Ӏилманан Аманат
Открыть в Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Больше345
Подписчики
Нет данных24 часа
-37 дней
-230 дней
Архив постов
Хан йоца ю сан,
Амма сатийсамаш бехха бу;
Синтем бац сан,
Амма даиманна велакъежакх со;
Дог доьлху сан,
Амма бӏаьргаш чухула самукъалла гойту аса;
Сан кийрар са, даиманна маьршо, паргӏато лоьхуш дукх...
Хьекъале долу да-нана, шен доьзалхо кхечарна хьалха хьоьстуш ца лела, хьекъале долу дас-нанас, шен доьзалхо кхечарга хьоьстуьйту!
Каӏбан Делора,
Шу ду шуна и тоьлларш!
Шу ду шуна кху умматан жовхӏарш!
Хьоьгург - шух хьоьгийла!
Масал оьцучо - шух масал оьцийла!
Корт айбина олу аса:
Цхьана доьзалера ду тхо!
Цхьама кхиийна ду тхо!
Дено сарралц дуьнено кӏадвича,
Буьйсанна ирсе хӏусмаш чу хьаьжча,
Дог ӏебаш, бӏаьрг бузаш, долу самукъа!
Дависа йиш елара олхазар хила,
Ши тlам а ластийна дерриг lад дита,
Харцо мел лелачохь сой ца гайта,
И лелош лелариш сайна ца гайта.
Йиш елара дависа, цкъа тlома ваьлла,
Даим сатуьйсучу тийналле кхача!
Repost from N/a
Ассаламу ӏалайкум варохьматуллохӏи вабарокатухӏ
Хӏай сан лераме вежарий а, йижарий а, Аллахӏа беркат дойла шух массерах!
Сан цхьа дехар дара, вайн хьоста даржош дакъа лаца аьлла!
Вайна хаъ, динна даржорехь къахьега дезий, и къахьегар а, масалан хьоста тӏе ваза велла цхьа стаг бен вацахь а хила дезий, иза чӏогӏа хьастаме хӏума а ду, делахь а, иштта, кхин сов хьастаме ду, ша лелош дерг, динна даржорехь ша хьоьгуш долу къа, мелла а алсам нахана дӏакхачорехь сутар хилар, масалан аьлча, хьоста тӏе база белларш соввабоьвра болу аьтто бар!
Цундела суна шугар гӏо оьшу, кху тӏе кхин цхьа а ца вазалахь а, ваййам дӏакхоьхьар бу вайн болх, делахь а, пайда мелла а алсамчу нахан бан лаам бара сан!
https://t.me/bargannur
Аллахӏ реза хуьлийла шуна! Аллахӏа диканца бекхам а бойла шуна!
Repost from Зератхо
Нохчийн мотт
Сийлахь мотт бийца иэхь а хеташ,
Кхечу меттанийн до вай хьурмат.
Нана санна, беза а безаш,
Бийца вай гӏиллакхе вешан мотт.
Дала азаллехь синош кхуллуш,
Вайна совгӏатана белла и.
Вайна лехарх карор а боцуш,
Цул оьзда а, хьал долуш кхин.
Бӏешерашкахь паргӏато къуьйсуш,
Къонахий гӏиттийна вайн матто.
Ненан маттаца Деле кхойкхуш,
Масане эшийна буьрса бӏо.
Лаьмнашкахь хӏаваэ а буьйлуш,
Нохчийн амалца, бекна бу и.
Нагахь велахь цуьнан сий дойуш, -
Хьуна хьалха бух боцу ӏин ду.
Даймехкан кхолламца а воцуш,
Цунна пебетташ вехаш велахь,
Вайн сийлахь мотт бац хьуна оьшуш,
Гал-морзах ца бохуш, биталахь!
Махмудхаджиев М.
«Аллахӏ, Шен лайнах дӏахьовзаран билгалоншех цхьаъ ю - лай хан эрна йойъуш хилар, кху дуьненахь а, эхартахь а пайден хир долчун хан дӏалуш и ца хилар!»
