ru
Feedback
Iилманан некъ

Iилманан некъ

Открыть в Telegram

Iилма цхьана хенахь къонахийн кийранашкахь дара, дIайаздеш а дацара иза, дагахь Iамош дара, цул тIаьхьа и Iилма тептарш тIе охьадилла долийра, делахь а цу тептарийн догIанаш оцу къонхойн кийранашкахь дисира. Къонахий бохучух лууш берш - Умматан Iеламнах.

Больше
544
Подписчики
Нет данных24 часа
Нет данных7 дней
Нет данных30 день
Архив постов
2-гIа хьадис (2-гIа дакъа).mp366.85 MB

2-гIа хьадис (1-ра дакъа).mp347.26 MB

1-ра хьадис (2-гIа дакъа).mp359.61 MB

1-ра хьадис (1-ра дакъа) .mp351.39 MB

Дешхьалхе (2-гIа дакъа).mp350.30 MB

ХIокху видеона лайк йуьллуш а, комментари йазйеш а, тӀехьажорг (ссылка) дIасайаржош а аша дакъалаьцча, алссам нахана пайдехьа бера бара вай болош болу хIара беркате болх, Дела пурбанца. Цундела жимма само йеш хилалаш, лераме йижарий, вежарий! Делера йоккха йал хир йу шуна, Дала мукъ лахь. Дала диканца бекхам бойла массарна а.

Дешхьалхе (Ӏ-ра дакъа).mp346.06 MB

Hadeeth10597-الاحتفال-بأحكام-وآداب-الأطفال-وهو-كتاب-الأربعين-في-الأطفال--عبد-الله-بن-عبد-العزيز-العقيل.pdf

Ассаламу Ӏалайкум варахьматуллахӀи ва баракатухӀ! Вай, хьоста схьадоьллуш билгала ма-дарра, жайнаш доьшуш болх дӀахьура бу эл
Ассаламу Ӏалайкум варахьматуллахӀи ва баракатухӀ! Вай, хьоста схьадоьллуш билгала ма-дарра, жайнаш доьшуш болх дӀахьура бу элира. Дуьххьара вай деша лерина жайнин цӀе «Берийн ахькамаш а, гӀиллакхаш а (40 хьадис)» йу, ткъа, йаздинарг Ӏадил Али Хьамдан ву. Жайна доьшуш верг: Юсуф.   АллахӀа хӀара болх пайде а, беркате а баре догдоху вай. https://t.me/jaynash_deshar

Ала [хIай Мухьаммад]: «Цхьатера бу, ткъа, хуурш а, цахуурш а?». Боккъалла а, хьехам дIа ца лоцу хьекъал долучара бен. Сурат: «Аз-зумар», айат: 9. https://t.me/jaynash_deshar

Ӏилманан некъ - Ӏеламнахера Ӏилма схьаэцар бу. Ӏилма -  Ӏеламнехан когаш кӀелхьара схьаэца дезаш ду. Ӏилма -  лаха дезаш ду, хьо тӀехьа волуш, хьан бала кхочуш, хьо дӀавоьдуш схьаэца дезаш ду. Хьуна кетIа схьадан дезаш дац иза. Хьо ву цунна кетIа дӀаваха везаш верг. https://t.me/jaynash_deshar

Ассаламу Ӏалайкум варахьматуллахӀи ва баракатухӀ! Марша догӀийла шу кху «Ӏилманан некъ» цӀе йолчу хьостане, АллахӀа гӀо дойла вайна пайде Ӏилма Ӏаморехь. АллахӀа массарна а беркате дойла хӀара хьоста. Вайн, Дала мукъ лахь, кху чохь жайнеш доьшуш болх дӀабахьа ниййат ду. Ткъа аша, лараме тӀедаздалархой, кхечарна а довзийта хӀара хьоста, йал хиларе шайна дог а дохуш. АллахӀ реза хуьлийла массарна а! https://t.me/jaynash_deshar