uk
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

Відкрити в Telegram

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

Показати більше
345
Підписники
Немає даних24 години
-37 днів
-230 днів
Архів дописів
Цхьаболчу салафша аьлла: «Юьхь-дуьхьала ша хастийначо олийла: -"Я АллахI! Царна къайлах долу сан къиношна гечде Ахь, цара со хесторна со бехке ма ве Ахь, царна моьттучулла а со дика а ве Ахь"». Фатхьул-Бáрий, 10/478. Аллахӏан хьалха цхьа-а хеста ца во вай, амма диканца доӀа дар вайна тӀехь ду, хаза гӀиллакх лелор вайца хила дезаш а ду. ( чӀогӀа нийса аьлла хӀара аьллачо.. АллахӀа рияъах дӀа цӀан дойла вай, АллахӀа вай мел диран Шен дуьхьа дойла! https://t.me/serlonan_toba

ХӀара хьан мимбар ю, кхин цӀа а кху мимбар тӀера ма яла, кхин цӀа а, цхьана кӀезиг хенан а, хӀара мимбар ма йита! Хьан йолу говзаллица, хьан болу кхетамица, хьан хьекъалица, ма къоам бара хьан агӀо йаьсса йита.. АллахӀа сий дойла хьан, АллахӀа кхин цӀа а, хӀара некъ хьан саца ма социтийла, АллахӀа кху даӀват даржоран некъахь хьан когаш чӀагӀ дойла, АллахӀа барам боцуш, кху умматан, къаьсттина вай къоман халкъан пайда, беркат дойла хьоьх, АллахӀа Ӏалаш йойла хьо, АллахӀа массо гуш долу, гуш доцу зеч-зуламах лара йойла хьо, АллахӀа хьан хӀора а лаам, хьан хӀора а сатийсам, хилла кара бойтийла хьуна! АллахӀа сий дойла хӀораннах, хӀара дин даржо некъ схьа лаьцна болу, хӀара Сийлахь долу дин даржо лаам болу, АллахӀа аш мел хьоьгуш долу къа, дин даржорехь, барам боцуш диканца бекхам бойла шуна, АллахӀа дин даржош, аш яздина долу хӀора элпан ял, барам боцуш сов йоккхийла! АллахӀа шун сатийсамаш, шун лаамаш кхочуш хуьлитийла! АллахӀа пайде долу Ӏилмангахь сов а дохийла шу! Шаьш схьа лаьцна некъ хьена доьхь лаьцна диц ма де, йа цу некъара ма довла!

sticker.webp0.00 KB

«Маьждигаш даьсса ма дита» Толаме тоба маьждигашкахь кхуьуьш ма ю!

«Боккъалла а, АллахI а, Цуьнан маликаш а салаваташ дохкуш ду пайхамарна. ХIай [Делах] тешнарш! Салават дилла цунна, маршо а еха [цуьнга]». [Сурат «ал-Ахьзаб» - 56 аят] «ХӀай, ийман диллинарш! ПӀераскан дийнахь (рузбанан) ламазна кхайкхича, АллахӀ хьехорна тӀедерза, махлелор а сацаде! и гӀолех хир ду шуна, нагахь шун хаахь». [Сурат «ал-ЖумуӀа» - 9 аят]

Аллахӏан Элчано (саллаллахIу ӏалайхӏи ва саллам) аьлла: «Суна цхьа салават диллинчунна Дала итт салават дуьллур ду, цунна тӏера итт гӏалат а дӏадоккхур ду, итт даржехь иза сов а воккхур ву». [Сахьихь ал-Жамиӏ: 6359] https://t.me/Ramzan_Gendargno

اللّهُـمَّ صَلِّ عَلـى مُحمَّـد، وَعَلـى آلِ مُحمَّد Аллаh'умма салли 'аля Мухаммадин ва 'аля али Мухаммад

Кху Ислам-дино вахьа йихкина бакъонаш, массарна цхьа терра ю!

وَٱلسَّـٰبِقُونَ ٱلسَّـٰبِقُونَ «Ткъа диканаш дарехь хьалхе яьккхинчара йоккхур ю хьалхе ялсамане кхачарехь а». [Сурат «ал-Ва
وَٱلسَّـٰبِقُونَ ٱلسَّـٰبِقُونَ «Ткъа диканаш дарехь хьалхе яьккхинчара йоккхур ю хьалхе ялсамане кхачарехь а». [Сурат «ал-ВакъиIахI» 10 аят]

Repost from Muvahhidun
«Нахана собар хьоьхуш верг цкъацкъа ша а хуьлуш хиллера кхечо шена собар хьеха хьашто йолуш…»

