uk
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

Відкрити в Telegram

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

Показати більше
345
Підписники
Немає даних24 години
-37 днів
-230 днів
Архів дописів
Къамел долош салам ца далар бахьан, элпаш сав довлар дара.. Ассаламу Ӏалайкум варохьматуллохӀи вабарокатухӀ !

ТӀаккха оха бай и болх? Иштта ютуб чохь видео хиларан пайданаш дуккху а бу, масала: эс дӀа ца лацар; видео яржорехь атта хуьл
ТӀаккха оха бай и болх? Иштта ютуб чохь видео хиларан пайданаш дуккху а бу, масала: эс дӀа ца лацар; видео яржорехь атта хуьлу,; баккхийнаш къаьсттина ютуб лелош хуьлу, царна а бакъо дӀакхачо аьтто хира бу; видео яржо атта хуьлу, масала вацап чохь рассылка йа, йа статусе кхосса; йа и болх (видео) кху чохь хьоста лелочеран и хьоста кхерамазалла бахьан долуш, йа кхин бахьан долуш дӀа даккха дезаш хилахь, и цара бина болу болх бай ца байта;  цундела кхолла делла дара и ният, иштта дуккху а, массарна а атта хира дара аьлла. ТӀаккха вайна шугар оьшург, шун пурба ду, шун хьостанаш чура видео схьа эц, и видео ютуб чу кхосса бакъо аша ялар ду, дехар ду, хӀара яржа е аьлла, иштта хьоста долучара, пурба лучара, вайга бот чохь шай хьости цӀе билгал йоккхуш, цу чура видеош яржо пурба ло аьлла хаам бар.. @Dottag_bot АллахӀ барам боцуш диканца бекхам бойла шуна, АллахӀа аш дин даржорехь хьегна къа, Шен дуьхьа дойла, АллахӀа цу йалсаманехь лаккхара даржа лойла шуна! Шугар ду эца дезаш масал, шу ду и жовхӀарш!

sticker.webp0.00 KB

БИЦ МА БЕ

Repost from N/a
photo content

ПӀераскан дийнахь доӀанна жоп луш йолу хӏара хан ю, маьркIажа хан хилале йолу. https://t.me/Ramzan_Gendargno

«Боккъалла а, АллахI а, Цуьнан маликаш а салаваташ дохкуш ду пайхамарна. ХIай [Делах] тешнарш! Салават дилла цунна, маршо а еха [цуьнга]». [Сурат «ал-Ахьзаб» - 56 аят] «ХӀай, ийман диллинарш! ПӀераскан дийнахь (рузбанан) ламазна кхайкхича, АллахӀ хьехорна тӀедерза, махлелор а сацаде! и гӀолех хир ду шуна, нагахь шун хаахь». [Сурат «ал-ЖумуӀа» - 9 аят]

Аллахӏан Элчано (саллаллахIу ӏалайхӏи ва саллам) аьлла: «Суна цхьа салават диллинчунна Дала итт салават дуьллур ду, цунна тӏера итт гӏалат а дӏадоккхур ду, итт даржехь иза сов а воккхур ву». [Сахьихь ал-Жамиӏ: 6359] https://t.me/Ramzan_Gendargno

اللّهُـمَّ صَلِّ عَلـى مُحمَّـد، وَعَلـى آلِ مُحمَّد Аллаh'умма салли 'аля Мухаммадин ва 'аля али Мухаммад

Repost from N/a
Сийлахь долу Къуръан дахаран йерриге а агӀонаш чулоцу, массо а хӀума билгалдеш а жайна ду и. Цо билгалдо Ӏамал-Ӏибадатан бакъ
Сийлахь долу Къуръан дахаран йерриге а агӀонаш чулоцу, массо а хӀума билгалдеш а жайна ду и. Цо билгалдо Ӏамал-Ӏибадатан бакъонаш а, йалор-йахийтаран бакъонаш а, тӀеман заманан бакъонаш а, маьршачу заманан бакъонаш а, йохкар-эцаран бакъонаш а, барт-машар баран бакъонаш а, марзо-уьйр а, гӀиллакх-оьздангалла а, бусулбанийн йукъаметтигаш муха хила еза а, гергарчийн хьаккъаш а, лулахойн ларам а пачхьалкхан чоьхьара низам а, арахьара низам а, и.дӀ.кх. https://t.me/san_tibtar

Пайде хьехар...

Шен новкъахь дӀа ваха хьакъ долуш ву, йа вац хьожуш, зуь-кх хьо АллахӀа, хӀо новкъахь хьо бакълуьш хилла, йа ца хилла хьожуш, зуь-кх хьо АллахӀа, хьуна оьшург нийсо ю, йа яц хьожуш, зуь-кх хьо АллахӀа... ХӀара некъа цхьа хан йаьлча дӀа таса лоцуш бац, хӀара некъ АллахӀан дуьхьал хьо кхаччалца дӀа кхехьа лоцуш бу, хӀара некъ нуьре некъ бу, боьхалла шен чохь йоцуш, хӀара некъ дегӀан лаамац хоттабелла бац, хӀара некъ АллахӀа алларг дар бу, АллахӀа ма бохха...

