ي
Відкрити в Telegram
Хьоьга хьам аьлла, йалсмане боьду некъ зезагшах бина бу?! ي
Показати більше189
Підписники
Немає даних24 години
-27 днів
-530 днів
Архів дописів
189
Хьай бIаьрса ларде, хIай АллахIан лай!
АллахIо нуьре йийра ю хьан йоьхь, Шен лайшан юккъехь сийлахь а вийра ву хьо!..
189
Боккъалла а, Аллахl а, Цуьнан маликаш а салаваташ дохкуш ду
Пайхамарна. Хlай [Делах] тешнарш!Салаваташ дахка цунна, маршо а йеха [цунна].
33:56
189
Оцу дийнахь адамна дагадогIур ду ша мел лелийнарш,
ЦIенна схьагуш хир ю жоьжагIати а, ша ган йоьгIначарна.
[Магийначуьнан дозанаш] талхийначунна,
Дуьненан дахар гIоли а хеттачунна,
Боккъалаъ, жоьжагIати хир ю цуьнан воьрзу меттиг.
Ва амма, шен Далла хьалха хIотта везарах кхера а кхоьруш, шен синан лаамаш эшийначунна
[79 - Сурат, 30-40 аяташ]
189
«Ахь д1а ала (х1ай Мухьаммад) – баккъалла а, шу шех уьдаш долу валар шуга кхочур ма ду, цул т1аьхьа гуш дерг а, къайлахь дерг а Хуушволчуьнга дерзор ду шу, т1аккха шуга аш мел лелийнарг д1адуьйцар а ду.»
суратуль-Джуму1а 8-г1а аят…
189
Оха хIара Къуръан доссийна хиллехьара ламане, хьуна гур ма бара иза дlатийна, баьдда Делах кхерабаларна. хIара масалш Оха дáладо нахана, цара ойла яхьара аьлла.
(сурат аль-хьашр, аят 21)
189
lуьйра-ламазе хьалагlовтта мало еш, наб еш lачеран хlун дог-ойла хуьлу те, керста нах, сахилале хьала а гlуьттуш, шайн жlаьлеш дуьйладалийта хlора денна арабовлий хиъча..
189
في ظلمة الليل حينما لا يراك أحد غيره أسجد له وا رتقب, تكلم معه قل له كل ما يحزنك و كل ما يؤلمك، إن تحليل مشاكلك بيده
Боданечу буьйсанна, хьо, Аллахl воцчунна, цхьанне а ца гучу хенахь,
Цунна хьалха вахьатаlалахь, дийцалахь цуьнга, айхьа сагаттош дерг, хьайн дагна чов еш дерг.
Оцу массо а хlуманна дарба дан ницкъ берг Аллахl бен вац хьуна.
Ткъа ахьа боха-кх, хьайна Аллахl веза. Ткъа адамо ца буьйца шен баланаш шена везачуьнга?
189
ирсе волу Аллах1ан лай – шега цхьа ни1мата деача Аллах1ан хастам беш, Цунна баркалле хуьлу иза.
шега цхьа бала беача Аллах1ан доьхьа собаре хуьлу иза.
ша цхьа къа дича Аллах1ега гечдара доьху цуо…
189
Аллахlа хьо дакъаза ваьккхина ма вац, хьо ирсевархьами бен..
Цо хьоьгара цхьа а хlума схьааьцна ма дац, хьуна далархьами бен..
Цо хьо велхина а ма вац, хьо велийтархьами бен..
Цо хьо цхьана а хlуманах вухатоьхна ма вац, хьуна кхин а дика дерг далархьами бен..
Цо хьо зийна а ма вац, Шена хьо дукхавезар бахьана долуш бен..
189
Блогерех Ӏеламнах хилла?
«Тахана наха Пайхамарна (ﷺ) тӀаьхьавозуш, цуьнгара Ӏилма схьаэцна верг Ӏеламстаг ца лору.
Тахана динехь Ӏеламстаг (шайх) «хилла» цхьа ойланчаш, йаздархой, поэташ, журналисташ, хьехамчаш, экономисташ, блогерш, тӀаьхьарчу хенахь, спортсменаш цхьана дин дийца буьйлабелла, церан дешнаш Ӏеламчу нехан дешнашна дуьхьал хӀиттош а ду!»
Шайх Солихь аль-Ӏусоймий (АллахӀа Ӏалашвойла и)
189
Шейхуль-Ислама аьлла:
«Бакъахьара лоруш йолу хӀусамнана — иза, шен хӀусамдена даим а муьтӀахь йерг йу».
«МаджмуӀуль-фатава» 32/275
189
Хьан дагчохь сингаттамаш совбийлар, иза билгало ю хьуна, хьан дог Къуръане хьашт хилар. Къуръан алсам мел доьшу, даго садоlу, синтеме а хуьлу.
189
Дела хьехорий, дегlан лаамий цхьаьна цатарлуш ши хlума ду. Ткъа матто Дела мел хьехаво а, дагчуьра дегlан лаам дlа къаьхка.
189
Пайхамара, АллахIера салават а, салам а хуьйла цунна, аьлла: «Шух уггар диканиг шайн охIлунца (зудчуьнца-доьзалца) уггар дика хилларг ву. Ткъа со шуна массарна юкъахь шен охIлунца уггар дика верг ву».
Тирмизий.
189
Хьалха, воша рузбана дийнахь маьждиге ц веъча и дlа кхелхина моьттуш хилла.
Тахан рузбана де ду шуна, вежарий...
189
Аллахاера къинхетам а, маршо а хуьлда хьуна, хlай нахалахь уггаре а тоьлла верг..
اللهم صل وسلم على نبينا محمد
