Ӏилманан Аманат
Открыть в Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Больше345
Подписчики
Нет данных24 часа
-37 дней
-230 дней
Архив постов
Repost from Ӏилманан Аманат
Тахана, пӏераскан денахь доӏан жоп ло хан чохь хила еза хӏаранне ша вуьсаш хан!
Оц ша висарехь, шай Делац къамеле вийларехь - дарба ду!
Уггаре а хьуна там бохьур долу къамел ду хьуна, ахьа хьай Делац деш долу къамел!
Repost from Рамзан Гендаргно
Аллахӏан Элчано (саллаллахIу ӏалайхӏи ва саллам) аьлла: «Суна цхьа салават диллинчунна Дала итт салават дуьллур ду, цунна тӏера итт гӏалат а дӏадоккхур ду, итт даржехь иза сов а воккхур ву».
[Сахьихь ал-Жамиӏ: 6359]
https://t.me/Ramzan_Gendargno
Repost from Ӏилманан Аманат
اللّهُـمَّ صَلِّ عَلـى مُحمَّـد، وَعَلـى آلِ مُحمَّد
Аллаh'умма салли 'аля Мухаммадин ва 'аля али Мухаммад
Салуьч кхиссича хазам хета, цхьа самукъа даьлча ма кхуьссу уьш, делахь а, оц сан ненан кхералуш долу дог, иза ла ца локх))
Тӏом баьл хан дага оьха цуна, хийла кхералой хьала оьккха иза.
Хьо хьан Дала ишттанехьа кхоьллина моьтта хьуна?
Мичахь ду, хьо хилар хоуьйтуш долу белхаш?
Repost from Ӏилманан Аманат
Маца хаало кхечарн, ахьа шайгахь лар йитний?
Маца хаало кхечарн, хьо шайна юккъехь воцуш вуй?
Маца хаало кхечарн, хьо дӀаваларац шайна эшам хиллий?
Йа дӀадоьдучу дахарехь, деккъа терахь хилла Ӏад Ӏа реза ву хьо?
Мичахь ду, хьо хилар хоуьйтуш долу белхаш?
Repost from N/a
📌Лераме бусалба вежарий а, йижарий а!
Хӏокху тобана чохь вай доьшур ду вайн маттахь а, иштта оьрсийн маттахь а пайде жайнаш а, жаргаш а.
Хӏора а дийнан низам: 3 агӏо ешар.
Ешначо билгало йийр ю. ✅
Шен керахь жайна долчо цу тӏера йоьшур ю, доцучунна пдф чухӏоттор ду, Дала мукъ лахь!
Вайн матте безам кхиош, иштта динах дерг а довзуьйтур долуш аьтто хир бу хӏара!
● Книгаш - ӏилманан хазнаш ю. Цара генара мехкаш, цу мехкийн адамаш, заманан бес-бесара хьелаш, хилла дерш довзуьйту, заманан кӏоргенашка вуьгу.
● Хӏора ешначу книго мелла а дийцина а хьуна хааза долчух керланиг дуьйцур ду.
● Дахар хийцаран некъ - хьо-хьуо хийцавалар ду. Хьо хийцаваларан некъах цхьаъ - ешар ду!
https://t.me/yesharho
Repost from sʜɪsʜᴀɴ
Хийла хӀара хьоста цкъа хӀара гӀуллакх чекхдаьккхина, хӀара дӀа а нисдина, тӀаккха лелор ду ас хӀара, цкъачунна Ӏаддадуьту ас хӀара олий, цу тӀе доьдуш, амма хӀоразза а, ас муха дуьту хӀара, харцонан дай бац мало еш, я къахьегарехь кӀадлуш, я хӀумма а гӀеллуш а, ас а хӀара дитахь, тӀаккха кхин а лахлур бу-кх нийсонан болх, кхин а гӀелдала мега-кх хьал, деш дерг кӀеззиг бен дацахь а, цхьа пайда хир бу-кх кхунах олий, кхидӀа дӀалелош нисделла сан.
Ала гӀертарг, вайх хӀорамма а ша бен кху динна воцуш санна, кху динан дерриг гӀуллакх шен долуш санна къахьегахь, вай бийр бу шуна тӀаккха баккхий хийцамаш! Вайх хӀорамма а вешан дахаран некъ: «Со ца хилча мила ву Исламан? Ас ца дина хьан дийр ду Исламана гӀо?», - бохучу дешнех бахь, вай бийр бу шуна тӀаккха баккхий кхиамаш, ИншаАллахӀ.