Ассаламу Ӏалайкум варохьматуллохӀи вабарокатухӀ ! Кхунах дерг хаьи цхьанне? Билгал ю, йа яц хууш цхьаъ валахь, вайга бот чу х
Ассаламу Ӏалайкум варохьматуллохӀи вабарокатухӀ ! Кхунах дерг хаьи цхьанне? Билгал ю, йа яц хууш цхьаъ валахь, вайга бот чу хаам байш. @Dottag_bot АллахӀ реза хуьлийла шуна!

sticker.webp0.00 KB

Repost from N/a
Ахь Къуръан хьан нанас Iамаде аьлла Iамийна делахь, я Къуръан Iамор хьуна марздинарг хьан нана елахь, я Къуръан Iамоче хьо дIавелларг хьан нана елахь, тIаккха хьан нанна ахь Къуръан мосазза доьшу цунах ял ю ша доьшуш санна, ахь цунна тIера доьшу баха ца дезаш, я ахь цхьа а ният дан ца дезаш, и дийна елахь а я дIаяьллехь а, Къуръан ахь мосазза доьшу цунна ял дIакхочуш ю ша дешча санна, хьан ял тIера оьшуш цхьа а хIумма доцуш, цунна далил - Абу ХIурайрата (АллахI реза хуьйла цунна) дийцина, АллахIан Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) элира аьлла: «Цхьана дикачу хIумане нах кхайкхинчунна ял хир ю, кхечо и дика хIума мосазза до а, церан (и дика хIума диначеран) йолах оьшуш цхьа а хIума доцуш...». [Муслим: 2674] Цу хьадисах вайна билгалдолу, ахь цхьанна муьлхха дика хIума довзийтича, цунах цо пайда хилла и дика хIума дахь; я ахь цхьа дика хIума де аьлла хьехар дина, цунах пайда хилла, цхьамма и дика хIума дахь; я ахь хьайн доьзална цхьа дика хIума Iамийна я нуьцкъалла леладайтина ахь цуьнга дика хIума, цул тIаьхьа цо и дика хIума лелийна, оцу дерриге хьолашкахь а и дика довзийтина я дика дерг леладайтина волчунна цунах ял хуьлуш ю, и ша веллехь а, и дика деш волчун йола тIера галдолуш цхьа а хIума доцуш.

Далла, Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) билгал биначу некъац доцуш аша безам лехахь, цу безамо сийсаз дохура ду шу!

sticker.webp0.00 KB

Бухарийн жайничура 1982гlа хьадис (тlаьхье).... .... тlаккха Анаса дуьйцу - Цхьаа хlума ма ца дитира Делан Элчано, Дуьненахь а, Эхартахь а, и дика а долуш, цо суна и дехний бен: "اللَّهُمَّ ارْزُقْهُ مَالاً و وَلَداً، و بارِك لَهُ" "Йа Аллахl, рицкъа ло Ахь цунна, доьзалла ло Ахь цунна, беркат а де Ахь цунна царах". (Анас дуьйцу) Баккъалла а, со шортта даьхний долуш ма вара ансарашна юкъаьхь. Сан йоlа Умайнас дуьйцу Басрехь сан доьзалах дlа ма боьхканера цхьа бlе ткъа сов... Кхузахь а гучудолу вайна цхьа хаза г1иллакх: Шен доьзалан цlе йоккхушчулла а кхечу агlора яккхар... Анаса шен йоlан Аминатан цlе а ца йоккхуш Умайна аьлла еккхира. Ткъа и гlиллакх а ду вайн къомана юкъаьхь къаьсттина лелла, вайн дайша чlогlа лардина а... Кхин а шортта пайданаш гучудолу кху хьадисехь: Муьлхха а хlума Аллахlе деха мегаш хилар, иза хьарам хlума дацахь; Дуьненна рицкъа деха мегаш хилар; Дала шен мел деллачунна беркат хилийта аьлла деха дезар а: хlунда аьлча, хьан мел шортта рицкъ хиларах пайда бац, хьуна цунах Дала беркат ца дахь; Хийла гина-кх вайна цхьаболчарна итт эзарах ца хуьлуш болу пайда цхьан эзарах а хуьлуш. Беркат хир долчу агlор хьурмат дар а, хьанал агlор леладар а, хьанал долчу агlор дlахьажадар а; Цхьана шуьнехь берриге доьзал цхьана юуш хилча цунах беркат хуьлу, массо вуза а вузу, амма хlоранна шен-шенна схьа а йиллина къаьстина юуш хилча, цунах беркат ца хуьлу, массо вузуш ца вузуш а нисло... Дийцинарг: Ӏадлан Харачо (АллахӀа Ӏалашвойла иза) Бухарийн жайничура хьадисаш доьшучу 31гlа а: 31.05.20 шо