Ӏилманан Аманат
Открыть в Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Больше345
Подписчики
Нет данных24 часа
-37 дней
-230 дней
Архив постов
Repost from Серлонан тоба
«Боккъалла а, АллахI а, Цуьнан маликаш а салаваташ дохкуш ду пайхамарна. ХIай [Делах] тешнарш! Салават дилла цунна, маршо а еха [цуьнга]».
[Сурат «ал-Ахьзаб» - 56 аят]
«ХӀай, ийман диллинарш! ПӀераскан дийнахь (рузбанан) ламазна кхайкхича, АллахӀ хьехорна тӀедерза, махлелор а сацаде! и гӀолех хир ду шуна, нагахь шун хаахь».
[Сурат «ал-ЖумуӀа» - 9 аят]
Repost from Рамзан Гендаргно
Аллахӏан Элчано (саллаллахIу ӏалайхӏи ва саллам) аьлла: «Суна цхьа салават диллинчунна Дала итт салават дуьллур ду, цунна тӏера итт гӏалат а дӏадоккхур ду, итт даржехь иза сов а воккхур ву».
[Сахьихь ал-Жамиӏ: 6359]
https://t.me/Ramzan_Gendargno
Repost from Ӏилманан Аманат
اللّهُـمَّ صَلِّ عَلـى مُحمَّـد، وَعَلـى آلِ مُحمَّد
Аллаh'умма салли 'аля Мухаммадин ва 'аля али Мухаммад
Адам нийсонна тӀе дало хала дац, нагахь нийсонна тӀехь воцург и нийсо езаш валахь, иштта и нийсо йуьцург а, иза нийса йица хууш валахь а.
Йа АллахӀ, Хьайна муьтӀахь хиларца сийлахь ве Ахь со,
Йа АллахӀ, Хьайна Ӏеса хиларца сийсаз ма ве Ахь со.
АллахӀа дог хьостийла цу берши, АллахӀа кху дуьненахь, эхартехь ирсе дойла и бераш, АллахӀа герга йолучу хан чохь хаза кхаъ боккъитийла хьоьга а, цу берши да цӀа веъна аьлла, АллахӀа Ӏалаш дойла шу, АллахӀа дӀа мел вигнарг могуш-маьрша шен цӀа верза войла, АллахӀа Ӏалаш бойла уьш.
Ма хьекъал долуш дукх и бераш, цаьрца къамеле ваьлча, хьо хьай хеннар долу адмац къамел деш санна хьоьх кхеташ букх уьш, баккхий лаамаш болуш, йаккхий Ӏалашонаш йолуш, АллахӀа кху умматан пайде, беркате дойла шу.
ХӀара вай лакхо ма аллар, чӀогӀа пайде болх бу, хӀара болх баржа бе, и ша ма ярра яржа е ца боху, цу юккъера цхьа кийсакаш схьа оьцуш, уьш яржа е, йоза жима хилча алсам адмо доьшу.
Цхьадолу йоза жима долуш, амма чулацам боккха болуш хуьлу, иштта ду кху юккъера дешнаш
Хаза болх бу Фарукъо бинарг, чӀогӀа мехала болх бу, АллахӀа Шен дуьхьа дойла цо мел динарг, АллахӀа шен къоман, халкъан пайде войла иза!
Къуръанац мел доьзнарг ду-кх хаза, цӀена, синан кхача иза хиларе терра!
Repost from sʜɪsʜᴀɴ
Со нийсачу некъа тlера галваьлла хьайна гахь, сан бедарш схьа а лаций, чlоггlа со ласта а вай ахь алалахь соьга: «Хlай lумар, хьо-м лийр волуш вай, кхерахьа Аллахlах!».
lумар ибн lабдул-lазиз
ЗЕРАТАШКАХЬ ДОӀА ДАР...
Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Кешнашкахь (зераташкахь) доIа дар, цигахь динчу доIанна жоп даларе сатийсар а, кхечанхьа динчу доIанал чIогIа жоп даларе сатийсар цигахь динчу доIанна, (и берриге) АллахIа а, Цуьнан Элчано а магийна болх бац, я цхьана асхьабо а, табиIино а лелийна болх а бац, я бусалба нехан имамаша лелийна болх а бац, я хьалха дIабаханчу Iеламнахах, я дикачу нахах цхьаммо хьахийна болх а бац иза, мелхо, (хIижри рузманца) ши бIе шо даьллачул тIаьхьа тIебаьхкинчаьргара бен хезна болх бац иза... АллахIан Элчанан асхьабашна дукхазза йокъо хlоьттина-кх, и доцург дукхазза халонаш тIеяьхкина царна, ткъа Пайхамаран (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) коша тIе баьхкина догlа доьхуш я орца доьхуш цкъа а доIа диний цара?! Мелхо, Iумара, Пайхамаран (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) коша тIе вахана доIа ца деш, Iаббасца араваьлла (шайна йокъо хlоьттинчу хенахь), цуьнга доIа дайтира цо!».
[Икътидаус-сиратIил-мустакъим, агIо: 449-450]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Repost from ИСЛАМАН БАКЪО
Палестинах лаьцна статусаш!
Массарна а цигахь дӀадоьдуш долу хьал довзийтархьама а, жуьгтий муьлш бу хаийтархьама а хӀиттош йу статусаш. Гайтархьама а, догъэцийтархьама а, доӀанаш дайтархьама а хӀиттош йу. Царна гайтархьама, мӀаьргонна а дӀадоьдуш долчу хьолана тӀаьхьа ца бисийта, вайн вежарийн а, йижарийн а лазамаш биц ца балийтита. Оцу видеошка, суьрташка вай нисдаларна тӀехь самадахийта, хӀара дахар мел доца ду а хиъна. Оцу видеоша, суьрташа вайн тӀулган дегнаш лаладайта (дашадайта) догцӀенналлица царна доӀанаш дан. Къаьсттина статусаша а, сторисаша а гайтина, Ӏорайаьхна жуьгтийн харц видеош а, дӀахьедарш а. Палестинан бац дуьне ма-дду хаамаш дӀасабаржоран гӀирсаш, делахь а, вай ду церан!
https://t.me/islamanbaqo
ГӀаззера вежаршан, йижаршан вай доӀнаш дечура совцарах, уьш цаьрна хьашта бац бохург дац шуна!
Хьал дикачу агӀора хийца делла бохург дац шуна, вай ду и хийца делларш, доӀнаш дечура, къинош дитарехь къахьоьгучура соьвцарш..
Вайна биц белла уьш, амма АллахӀан биц ца белла!
Вайна биц белла уьш, амма АллахӀан вай диц ца делла, вайна тӀера вай важиб кхочуш ца диний АллахӀан диц ца делла шуна!
Баккъалла а, тахана вай ницкъ кхочуш дерг иза доӀа ду-кх.
