cookie

Ми використовуємо файли cookie для покращення вашого досвіду перегляду. Натиснувши «Прийняти все», ви погоджуєтеся на використання файлів cookie.

avatar

хайре амал

хьан хайре амал ю хьуна кхиъначу зезагах йогlуш.

Більше
Рекламні дописи
537
Підписники
Немає даних24 години
-217 днів
-1330 днів

Триває завантаження даних...

Приріст підписників

Триває завантаження даних...

00:08
Відео недоступне
Со юьстах лаьттар ву, Хье ван ца оьшу. Дlа кхайкха, дlа веха пурба ца ло. Со вита тийналло ирсе веш гича, цхьалхалла езаш са дlа гlерташ хилча.
Показати все...
IMG_7442.MP42.04 MB
Вайн доттагlчо дуьйцу, оцу кхаъа записан хьокъехь: «Сан дахар дикачу агlора хийцийна хьехар ду иза. Муьлхха а харжам бан безачу, сан дахарера хьелашна са ца гаттадо аса, хlунда аьлча, истихаратан дозалла суна доьвзина, оцу кхаъа хьехаме ладогlарца. Цуьнан дозалла сайна довзале хьалха, сайн доттагlашца дагаволура со, амма хlинца истихарат ламаз дарца, Аллахlаца дагаволу со. Ма хаза хиллера-кх Аллахlаца дагавалар. Истихар ламаз а ца деш, айса цхьана хlуманна тlехь харжам бича сан дог синтеме ца хуьлу. Хlунда аьлча, Аллахlа (Сийлахь-Веза ву Иза) ма аьлла: «Шуна ца деза тарло цхьа хIума, и шуна дика а долуш. Шуна деза тарло цхьа хIума, и шуна вон а долуш. И Дела хууш ву‚ шу хууш дац.» (2:216) Доцца аьлча, мачийн чимчаркхаш харжар тlехь сацам бан безаш хилча а, истихар ламаз дарца бен сацам ца бо аса. Дуккха а диканах ваьлла и хьехар дlатеснарг, инзаре дукха диканаш карор а ду цуьнга ладоьгlначунна. Мало ма йойла аша! Кханенга дlа а ма тоьттийла цаьрга ладогlар, царах пайда эцар!»
Показати все...
  • Файл недоступний
  • Файл недоступний
  • Файл недоступний
Истихарат ламаз 2-гlа дакъа .m4a36.39 MB
Истихарат ламаз 1-гla дакъа.m4a31.17 MB
Истихарат ламаз 3-гlа дакъа.m4a36.39 MB
00:28
Відео недоступне
Баккъалла а, бlарзлуш дерш бlаьргаш дац, бlарзлуш дерш накхошкахь долу дегнаш ду.
Показати все...
IMG_7322.MP41.39 MB
00:28
Відео недоступне
Боккъалла а, бlарзлуш дерш бlаьргаш дац, бlарзлуш дерш накхошкахь долу дегнаш ду.
Показати все...
IMG_7322.MP41.39 MB
Бlаьрса лардар - Ялсамане вуьгуш бахьан ду. Элчано боху, lалайхlиссолату вассалам: «Йалх хlума лардар тlелаца, ас шуна Ялсамане хилар тlелоцу шуна. Хабар дуьйцуш пуьтуш ма ботта, шена цхьа хlума тешаман делча йамартло ма йе, ша чlагlо йича-йоха ма йе, шай бlаьрсинош ларде, шай куьйгаш ларде, шай бехке меттигаш ларйе.» Пайхамар, lалайхlиссолату вассалам, хьадж деш волуш цуьнцани аьмкал тlехь тlехьа хиин Фадль ибн lаббас хилла. Пайхамаре хаттар да цхьа йоl тlе йеана, оца йоlа хаттар дечухена Фадль ибн lаббас оцу йоlе лерина хьоьжуш хилла, хаза хилла бах и йоl. Пайхмара, lалайхlиссолату вассалам, тlаккха и хьоьжуш гича вортал тlийри лаьцна куьйгаца корта схьаберзийна цуьнан. Ахь и х|унда дира аьлла шега цхьаммо хаьттича  "суна жим йоl, жима кlант гира вовше хьоьжуш, цаьршинна фитан хиларна кхеравелла дира аса иза" аьлла Пайхамара, lалайхlиссолату вассалам. Элчан, lалайхlиссолату вассалам, сахьабийчо Джабир ибн lабдиллахlс, Аллахl реза хуьлда цунна, ца хууш зудберан тlе бlаьрг хоьттича хlу дан деза ша аьлла хаьттича "хьайн бlаьрса дlахьажделахь" аьлла омра дина Пайхмара, lалайхlиссолату вассалам. Ца хууш хьайн йоl гар нисделлехь сихонца вахьа хьажлахь, йа и йолчар дlа хьажлахь, нагахь хьо цуьнга хьоьжуш тlаьхь бlаьрг латта бахь, йа шозлагlа цуьнга хьажахь, хьуна къа йаздеш ду. Иштта Пайхамара, lалайхlиссолату вассалам, аьлла lалийга, Аллахl реза хуьлда цунна: «Хlай lалий! Хьай зудбере д|а хьажар нисделлехь, шозлагlа цунга дlа ма хьажлахь, доьххьарлернаг хьуна къа йаздеш дац, ткъа шолагlнаг хьуна къа йаздеш ду хьуна!». Цхьанхьа йоl йуй ца хууш цу агlора дlахьажар нисделла цу зудберан тlе бlаьрг хоьтнехь цунга хьоьжуш lа ца мега, йа шозлагl дlахьажа ца мега. Доьххьар тlе бlаьрг хоттар гечдеш ду, шозлагlнаг къа йаздеш ду. Зудчунга дlахьажар жима къа ду, йа доккха къа ду? "Зудчунга хьажар" олчхена башхалла яц мухха хьожуш и валахьа: арахь хьожийла и, телефон т|аьхь хьожийла, компьютер т|ехь, йа арахь дlа тоьхна картинки тlехь... мухха кепнара хийра, шена махьрам йоцу, шена йало мегаш йолу зудчунга, йа йоlега хьажар доккха къа ду йа жим къа ду? Зудчунга хьажар в основе жима къа ду, амма и къа доккха хуьлуш ду и дай хетарца, цкъа бе хьожуш вацахьа, и дай хеташ волчунна хьокъехь доккха къа ду и. Иштта дукха летадарца доккха хуьлуш ду. Дукха летор цхьаболчу |еламнаха кхузза хьажар ду аьлла. Цхьаболу lеламнаха «Делахьа ма къа хеташ вац-кх и ша латош дерг, ма дай хеташ ву и, ма атта латадо цо и къа» аьлла хетачу кепара цо и летрш далахь, и доккха хуьлуш ду аьлла. Цу тlе доьгlча: инстаграмм хуьлийла и, йа ютуб чохь, муьлхха интернет г|ирсаш чохь, йа арахь цхьаьнга, шинга, кхаьанга, йа цхьан йоlега кхузза хьожий стаг, уже доккха къа ду иза, тоба дичи бен гечдийр доцуш, цо дина долу ламазшций, кхаьбна марханашций, цо даьхна сагlанашций гечдийр доцуш къаьсттина оцу къанах тоба дина, и къа lад ца дитахь, Къемат дийнахь барт хоттур болуш къа хуьлу цунах. Аллахlа боху Къуръан чохь: «Шуна дай хета и, амма Аллахlана гергахь доккха ду иза». Аллахlана и цадезар, Аллахlа цунна лур долу lазап доккха ду. Вайна муьлхха къа вай схьа лаьцча жима хетахь а, Аллахlана гергахь доккха ду и, Цунна цадезаргахь, Аллахl оьгlаз вахийтаргахь, Аллахl lазап даларгахьа. Пайхмара, lалайхlиссолату вассалам, аьлла-кх цхьана шина кошан тlехволуш: «Оцу шинне Аллахlа lазап луш ду, амма цаьршинна гергахь цаьршиммо динарг доккха къа дацар» аьлла. Хьуна ахь дешдерг доккха къа ца хетахь а, каш чохь дуьйна lазап луш къа хила йиш йу и. Цаьршинах цхьаъ кхоччуш цlано йеш вацар аьлла Пайхамара, шолагlнаг мотт-элдит