ru
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

Открыть в Telegram

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

Больше
345
Подписчики
Нет данных24 часа
-37 дней
-230 дней
Архив постов
sticker.webp0.00 KB

Repost from N/a
Асхьабаш Делан Элчане (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) аьлла: «Тхан дегнашчохь хьо везар, хьуна тӀаьхьадазар, тхан синошех дӀаэделла ма ду, лах луш ма дац иза, тӀекъетар доцург»

Repost from N/a
Делан Элча (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) га лууш билхина ши бӀаьрг - эхартахь белора бу Дала, Элча (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) гина воцуш, цуна тӀаьхьабаьзна кху заманахь болу нах, эхартахь Элчан (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) уллехь хира болуш бу!

Хlай Анас, муха кхосса делира техьа шуьга, Аллахlан элчанна ﷺ тlе латта?!

sticker.webp0.00 KB

«Боккъалла а, АллахI а, Цуьнан маликаш а салаваташ дохкуш ду пайхамарна. ХIай [Делах] тешнарш! Салават дилла цунна, маршо а еха [цуьнга]». [Сурат «ал-Ахьзаб» - 56 аят] «ХӀай, ийман диллинарш! ПӀераскан дийнахь (рузбанан) ламазна кхайкхича, АллахӀ хьехорна тӀедерза, махлелор а сацаде! и гӀолех хир ду шуна, нагахь шун хаахь». [Сурат «ал-ЖумуӀа» - 9 аят]

Аллахӏан Элчано (саллаллахIу ӏалайхӏи ва саллам) аьлла: «Суна цхьа салават диллинчунна Дала итт салават дуьллур ду, цунна тӏера итт гӏалат а дӏадоккхур ду, итт даржехь иза сов а воккхур ву». [Сахьихь ал-Жамиӏ: 6359] https://t.me/Ramzan_Gendargno

اللّهُـمَّ صَلِّ عَلـى مُحمَّـد، وَعَلـى آلِ مُحمَّد Аллаh'умма салли 'аля Мухаммадин ва 'аля али Мухаммад

sticker.webp0.00 KB

Repost from sʜɪsʜᴀɴ
Амма бакъ ду, кху некъа тӀера дӀа ца довлуш синош дӀа-м лур ду, ИншаАллахӀ!

Массо хӀуми йуьхьиг ю, чаккхе ю, чаккхе герга ю...

sticker.webp0.00 KB

Repost from N/a
«Дагчура ара долург, дагчу доьду!» ХӀара дешнаш чӀогӀа нийса аьлла ду, чӀогӀа дохуш аьлла ду, ахьа деш долу хьехар, даггара, баккъалла пайда хилийта лууш, баккъалла а бакъо дӀакхачо лууш, нахана дика лууш, хьо велахь, баккъалла Делан дуьхьа хьо лелаш велахь, шеко яц хьуна, хьан къамелах пайда а, беркат а хира ду хьуна, хьо бахьан долуш нехан дегнаш а схьодостура ду хьуна АллахӀа Шен динан! Шеко яц хьуна, АллахӀан дуьхьа динарг, доьвра долуш дац хьуна, эрна хира долуш дац хьуна!

Repost from N/a
Ислам-динна хьайн 24 сахьтах цхьа минот мукъане а лохьа!

Repost from N/a
photo content

Repost from N/a
31-г1а декабрь, 1994 шо. Соьлжа-г1алан штурма ян йолийна де.

31-гӀа декабрь, 1994 шо. Соьлжа-гӀалин штурма йан йолийна де. «Оцу дийнахь (31-гӀа декабрехь, 1994-чу шарахь) а, буса а вуно дукха цIий Iанийра – нохчийн а, оьрсийн а цIий. Къаьсттина дукха салтий байъира оьрсашна юкъахь. Бомабанаш а, ракеташ а, яккхийн тоьпаш а йиттина, ерриг аьлча санна, йохийра гIала. Оьрсийчоьнан эскархой Керла шо даздан дагахь хиллера президентан цIенна чохь. Амма иза цаьрга ца дайтира, вуно буьрса дуьхьало йинчу нохчийн тIемалоша. Вайн наха дицдан ца деза Оьрсийчоьнан эскаро тIелатар дина вуно дукха адам дийна и де. Цо дагахь латто деза и де а, вайн къам дохийна Оьрсийчохь Эскархочуьнан де лору Чиллан-беттан 23-гIа де а… И денош Оьрсийчохь дезденош делахь а, суна цхьа а бахьана ца го вайн наха уьш даздан» - суртдиллархо а, политик а хиллаволчунна дешнаш. https://t.me/oramera_nohcho

Керла шо даздан мегаш дац аьлча, сан иштта ийман ма дац, олу, вай дакъаза ма вала хьо, яхь мукъане хила ца еза хьан? Хьайн къам хӀаллак диначу керста нехан де даз ца дан, мичахь ду эхь а?

Repost from sʜɪsʜᴀɴ
31.12 - бомбили Чечню 31.12 - бомбили Афганистан 31.12 - бомбили Сирию 31.12- будут бомбить Газу Что ты празднуешь? Смерть своих братьев и сестер?