ru
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

Открыть в Telegram

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

Больше
345
Подписчики
Нет данных24 часа
-37 дней
-230 дней
Архив постов
Repost from N/a
Имам Мáлика аьлла: «Боккъалла а, со адам ду. Соьгара гIалат а долу, нийса дерг а долу. Цундела сан къамелах Къуръанца а, суннатца а догIург схьа эца. Къуръанца а, суннатца а догIуш доцург Iаддита.» 📓[Аль-ЖáмиI, 2/32]

Йа АллахӀ, сох бахьана дай Ислам-дин толийта Ахь! Йа АллахӀ, сох бахьана дай эзарнашкахь адамаш Ислам-дине даийта Ахь! Йа Алл
Йа АллахӀ, сох бахьана дай Ислам-дин толийта Ахь! Йа АллахӀ, сох бахьана дай эзарнашкахь адамаш Ислам-дине даийта Ахь! Йа АллахӀ, сох бахьана дай эзарнашкахь адамаш нис а далийта Ахь! Йа АллахӀ, со а, сан доьзал а Хьайн динан гӀоьнчий бе Ахь! Йа АллахӀ, сан доьзалан керахула толам ло Ахь бусулба нахана керста нахана тӀехь! Йа АллахӀ, суна а, сан доьзална а Хьайн нийсонна тӀехь лаьтташ долу кхалхар ло Ахь! ХӀай доӀанна жоп луш аерг, сан доӀанна жоп ло Ахь! Хьо воцург цхьа а вац-кх доӀанашна жоп луш! ©доттагӀ

ПӀераскан дийнахь доӀанна жоп луш йолу хӏара хан ю, маьркIажа хан хилале йолу. https://t.me/Ramzan_Gendargno

Repost from N/a
photo content

ХӀай КаӀбан Дела, Ахь олийла "хила" тхан лаамашка!
ХӀай КаӀбан Дела, Ахь олийла "хила" тхан лаамашка!

photo content

ПАЛЕСТИНА... О люди Ислама! Мы призываем вас молиться Господу, и делать дуа, за нашу победу над угнетателями!

sticker.webp0.00 KB

✔️ЖамаӀат ламазехь хьалхарчу могӀане хӀоттаран дозалла

photo content

Аллахӏан Элчано (саллаллахIу ӏалайхӏи ва саллам) аьлла: «Суна цхьа салават диллинчунна Дала итт салават дуьллур ду, цунна тӏера итт гӏалат а дӏадоккхур ду, итт даржехь иза сов а воккхур ву». [Сахьихь ал-Жамиӏ: 6359] https://t.me/Ramzan_Gendargno

اللّهُـمَّ صَلِّ عَلـى مُحمَّـد، وَعَلـى آلِ مُحمَّد Аллаh'умма салли 'аля Мухаммадин ва 'аля али Мухаммад

sticker.webp0.00 KB

Нийсо йовзарал хьалха, иза еза езаш ю вайна, иза оьшуш хила езаш ю вайна! ХӀун пайда бу нийсо йовзарах, иза езаш ца хилча, иза тӀе лаца лууш ца хилча?

Шай харцонах юха вала ца лаар, цунах кхета ца лаар, и бакъо тӀеэца ца лаар, и бу адами лазам!

"И дайш лелин дари, и жимчахь дуьйна лелин дари" бохуш, муха хуьлу вай реза цу жоьжахате чу даха? ХӀунда ца хьовсу вай нийса ду, йа дац?

ХӀара дахар цхьаъ бен дац, кху дахарехь къахьеха дезаш ду йалсамане кхача, и йалсамане езаш ма ву вайх хӀора а!

Бусулба дин цӀена ду, бусулба дин цӀарца харцо лелочарах!

Repost from N/a
Имам Гlазалис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: Бера жима долуш дуьйна хьуьжаре дlадала деза, цуьнга цигахь Къуръан а, х
Имам Гlазалис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: Бера жима долуш дуьйна хьуьжаре дlадала деза, цуьнга цигахь Къуръан а, хьадисаш а, АллахIах кхоьруш болчу нехан дийцарш а lамдайтархьама. Хьалххе иза цига дlа мел ло а цуьнан дагчохь дика нах безар кхуьур ду. Бера лардан деза безам а, безам кхеттачу нехан дийцарш а lаморах! [Симтlул-lикъйа́н, агIо: 115]

Айса язйинарг ешча, Ӏадлано дешар дола делча хеттаршан жоьпаш луш аьлларг дага деи) Вайн дешаран мах хӀун бу аьлча, мах бан а бац аьлла жоп делира, тӀаккха доӀнаш дар букх цуьнан мах аьлча, доӀнаш дар а бац элира. И бохург дац адам доӀан хьашта дац, ду, муьлха а адам, и бохург дара цу дешаран мах бала ца оьшу, ткъа вуьшта аьлча, ша диначу дикан вайгар бекхам ца оьшу, йа вайгар баркалла ца оьшу, цуьнан бекхам АллахӀехь бу! Иштта-м цуьнан мах а ма бара, барам боцуш лакхара, тахан хьоьга, соьга и мах дӀабалур а боцуш. Цуьнан мах АллахӀехь бу, АллахӀа диканца бекхам баран сатийсам бу, АллахӀа и бахьан хоттийна, цу йалсаманен охӀланах вай хьехархо, цуьнан Шайхаш бар бу. Мах, мах дукха лакхара бу.. Къемат дийнахь цу мийзан терзан тӀехь, ахь мел дина дика, эзарнашкахь сов даьккхийна, и диканаш сов доьвла, АллахӀа олийла хьоьга "хьо Сан йалсамане чу гӀо"