cookie

Мы используем файлы cookie для улучшения сервиса. Нажав кнопку «Принять все», вы соглашаетесь с использованием cookies.

avatar

المسلمون

Больше
Страна не указанаЯзык не указанРелигия и духовность113 430
Рекламные посты
328
Подписчики
+124 часа
-27 дней
-1930 дней

Загрузка данных...

Прирост подписчиков

Загрузка данных...

Имам ШафиIис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Къонахчуьнан дахар, вайн Делора, Iилма Іаморца, Делах кхерарца ма ду, и шиъ цуьнгахь дацахь, мах ма бац цуьнан дегІан!» https://t.me/al_muslimuuna
Показать все...
Духьа ламаз – иза малх хьалабаьллачул тIаьхьа делкъа хан кхаччалц йолчу юккъахь деш долу суннат ламаз ду. Вайн наха цхьаболчара «зухьа» а, «зуьхьа-ламаз» а олу цунах. Хьукм: Духьа ламаз чIагIдина суннат ду, дар вуно чIогIа деза долуш. Дозалла: Адаман дегIан хIуттургашна хIора денна тIедожийна долу сагIа кхочуш хуьлу духьа ши ракаIат ламаз дарца. Духьа диъ ракаIат динчунна, АллахIа цу денна Ша массо а хIуманна кхачам бийр бу аьлла. Цуьнан дозалла дуьйцуш кхий а дуккха хьадисаш даьхкина. Хан: Iуьйранна малх схьакхеттачул тIаьхьа 10-15 минот яьлча дуьйна делкъа хан хила цхьа пхи минот йиссалц. Ткъа цуьнан уггар еза хан – де диъ де́къе декъча, доьххьара доьалгIа дакъа дIа а даьлла, шолгIа доьалгIа дакъа доладелча ю. (Де – Iуьйра-ламазана а, маьркIаж-ламазана а юкъахь йолу хан ю). РакаIаташ: лаххара барам ши ракаIат бу, лаккхара барам бархI ракаIат бу, хIора ши ракаIат дIадаьлча салам а луш. Луучо ши ракаIат дан а мегаш ду, диъ дан а мегаш ду, ялх дан а мегаш, ткъа уггар дезаниг бархI ракаIат дар ду. Куц: Духьа ламаз кхидолу ламазаш санна деш ду. Шина ракаIатал сов дечо хIора шина ракаIатехь салам а луш. Духьа ламаз ша цхьам дар суннат ду, жамаIатца дар суннат дац. Некъахь волуш дар: Духьа ламаз некъахь волчо а дича дика ду, мелехь ду. Доькхуш дар: Духьа ламаз ца деш диссинехь, иза муьлхха хенахь а доькхуш дар дика ду. https://t.me/al_muslimuuna
Показать все...
Аллахlаца йолу хьайн юкъаметтиг хаза хилийтарехь ма-хуьлу къахьега ахь, хьан кхидолу дерриге гlуллакхаш Аллахlа Ша хаза нисдеш карора ду хьуна. Уггаре а айхьа сагаттадеш дерг Иза резавар, Цуьнца йолу хаза юкъаметтиг ларъяр хилийта ахь, кхидерг, ахь сагаттадан а ца оьшуш, хьан чlогlа дог а хьостуш Цо Ша нисдеш гур ду хьуна. https://t.me/al_muslimuuna
Показать все...
АллахI а, Цуьнан маликаш а, Элчанна салават дуьллуш ду, ткъа ахьа хIунда ца дуьллуш дара и?! АллóхIумма солли ва саллим Iалá набиййинá Мухьаммад. اللَّهُمَّ صَلِّ وَسَلِّمْ عَلَى نَبِيِّنَا مُحَمَّدٍ.
Показать все...
Маймун Ибн МихӀрана (Аллаxlа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Бакъдолуш, шун Іамалш кӀезиг йу. Ткъа, и кӀезиг бен йоцу Ӏамалш цӀена даггара йелаш». https://t.me/al_muslimuuna
Показать все...
«Къа латийна волу бусалба стаг вуьйцуш ма лела. Тобан неl-м йиллина йай. Хьуна ма ца хаа, Аллахlа цунна гечдиний. Ткъа и гучуваккхарна къа хьуна тӀехь дуьсур ду». Шайх Мухьаммад Мутаваллий аш-ШаӀравий https://t.me/al_muslimuuna
Показать все...
Имам Iабдуррахьман ибн Iамр ал-АвзаIийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: Стага цхьаьнца ин шаа АллахI (Даламукъалахь) аьлла чIагIо яхь, ша и олучу хенахь дагчохь иза кхочуш дан ойла а йоцуш, иза мунепикъаллин билгало ю. https://t.me/al_muslimuuna
Показать все...
Бусулба стагана, бусулба зудчунна ша деш долу lибадатангахь марзо ца хаайаларан уггаре чlогlа новкъарло йеш долу къиношех ду - бlаьрса лар ца дар. https://t.me/al_muslimuuna
Показать все...
Фото недоступноПоказать в Telegram
ассаляму 1алайкум варохьматуЛлох’и вабарокатух’у, аьтто болчо репост йич хаза хетар дара . Аллах’ реза хийла набор йижаршан ю, дехар ду вежарш бот чу ца язйар… @zalzalah_shh_bot
Показать все...
«Иблисо адаманна тӏехь дола дар сов долу цуьнгахь ӏилма кӏезга хиларе хьаьжжина, цуьнгахь ӏилма кӏезга мел хуьлу а, иблисан цунна тӏехь дола дар сов долу, иштта цуьнгахь ӏилма сов мел долу иблисан адаманна тӏехь дола дар кӏезгало.» Ибнуль-Джавзий https://t.me/al_muslimuuna
Показать все...
Выберите другой тариф

Ваш текущий тарифный план позволяет посмотреть аналитику только 5 каналов. Чтобы получить больше, выберите другой план.