ي
Відкрити в Telegram
Хьоьга хьам аьлла, йалсмане боьду некъ зезагшах бина бу?! ي
Показати більше189
Підписники
Немає даних24 години
-27 днів
-530 днів
Архів дописів
189
Пайхамара (ﷺ) боху:
«Дуьне lаддадита ахь - Аллахlана везар ву хьо. Нахехь дерг lаддадита ахь - нахана везар ву хьо.»
Ибрахlим бин Адхlама (Аллахlа къинхетам бойла цуьнах) боху:
«Фарз долу lаддадитар - иза хьарам дерг дитар ду.
Маьрша вуьтун долу lаддадитар - иза шеконехь дерг дитар ду.
Сийлахьа долу lаддадитар - иза хьанал дерг дитар ду.»
189
Цlа ван Да велира бохуш хьо сатийса волавелча.
Дас шен бера хьостуш гича дог lийжа дола делча.
Де каш тlе хlоьттина къамелаш дарх, дуьхьала цхьаа виста ца хуьлуш тийнало бlарза ван волийча.
Хьайн да лаьлла урамаш кхин и вогlур воцуш даьсса хета доьлча.
И ваьхна хlусамехь йолу серло боданах тарйелча..
Тlаккха хуур ду хьуна ден марзо маьл оьша. Цуьнга болу сатийсам маьлла бу.
189
Йалсаманехь син паргIато, могушалла хира ю, цIена ойла, синтем, валар дац цучохь, къастар дац, кхерар дац, бIаьрхиш дац, гIайгIа яц, бала бац, зер дац, хало яц, къинхьегам бац. Даиманна а хир долу ниӀматех дуьззина дахар ду-кх..
Амма воккхавевар ду цучохь.
Даиман хин долу ирсе дахар ду цучохь..
Ибн Къаййима (رحمه الله) аьлла: «Кӏеззиг заманчохь бен лаьтташ йоцу марзон дуьхьа, йалсамане йоьхкинаг хьекъал долуш мух хуьлу..!?»
189
Имам ал-Хьасан ал-Басрийс, Аллахlа къинхетам бойла цунах, аьлла:
«Аллахlан Шен лайшех уггара дукхавезаш верг, Аллахl дукха хьехош верг а, Аллахlах чlогlа кхоьруш долу дог шегахь дерг а ву».
189
وَٱلَّذِينَ ءَامَنُواْ وَعَمِلُواْ ٱلصَّـٰلِحَـٰتِ لَا نُكَلِّفُ نَفْسًا إِلَّا وُسْعَهَآ أُوْلَـٰٓئِكَ أَصْحَـٰبُ ٱلْجَنَّةِۖ هُمْ فِيهَا خَـٰلِدُونَ
Ийман диллинарш а‚ диканаш динарш а‚ – синна тIе ца дуьллу Оха цунна ницкъ кхочург бен‚ – уьш ялсаманийн дай бу‚ уьш цу чохь гуттар лаьттар бу.
Къуръан 7:42
189
Repost from 𝐥𝐛𝐧-𝐬𝐡𝐢𝐬𝐡𝐚𝐧.
Зуда йало хьайна лиъча,зударий ма лехалахь,мелхо а къонахий лахалахь,къонахойн хIусмашкахь карор бу хьуна (бало мегар долу)зударий.
189
Хууш дара тхуна дуккха а, даиманна а «АстагӀфируЛлахӀ» бахаро кӀелхьара воккхий, хӀетте а хууш долчуьнца Ӏамал еш дацар тхо…
189
Цкъа а эшам ца хуьлу кхо мах!
Къуръан дешар — Лáмаз дар — СáгIа далар.
Веза-Сийлахьчу АллáхIа аьлла: «Баккъалла а, АллáхIан Жайна доьшуш берш а‚ лáмаз деш берш а‚ Оха шайна деллачу рицкъанах къайлах а‚ гучахь а сáгIа луш берш а сатуьйсуш бу, цкъа а хIаллак хир дóцучу йохк-эцаре (Ялсамане)».
Сурат «ФатIир», 29 аят.
189
Дела Элчано (соллаЛлох1у 1алайх1и ва саллам) не1алт аьлла :
Наращивание йойтш болу зударшана
Наращивание еш болу зударшана
Татуирок йойтш болу зударшана
Татуировк еш болу зударшана.
Хьадис дийцан Бухарис/Муслима.
189
Дела аьлчан хьадис ду:
Дала не1алт аьлла:
Татуирок еш болу зударшана
Татуировк йойтш болу зударшана
Ц1оцкъмаш д1а дохуш болу зударшана
Ц1оцкъмаш д1а дохитш болу зударшана
Хьадис дицан: Бухарис/Муслима.
189
АллахIан Элчано (ﷺ) аьллакх:
ХIара дуьне цхьана кIеззигчу ханна марзо ю, ткъа хIокху дуьнен чохь уггаре а гIолехь долу ниIмат - иза АллахIах кхоьруш йолу дика хIусам нана йу.
189
Имам Ибнул-Къаййим ал-Жавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:
«Къа жима дара алий паргIат ма валалахь, цунах ца вешаш ма хилалахь. ЗаьIпачу, гIор доцучу бецах онда муш бо хьуна, тIаккха цуьнца ерстина эмкал садукъадой охьатуху хьуна».
189
وَقَالَ الرَّسُولُ يَا رَبِّ إِنَّ قَوْمِي اتَّخَذُوا هَٰذَا الْقُرْآنَ مَهْجُورًا
Элчано [Мухьаммад-пайхамара] элира: «ХIай, сан Дела! ХIара Къуръан дIатеси-кх сан къомо».
(Фуркъан, аят: 30)
