Ӏилманан Аманат
Открыть в Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Больше345
Подписчики
Нет данных24 часа
-37 дней
-230 дней
Архив постов
Самдовла хӀай Исламан Къонахий, шуна тӀе дохуш даккхий белхаш ду шуна, сийлахь берш а, сийсаз бира болуш!
БӀаьрго, паргӀат, буьззина наб муха йира ю, массо наб кхеттарг сама воккхуш, хьоькхуш ирча маьхьри долуш?!
Бусулба нахана тӀе боьссина болу сингаттам, уьш оьгӀаз бохуьйтуш, уьш карзах бохуш, царга тур ойбуьч, гӀазотан байракх царга ойбуьч, сингаттам хила безаш бу!
Хила йиш яц хӀара сингаттам бусулба нах бохош, уьш юха бохуш, церан дог ойла вахьа таӀош хила!
Самдовла хӀай Исламан Къонахий, шуна тӀе дохуш даккхий белхаш ду шуна, сийлахь берш а, сийсаз бира болуш!
БӀаьрго, паргӀат буьззина наб муха йира ю, массо наб кхеттарг сама воккхуш, хьоькхуш ирча маьхьри долуш?!
Мадинатехь уггаре хазачу агӀо, уггаре безачу Ӏеламнехан карахула, Пайхамарех (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) дисина долу ирс ду доькъуш, хьо сиха лойлакх иза схьаэца!
Repost from Зератхо
Цхьаболу къонахий хуьлу, хьамма а хӏуа бахахь а, наха шайна мел чӏогӏа вас яхь а, шаьш хӏоттийна йолчу ӏалашонна тӏекхачарх юха ца бовлуш, шаьш болийна болу некъ дӏа ца хоьцуш. Иза чӏогӏа дика амал ю.
© Ахьмад
ӀИЛМА ДАРЖО ГӀОЬНЧИЙ ОЬШУ...
Ӏилма Ӏамош цхьа стаг дӀавахнехь, цу Ӏилма Ӏамочу юккъехь, цунга кхин долу хӀуманаш ца дало, и дерриге некъаш цхьани ца дахьло!
Ӏилма Ӏамочо, ша схьагулдина долу Ӏилма, ша Ӏамийна долу Ӏилма, иза нахана дӀакхачо дезаш ву иза, ша Ӏамийнарг нахана довзийта дезаш ву, ткъа цунга шега ца дало и, цунга шега ца кхехьало и дӀа!
Дин нахана дӀакхачо стаг вола ма веллехь, цуна мостагӀий хуьлу, и мостагӀий совцо нах беза,
Цуна кӀела ког таса гӀертарш хуьлу, уьш йуьстагӀ баха нах беза,
Цуна и Ӏилма дӀахьеха меттиг беза, и меттига баккха безаш хуьлу, и меттиг ахчанца кеччо безаш хуьлу, и меттиг нуьцкъалца дӀахотто безаш хуьлу, и массо хӀума, оц дерриге агӀора ахьа схьалаьцча а, юху тӀаккха нах беза цу хӀуман,
И Ӏилма дӀакхайкхо вола велча, и Ӏилма даржа да, дӀадахийта нах беза цу Ӏилман,
Ӏилма долчо цхьанхьа вахьа хиъна дийцарах ца тоьу, и цо дуьйцуриг дӀакхачош цхьаъ хила веза, нах беза цигахь, и нах ца хилча дӀа ца кхочу и массарга.
https://youtu.be/ZFlYQDl26gA?si=l4HHW25iJdcbkaAH
ДӀабаханачу салафша аьлла:
«Хьикмат - дин довзар ду, оц шайна доьвзиначу динца Ӏамал яр ду!»
«Стаг декъал хуьлуш ву - цо шен ийман цӀан дича, шайгахь долу Ӏилманца Ӏамал йича!»
«Стаг декъал хуьлуш ву - цо шен ийман цӀан дича, шайгахь долу Ӏилманца Ӏамал йича!
Шайх ал-Ажуррис далийна, дуьненахь а, эхартахь а Ӏеламнах беза хилар дуьйцуш хьадисаш а, салафашкар хаамаш а!
31:46 - امين يا الله...
©Шайх Фарукъ
«Ӏеламстаг везох ву, деккъа Далла Ӏибадат деш волучу стагел!»
Цу дешнашан тафсир деш Ӏеламнаха аьлла: Ӏеламстаг дерриге умматап пайде хуьлу, и шен нур цо массарна ло, ша санна хаза беррише бо, шен Ӏилма кхечарна дӀа даларац, кхиниг Ӏамварац;
Ткъа деккъа Далла Ӏибадат деш волу стаг, цо ша хаза во, цо шена дика до, цо шен нур декъа а ца доькъу!
Цундела ву Ӏеламстаг веза, бисиначу Далла Ӏибадат деш болучу нахал!
Ӏилмо - дика Ӏамалаш ярехь соввоккху хьо, ткъа хьан дика Ӏамалаш - хьо йалсаманехь даржехь соввоккху!
Хьай дерриге бераш, цхьа терра хьайна муьтӀахь хилийта лаахь - тӀаккха нийсо лелайе царна юккъехь!
Нагахь санна дас, шен берашна юккъехь нийсо ца лелайахь, и бахьанехь, цуна берашна юккъехь дӀадолура ду мостагӀалла а, цабезам а, хьагӀ а.
Иштта нисса бӀостанехьа аьлча, нагахь санна да, шен берашна юккъехь нийса лело гӀертар къахьоьгуш велахь, цунаха коьрта бахьан хира ду, царна вовший безар болу, цара вовший лорур болу.
Берашна юккъехь нийсо лело гӀертар, берашна харцо ярах а, зулам дарах а, бохам барах а ларвалар - уггаре коьртачу баххашах бух бу хьуна, и бераш кхиорехь пайда бохьуш долу.
Ткъа вуьшта аьлча, нагахь санна да-нана, шен берашна юккъехь нийсо лелош далахь, шай берашна бохам беш дацахь, зулам-харцо еш дацахь, иза коьртачу баххашах ду, уьш кхиочу хенахь пайда бохьура болу.
https://youtu.be/Rjt5ViFWDSs?si=w_-VZf7brVIhxk7R
