Ӏилманан Аманат
Відкрити в Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Показати більше345
Підписники
Немає даних24 години
-37 днів
-230 днів
Архів дописів
Repost from ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ
Питнех кlелхьара вала хьуна хьайн дин ду довза дезаг, хьайн lакъидат ю йовза езаг.
Дин довзар хlоранне декхар ду. lильма lамадан а, lильма довза а хьо молла хила везаш вац, я хьо стаг хила везаш вац, зудчунна а ду иза иштта. Я хьо маьждигехь рузбанехь мимбар тlе ваьлла хьехам беш хила гlерташ хила везаш вац, я lеламстаг хила гlерташ хила везаш вац, амма хьо бусалба хила гlерташ велахь хьуна довза дезаш ду и!
Цундела, хьуна бусалба хила, гал ца вала а, дехьа-сехьа новкъа дlас ца хьийза а хьуна хьайн дин довза дезаш хуьлу! И стагана а, зудчунна а, вокхчунна а, жимачунна а массарна цхьатерра ду. Массарна а цхьатерра каро еза хан шен динах дег довза а, цунна тlекхиа а!
Жайнеш доьшуш, я жайнеш яздеш, я рузбан хьехамаш беш, я lеламстаг хила къемат хьо ца гlертахь а, иштта массо хила веза бохаг а дац, я хила везаш а вац массо! Массерах lеламстаг ван Пайхамар а ца гlиртина, делахь а, массерах бусалба ван гlиртина Пайхамар (соллаллохlу lалайхlи васаллам). Ткъа, массо бусалба хуьлуш велахь, и бусалба хила дин довза ца деза цунна?! lилманан къоргенаш хьуна ца йовзахь а, хьайн динах гал ца вала коьрта долу белхаш мукъане а довза деза хьуна, цу юккъехь уггаре коьрта дег - lакъидат йолуш!
Цундела, и коьрта долу белхаш довза, хьуна цу динах долчуьнга ладугlуш, динах долчунна тlе гlерташ цхьа хан хила езаш ю хьан билгал яьккхина, цхьа сахьт хилла а хила дезаш ду хьан оцу 24 сахьтан юккъера билгал даьккхина цу гlулкхана. Хьайн болх, некъ, вижар-гlаттар, садаlар, доьзал, накъостий и дерриге хилийта, новкъа дац! Амма, динан дlалуш цхьа хан хила езаш ю хьан. Динах дег довза, динах долчунна тlекхиа хан даиманна хила езаш ю хьан! Цхьа шо, ши шо дlадаьхьина цу тlехь, кхин дlа хада везаш вац хьо цунах, хlунда аьлча, хlара зама дlа мел йоьду питанаш совдуьйлуш ду!
•••••••••••••••••••••••••••••••••••••••
Ахь хьайн гай хlума яарца дуза ма дарра, хьан са а ду ахь дузо дезаш Дела хьахо меттигашца, Далла дечу lибадатац, Делан динах дег довзарца!
Ахь гай дуза дина, са дуза ца дича хьо хlума йиина гай мел дуьзина хилча а, хьо сина меца хуьлу, са меца долуш лела хьо. Цундела, и са а ду ахь гай ма дуза дарра дузо дезаш, ткъа хьан са дузо уггаре коьрта болу некъ - иза lильман мажлисаш ю! Цундела цу юккъехь цхьа дакъа хьан ца хила йиш яц, цу юккъехь хьан цхьа хан ца хила йиш яц, цу юккъехь дlадала цхьа сахьт хьуна каро дезаш ду хlора дийнахь карийна а, дедда юккъа карийна а, кlирнах цкъа цхьа сахьт карийна а хила езаш ю и хьан хан!
кхузара
Вайн дешаран юккъера волуш, тешаме волуш вай ваш ву хӀара болх бираг, хаза шай Ӏумрате гӀо цунга кехаташ кечдайте.
Нах къахьоьгуш букх, болх беш, деша доьшуш, гӀо-накъосталла лаца деза вай, хӀара яржа еш!
Repost from العقلاء
🇸🇦Туристическая виза в Саудию на год🇸🇦
🇸🇦Срок пребывания в Саудии 9️⃣0️⃣дней (дни считаются только со дня въезда, т.е в течении года вы можете несколько раз посетить священные земли🕋).
⏰Срок оформления: 1️⃣день.
💰Цена: 1️⃣3️⃣0️⃣💵(переводите в рубли по курсу доллара)
🪪Необходимые документы:
📌фото загранпаспорта
📌личное фото
✈️Для связи:
Wa.me/966583285259 ↙️
T.me/+79659514345 ↙️
Сан болх сецнехь а, шун болх сацийта ма ца лаьъ...
