Ӏилманан Аманат
Открыть в Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Больше345
Подписчики
Нет данных24 часа
-37 дней
-230 дней
Архив постов
Repost from Серлонан тоба
«Боккъалла а, АллахI а, Цуьнан маликаш а салаваташ дохкуш ду пайхамарна. ХIай [Делах] тешнарш! Салават дилла цунна, маршо а еха [цуьнга]».
[Сурат «ал-Ахьзаб» - 56 аят]
«ХӀай, ийман диллинарш! ПӀераскан дийнахь (рузбанан) ламазна кхайкхича, АллахӀ хьехорна тӀедерза, махлелор а сацаде! и гӀолех хир ду шуна, нагахь шун хаахь».
[Сурат «ал-ЖумуӀа» - 9 аят]
Repost from Рамзан Гендаргно
Аллахӏан Элчано (саллаллахIу ӏалайхӏи ва саллам) аьлла: «Суна цхьа салават диллинчунна Дала итт салават дуьллур ду, цунна тӏера итт гӏалат а дӏадоккхур ду, итт даржехь иза сов а воккхур ву».
[Сахьихь ал-Жамиӏ: 6359]
https://t.me/Ramzan_Gendargno
Repost from Ӏилманан Аманат
اللّهُـمَّ صَلِّ عَلـى مُحمَّـد، وَعَلـى آلِ مُحمَّد
Аллаh'умма салли 'аля Мухаммадин ва 'аля али Мухаммад
Уггаре чӀогӀа адмо, йаӀне бусулба стага лардан дезарг - дог ду шуна!
Деган чов чӀогӀох хуьлу дегӀар тӀира чоьвнел, иза лазар а чӀогӀох хуьлу, цуна дарба - тоба дар, АллахӀе верзар ду.
Ткъа деган чоьвнах уггаре халаниг - къинойн тӀаьхье ю, къа латоран даг тӀе бужуш болу тӀулг бу, цундела хӀора а бусулба стага уггаре хьалха, шен дог ду лардан дезаш!
АллахӀан хьасталуш ала ахь: ХӀай Хьан диканаш къайлаха дерг, тхо ларлуш, тхо кхоьруш долучу белхех тхо хьалха даха Ахь!
Йа АллахӀ, хӀай массо къайла йоьвзуш, хууш верг, Хьай къинхетам бе Ахь тхоьх, Хьайн диканаш тхоьга кхача де Ахь, тхан дахарех гал даьлларг, тиш делларг, Ахь царца хаза дийра долуш, тхан дегнех тил делларг, Ахь царца нис дийра долуш, тхан синойх гома даьлларг, Ахь царца метта далора долуш, Хьай къайлаха, къинхетаме долучу диканеха, диканаш язде Ахь тхуна!
Даиманна доӀнашкахь волу къонах вукх и, АллахӀа массо лазарех, цамгарех дӀа цӀан войла иза, АллахӀа шен дарбан тӀе нис войла иза!
Хьуьжаре лела йиш йоцуш висан волу, воккха стаг санна холча хоьттина хира ву)
Repost from Ӏилманан Аманат
Йа АллахӀ, массо зеч-зуламах ларве Ахь со, иштта соьх зе-зулам хиларан массо а ларбе Ахь;
Йа АллахӀ, массо питнах ларве Ахь со, иштта соьх питан хиларан массо а ларве Ахь!
ТӀаьххьара цхьахӀума ала лаара, бот чохь шаьш язйиначун дуьхьал жоп ца делча, гӀиллакхех доьхна ма мотталаш, йа шайна дуьхьал доӀ ца до ма мотталаш, жоп делча зен хира долуш далахь жоп ца луш Ӏадда дуьту, амма и бохург дац, гӀо оьшуш хилча иза дийра дац, ду, вай ницкъа кхочучу барамехь гӀо дийра ду хьанна а, и да хьанал некъаш хилахь, иншаАллахӀ
Дог делош, бӀаьрг бузош хаза сурт дукх хӀара.
АллахӀа вайн цӀахь, вайн моьттина доцучу кепара иштта хаза сурт дӀахӀоттадойла.
ВаллахӀи, вай уггаре чӀогӀа хьашта дерг ма ду хӀара, ткъа кху юккъехь уггаре хазаниг хӀун ду аьлча, оц маьждигехь долу бераш дукх, и жовхӀарш дукх, и кънахий букх, и къонахий кхиор берш а букх!
АллахӀа сов бохийла вай къоман юккъехь АллахӀац бакълуш болу къонахий!
АллахӀа Шен ниӀматаш доттийла вайн тӀекхуьуш болу кегирхойн!
АллахӀа Шен беркат доттийла царна тӀе!
Вайн къоман юккъехь Ӏеламнах сов бохийла АллахӀа!
