uk
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

Відкрити в Telegram

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

Показати більше
345
Підписники
Немає даних24 години
-37 днів
-230 днів
Архів дописів
ХӀара хьехам берриге хира бари теш цхьаьнгахь

sticker.webp0.00 KB

Ӏилма дӀахьехаран, нахана нийса дерг довзийтаран хуьлуш болу мела, доза доцуш боккха бу, барам боцуш дукха бу!

Уггаре мерза наб - дин Ӏамош, динах кхета гӀерташ хьой волучахь хьуна кхеттарг ю! Уггаре мерза стом - ахьа Ӏамийначух наха пайда эцар бу! Уггаре хаза масал - динна нийса лелорехь гатина масал ду! Уггаре мехала хазна - Ӏилмгахь сов валар ю! Уггаре сирла деган нур - шен долучу Ӏилмац Ӏамал йаран хуьлуш долу нур ду! ВаллахӀи, хӀо дуьненахь дан ма дац, Ӏилмал а мерза, сийлахь а хӀумма! ВаллахӀи, хӀо дуьненахь дан ма дац, Ӏилман тӀегӀерташ долу адмел а чӀогӀох АллахӀан дезаш адам! Ша Ӏамийначу Ӏилмац - Ӏамал яр тӀехь ду хӀоранна! АллахӀан хьо уггаре чӀогӀа герга вуьгург - Ӏилма ду! ТӀаккха муха хира бацара и Ӏилма дерш сийлахь? Ца хила йиш йоцург ду иза, Ӏилмо адман сий до, ларам бо, даз до, айба до, дерриге диканаш ло Ӏилмо адман! ВаллахӀи, хӀо дуьненахь дан ма дац, хьо ирсе веш цхьаллиг-цхьа хӀума, Ӏилма санна! Ӏилма Ӏибадат ду, уггаре чӀогӀа АллахӀан дезаш долу Ӏибадат ду, цундела оц Ӏилмац хьо декъал хуьлу, ирсе хуьлу!

sticker.webp0.00 KB

photo content

sticker.webp0.00 KB

sticker.webp0.00 KB

Йоза мел дешарах, ладугӀуш санна ца хуьлу, иштта пайда а ца хуьлу, цундела ладогӀа хӀокх дарсе!

14:30 МуӀаз ибн Джабалас дийциначух лаьцна... 27:50 ДжихӀадан цхьа дакъа...

ХӀо хьостан шен низам ду, хилларш лелларш дийца дина дац хӀара, амма, хӀо цхьана хӀуман тӀехь вай и низам дукхаза дохийна, кху тайпа йоза чу диллар шен Ӏалашо йолуш ду, доттагӀчун дехар а ду, цундела доӀ дарехь писа ца лелаш доттагӀчун доӀ де)

sticker.webp0.00 KB

photo content

sticker.webp0.00 KB

photo content

sticker.webp0.00 KB

photo content

sticker.webp0.00 KB

Зиннира хьужаре ялаз хан йаьлча, - Зиннира хӀунда ца ялийна? Аьлла шайга хаттар делча, доцца чеккха даьккхира цо иза - суна ца лаьъ и яло. )) Ткъеитт шо долучун ца хуьлу йолу ойланаш а, эмгаралла а йолуш Къонах ву Фарукъ!