лелош вара аьлла. Цхьаволчо ша тlех мел йолуш йол йоlе хьежарна далош долу бахьан: «Со зуда лоьхуш ву, зуда йало нийат долуш хьоьжуш ву со» бохуш, цхьаъа йалонза верг хуьлийла и, йа йала йина шолаг|а лоьхуш ву со бохуш верг хуьлийла и - иза сонта бахьан ду! Цхьана lеламстага оцу нийатцани дlасхьежа магош дац. Нагахь санна хьайна цхьанна хьенехера йоl аьл йоьвзинехь, и хьайна реза хир йу аьлла хеташ валахь, цунга хьажа мегаш ду хьуна, амма арахь хьо зуда йалоза валахьа, йа шолагlа йало нийат долуш валахьа, дlасхьежа магош дац цхьана lеламстага. Муса/Ялсамане
Показати все...
Бlаьрса лардар - Ялсамане вуьгуш бахьан ду. Элчано боху, lалайхlиссолату вассалам: «Йалх хlума лардар тlелаца, ас шуна Ялсамане хилар тlелоцу шуна. Хабар дуьйцуш пуьтуш ма ботта, шена цхьа хlума тешаман делча йамартло ма йе, ша чlагlо йича-йоха ма йе, шай бlаьрсинош ларде, шай куьйгаш ларде, шай бехке меттигаш ларйе.» Пайхамар, lалайхlиссолату вассалам, хьадж деш волуш цуьнцани аьмкал тlехь тlехьа хиин Фадль ибн lаббас хилла. Пайхамаре хаттар да цхьа йоl тlе йеана, оца йоlа хаттар дечухена Фадль ибн lаббас оцу йоlе лерина хьоьжуш хилла, хаза хилла бах и йоl. Пайхмара, lалайхlиссолату вассалам, тlаккха и хьоьжуш гича вортал тlийри лаьцна куьйгаца корта схьаберзийна цуьнан. Ахь и х|унда дира аьлла шега цхьаммо хаьттича  "суна жим йоl, жима кlант гира вовше хьоьжуш, цаьршинна фитан хиларна кхеравелла дира аса иза" аьлла Пайхамара, lалайхlиссолату вассалам. Элчан, lалайхlиссолату вассалам, сахьабийчо Джабир ибн lабдиллахlс, Аллахl реза хуьлда цунна, ца хууш зудберан тlе бlаьрг хоьттича хlу дан деза ша аьлла хаьттича "хьайн бlаьрса дlахьажделахь" аьлла омра дина Пайхмара, lалайхlиссолату вассалам. Ца хууш хьайн йоl гар нисделлехь сихонца вахьа хьажлахь, йа и йолчар дlа хьажлахь, нагахь хьо цуьнга хьоьжуш тlаьхь бlаьрг латта бахь, йа шозлагlа цуьнга хьажахь, хьуна къа йаздеш ду. Иштта Пайхамара, lалайхlиссолату вассалам, аьлла lалийга, Аллахl реза хуьлда цунна: «Хlай lалий! Хьай зудбере д|а хьажар нисделлехь, шозлагlа цунга дlа ма хьажлахь, доьххьарлернаг хьуна къа йаздеш дац, ткъа шолагlнаг хьуна къа йаздеш ду хьуна!». Цхьанхьа йоl йуй ца хууш цу агlора дlахьажар нисделла цу зудберан тlе бlаьрг хоьтнехь цунга хьоьжуш lа ца мега, йа шозлагl дlахьажа ца мега. Доьххьар тlе бlаьрг хоттар гечдеш ду, шозлагlнаг къа йаздеш ду. Зудчунга дlахьажар жима къа ду, йа доккха къа ду? "Зудчунга хьажар" олчхена башхалла яц мухха хьожуш и валахьа: арахь хьожийла и, телефон т|аьхь хьожийла, компьютер т|ехь, йа арахь дlа тоьхна картинки тlехь... мухха кепнара хийра, шена махьрам йоцу, шена йало мегаш йолу зудчунга, йа йоlега хьажар доккха къа ду йа жим къа ду? Зудчунга хьажар в основе жима къа ду, амма и къа доккха хуьлуш ду и дай хетарца, цкъа бе хьожуш вацахьа, и дай хеташ волчунна хьокъехь доккха