохкуш ду пайхамарна. ХIай [Делах] тешнарш! Салават дилла цунна, маршо а еха [цуьнга]».
[Сурат «ал-Ахьзаб» - 56 аят]
«ХӀай, ийман диллинарш! ПӀераскан дийнахь (рузбанан) ламазна кхайкхича, АллахӀ хьехорна тӀедерза, махлелор а сацаде! и гӀолех хир ду шуна, нагахь шун хаахь».
[Сурат «ал-ЖумуӀа» - 9 аят]
Repost from Рамзан Гендаргно
Аллахӏан Элчано (саллаллахIу ӏалайхӏи ва саллам) аьлла: «Суна цхьа салават диллинчунна Дала итт салават дуьллур ду, цунна тӏера итт гӏалат а дӏадоккхур ду, итт даржехь иза сов а воккхур ву».
[Сахьихь ал-Жамиӏ: 6359]
https://t.me/Ramzan_Gendargno
Repost from Ӏилманан Аманат
اللّهُـمَّ صَلِّ عَلـى مُحمَّـد، وَعَلـى آلِ مُحمَّد
Аллаh'умма салли 'аля Мухаммадин ва 'аля али Мухаммад
Йа АллахӀ, тхо ларде Ахь, Хьай Ӏуьналлиц тхо Ӏалаш де Ахь, тхуна хьалха, тхуна тӀехьа, тхан аьтто агӀор, аьрро агӀор, тхуна тӀехулахь, тхуна бухулахь, тхо мел кхоьруш долучух, тхо мел ларлуш долучуха, тхо хьалха дохур долу, Хьай ларвар де Ахь!
Аль-Хьафийз Шен цӀе йолу АллахӀ, Шеца там бел боцучу хӀуманех цӀена ву Иза, Цунга хьой ларвайта ахьа лелора долучу бахьанех, уггаре доккха бахьан ду хьуна, ахь Иза ларавар.
Юха а деша ахьа хӀара хьадис, ахьа хӀара хьадис доьшуш, дикка ойла йе ахь!
«ХӀай кӀант, цхьа дешнаш Ӏамадо хьуна аса: АллахӀ ларве ахь, Цо хьо ларвийра ву хьуна; АллахӀ ларве ахь, хьайна хьалха И карора ву хьуна; паргӀатонехь АллахӀ воьвзуш хила хьо, халонехь Цуна хьо воьвзура ву хьуна!»
АллахӀ ларве ахь Цо диначу омаршкахь, Цо хьайга дина омар кхочуш де ахь, АллахӀ ларве ахь, Цо дихкиначу белхашкахь, Цо хьайга маде аьлларг Ӏаддадита ахь - и ду хьуна АллахӀ ларвар!
ХӀай кӀант, Сийлахь волчу АллахӀа хьо ларва тарло хьуна, хьан мостагӀашца!
Дуьйцуш ду, цхьа къу, цхьана неха хӀусамаш чу ваьллера, цу хӀусамчохь болу цхьа бахам лачкъо Ӏалашо йара цуна, ткъа цу чохь дижан Ӏаш бера дара, цуна да-нана а дара, къайлах цу чу вахана, цу къуно, цу чура бера схьаэцна, кхечу дӀа даьхьна вахьа диллира, ткъа бера сама даьлла делха дола делира, беро мохь хьаькхира, да-нана сама делира, цец даьлла, Ӏадийна, мила ву те кху чура шай бера ара даьккхинарг аьлла, и бера лаха дола делира и шиъ, и шиъ оц чура ара даьлча, къу цу чу вахара, тӀаккха, цӀаьххьана цу чоьна тхов охьа буьйжира, и къу цу тховна буха вахара, мила вара ткъа, и доьзал баларах хьалха баккха, и къу цу хӀусаме валийнарг? Цу къун моттар ша лелош дерг хӀил ду, делахь хӀилла цунна доьхьал лелаш хиллера, и къу цу хӀусаме валийнарг, и доьзал кӀелхьара баккха, Аль-Хьафийз Шен цӀе йолуш волу, Шен лайш ларбеш, Ӏалашбеш волу АллахӀ вара!
АллахӀа иштта церан мостагӀашца цхьана, ларбо Шен лайш!
ХЬАН ТӀЕТОВЖА АЛЛАХӀ ВУ ХЬУНА...
Хьан шинне а куьйгаца, АллахӀан мушах тасало хьо, хьан болучу массо тӀетовжа меттигаша, хьо тесна витича, уггаре дика тӀетовжа меттиг бу хьуна иза, хьо шена тӀетоьвжиначарах уггаре гӀолехь верг АллахӀ ву хьуна, хьо массара тесна витича а, АллахӀа тесна вуьтура вац хьуна.