Яздинарг 👉 https://t.me/m_1indagh
Яздинарг 👉 https://t.me/m_1indagh

sticker.webp0.00 KB

Хьай Ӏилмах хьо Ӏеха ма лолахь, айхьа дагахь Ӏамийна долу Къуръанах хьо Ӏеха ма лолахь, йа Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва
Хьай Ӏилмах хьо Ӏеха ма лолахь, айхьа дагахь Ӏамийна долу Къуръанах хьо Ӏеха ма лолахь, йа Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) суннатех айхьа Ӏамийначух хьо Ӏеха ма лолахь, ВаллахӀи, АллахӀа хьан дин лара ца дахь, тиллура ма ву хьо, гал вера ма ву хьо.. [ жайна: Хьо АллахӀ волун дела ] https://t.me/vaynmajlis

АллахӀан муьтӀахь хиллачунна йалсаманица кхаъ баьккхина, АллахӀан Ӏеса хиллачунна жоьжахатица кхерам тесина..
АллахӀан муьтӀахь хиллачунна йалсаманица кхаъ баьккхина, АллахӀан Ӏеса хиллачунна жоьжахатица кхерам тесина..

Кегийнарш Ӏамор коьрта хилар: Адамна важиб ду бер Ӏамор, шен динах цунна довза дезарг, кхоччуш адам иза хилийта, Ислам-динехь а, Дела цхьаъвеш а хилийта, иманан новкъахь. Имам ибн Абу Зайд Къайраванис (Лекха волчу АллахӀа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Хьадисехь деъна, ворхӀ шо кхаьчча ламаз де аьлла амра дар а, итт шо кхаьчча тоьхна дайтар а, мотт хӀораннан а шен-шен хилийтар а. ТӀаккха иштта тамболуш ду, АллахӀан лешна фарз динарг царна Ӏамор а, дашца дерг а, Ӏамалаца дерг а, уьш пхийттара бовлале хьалха, уьш пхийттара бовлучу хена церан дегнаш чохь иза дӀачӀагӀделла а, уьш цунга марзбелла а, церан меженашна цара дийриг аттаче даьлла а хир долуш.» [ Мукъаддимат ибн Абу Зайд Къайраваний. агӀо: 5 ]

Repost from Зератхо
АллахӀан динехь нислуш волчунна хаьа деза уггаре хьалха собар оьший, атта дац нахе нийса дерг дийца а, даржо а. © Рамзан Гендаргно

Repost from N/a
​​Хьайн доьзалхочунна Къуръан lамаде ахь, ткъа Къуръано цунна массо а хlума lамор ду хьуна!

Repost from sʜɪsʜᴀɴ
Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум варахьматуллахӀи вабаракатухӀ. 1) ЙоӀарий болуш, кӀант воцуш да-нана хилча, и кӀант валар доьхуш АллахӀе доӀа дан мегар дуй? 2) Шен хӀусамнанас йоӀарий бича, кӀант вац олий кхин зуда ялайо, и ялорах хӀумма дац, кӀант велахь а ялор ю иза шена луучо, амма и ялийча шен вукху хӀусамненах дӀа а хаьдна и тесна йитар и нийсо ма яц? 3) Вайна юккъехь хуьлу иштта хӀуманаш, юха цхьаболчара и шайн кӀант вац олий вашас ше кӀант вешина дӀаъ лой и хӀума лело оьшурий? Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl! 1. Мегар дац, доьзал ло аьлла доӀа дан мегаш ду, амма кӀант ло, я йоӀ ло бохуш заказаш яр АллахӀаца гӀиллакхе цахилар, доӀанехь тӀех вийлар ду, ткъа иза мегаш дац! 2. КӀант ца хуьлу аьлла кхин зуда ялор, АллахӀан динах цхьа а кхетам боцуш хилар ду, оцу кхечу зудчунна доьзал кхуллуш верг кхин Дела ву аьлла ялош ю иза?! Я Дела Ӏехош ялош ю иза?! Дала хьуна хила яздина доьзал бен хила йиш яц стага кху дуьнен тӀехь мел йолу зуда ялийча а! КӀант хилар йоӀ хилар зудчух доьзна дац, Дала яздинарг нислуш ву доьзалхо. Вуьштта дуьстича а бац иза зудчунна бехк, йоӀ йо аьлла ша бехке йича цхьана зудчо байташ аьлла-кх: «Латто шена тӀе дӀайийннарг бен лойла ма дац схьа», аьлла. 3. Лелийча хӀума-м дац шайна лаахь, делахь а, берана шайн бакъдолу да-нана муьлхург ду довзийта деза-кх. Жоп делларг - Враги Иблиса

sticker.webp0.00 KB