къа ду и. Иштта дукха летадарца доккха хуьлуш ду. Дукха летор цхьаболчу |еламнаха кхузза хьажар ду аьлла. Цхьаболу lеламнаха «Делахьа ма къа хеташ вац-кх и ша латош дерг, ма дай хеташ ву и, ма атта латадо цо и къа» аьлла хетачу кепара цо и летрш далахь, и доккха хуьлуш ду аьлла. Цу тlе доьгlча: инстаграмм хуьлийла и, йа ютуб чохь, муьлхха интернет г|ирсаш чохь, йа арахь цхьаьнга, шинга, кхаьанга, йа цхьан йоlега кхузза хьожий стаг, уже доккха къа ду иза, тоба дичи бен гечдийр доцуш, цо дина долу ламазшций, кхаьбна марханашций, цо даьхна сагlанашций гечдийр доцуш къаьсттина оцу къанах тоба дина, и къа lад ца дитахь, Къемат дийнахь барт хоттур болуш къа хуьлу цунах. Аллахlа боху Къуръан чохь: «Шуна дай хета и, амма Аллахlана гергахь доккха ду иза». Аллахlана и цадезар, Аллахlа цунна лур долу lазап доккха ду. Вайна муьлхха къа вай схьа лаьцча жима хетахь а, Аллахlана гергахь доккха ду и, Цунна цадезаргахь, Аллахl оьгlаз вахийтаргахь, Аллахl lазап даларгахьа. Пайхмара, lалайхlиссолату вассалам, аьлла-кх цхьана шина кошан тlехволуш: «Оцу шинне Аллахlа lазап луш ду, амма цаьршинна гергахь цаьршиммо динарг доккха къа дацар» аьлла. Хьуна ахь дешдерг доккха къа ца хетахь а, каш чохь дуьйна lазап луш къа хила йиш йу и. Цаьршинах цхьаъ кхоччуш цlано йеш вацар аьлла Пайхамара, шолагlнаг мотт-элдит лелош вара аьлла. Цхьаволчо ша тlех мел йолуш йол йоlе хьежарна далош долу бахьан: «Со зуда лоьхуш ву, зуда йало нийат долуш хьоьжуш ву со» бохуш, цхьаъа йалонза верг хуьлийла и, йа йала йина шолаг|а лоьхуш ву со бохуш верг хуьлийла и - иза сонта бахьан ду! Цхьана lеламстага оцу нийатцани дlасхьежа магош дац. Нагахь санна хьайна цхьанна хьенехера йоl аьл йоьвзинехь, и хьайна реза хир йу аьлла хеташ валахь, цунга хьажа мегаш ду хьуна, амма арахь хьо зуда йалоза валахьа; йа шолагlа йало нийат долуш валахьа, дlасхьежа магош дац цхьана lеламстага. Муса/Ялсамане
Показати все...
Имам Аль Бухарий - Истихарат.m4a3.16 MB
Аллахlаца йолу хьайн юкъаметтиг хаза хилийтарехь ма-хуьлу къахьега ахьа, хьан кхидолу дерриге гlуллакхаш Аллахlа Ша хаза нисдеш карора ду хьуна. Уггаре а айхьа сагатдеш дерг Иза резавар, Цуьнца йолу хаза юкъаметтиг ларъяр хилийта ахьа, кхидерг, ахьа сагаттадан а ца оьшуш, хьан чlогlа дог а хьостуш Цо Ша нисдеш гур ду хьуна. Йа Аллахl, ма хаза ду-кх Хьан лай хилар, хастам бу-кх Хьуна!
Показати все...
Аллахlаца йолу хьайн юкъаметтиг хаза хилийтарехь ма-хуьлу къахьега ахьа, хьан кхидолу дерриге гlуллакхаш Аллахlа Ша хаза нисдеш карора ду хьуна. Уггаре а айхьа сагатдеш дерг Иза резавар, Цуьнца йолу хаза юкъаметтиг ларъяр хилийта ахьа, кхидерг, ахьа сагаттадан а ца оьшуш, хьан чlогlа дог а хьостуш Цо Ша нисдеш гур ду хьуна.
Показати все...
Оберіть інший тариф

На вашому тарифі доступна аналітика тільки для 5 каналів. Щоб отримати більше — оберіть інший тариф.