АллахӀа доттийлакх шуна тӀе, Шен ниӏматаш, АллахӀа дойлакх шух беркат, шун дерриге дахарех беркат, АллахӀа совдохийлакх шу пайде долу Ӏилмангахь а, пайде долу рицкъангахь а, АллахӀа дойлакх шу Ӏалаш, АллахӀа дойлакх шун Ӏуьналла а, АллахӀа кху дерриге умматан, барам боцуш пайде а, беркате а дойла шу, АллахӀа схьабоьллийла шун некъаш, Ӏилма лахарехь а, Ӏилма дӀахьехарехь а!
АллахӀа чӀоггӀа, шен кхетам кхелашца санна, и даӀватан майда, и минбар схьалоцуьтийла шуьга, оц даӀватан майданера ца довлуш, и минбар дӀа ца хоьцуш, шу дахар а, кхалхар а, Ша реза волуш дойла АллахӀа!
Repost from Ӏилманан Аманат
Хьайна АллахӀа хӀара неӀарш схьа йилланехь, (нийса некъ бовза) ахьа хӀо некъац Ӏамал йойла, цул тӀаьхьа и некъ дӀа а хьоьхуьйла!
Repost from Ӏилманан Аманат
АллахӀа хӀара аманат, (нийсачу некъахь хила, и нийсо яржа йа а) хьуна кховдийнехь, хьуна хоийла, хьо кху некъахь чеккха вала лура вуй хууш бен Цо кховдийна ма дац хьуна хӀара!
وَٱلسَّـٰبِقُونَ ٱلسَّـٰبِقُونَ
«Ткъа диканаш дарехь хьалхе яьккхинчара йоккхур ю хьалхе ялсамане кхачарехь а».
[Сурат «ал-ВакъиIахI» 10 аят]
ХӀара хьадис кхачаме ма дара, рузбанан денахь ледарло ярах кхера!
ХӀорамо дагахь латта дойлакх хӀара хьадис!
Repost from Delan din
ІабдуллахІ ибн Іумара а, Абу ХІурайрата а дийцина, АллахIан Элчано (ﷺ) шен минбар тIехь олуш хезира шаьшшина аьлла: «Нах рузба дуьтучера совцур ма бу, я АллахIа церан дегнаш тIе мухар тухур ма ду, цул тIаьхьа хир ма бу уьш гIопал болчерах». [Сахьихь Муслим: 865].
Ибн Iабдул-Барр (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «ХIара чIогIа кхерам бу-кх, хIунда аьлча, шен даг тIе мухар тоьхна, шен дог дІакъевлиначунна - дика дерг дика дуй а, вон дерг вон дуй а къаьстар дац». [Истизкáр, aгlo: 2/55].
Рузбан хьокъехь долу хӀума, иза деккъа божаршах бен доьзна доцуш, цаьрни бен хаьа ца дезаш дац шуна, хӀора а йоӀ, АллахӀан пурбанца нана хила езаш ю, ткъа нана ма ю шен кӀант рузбане хьажо езаш ерг, иза кеч вина ара ваккха везаш ерг!
Цундела цу хьокъехь долу хӀума хууш хила еза зуда а!
Repost from Ӏилманан Аманат
Сий долу Элча (соллалохӀу ӀалайхӀи ва саллам) хьан дуьхьа вилхина, хьан дуьхьа еттар лайна, хьан дуьхьа махках ваьккхина, хьан дуьхьа халонаш лайна, хьан дуьхьа тӀемаш дина, ткъа хьуна цуьнан суннат лело эхь хета, хьуна цуьнан суннат гучудаккха эхь хета, наха хьайга "ахь хӀун леладо" аларан кхоьруш ву хьо.
Эхь хета вайна маж лело, цо санна бедар лело, цунчух болар тарда, цо аьлларг ала, цуьнан къамел ларада, кериста нахана юккъехь и вийца, и хьесто, эхь хета вайна цо деш ма хиллара даӀват да, эхь хета вайна цо хьехош ма хиллара нахан юккъехь цо санна Дела хьехо, эхь хета вайна нахан цун суннатан тӀехьадаза ала, эхь хета вайна сий долу Элчан (соллалохӀу ӀалайхӀи ва саллам) суннатах.
Хьан дуьхьа хӀай сан ваша!
Хьан дуьхьа хӀай сан йиша!
Дукха халонаш лайна цо!
Шайх Хамис аз-ЗахӀраний
