cookie

Мы используем файлы cookie для улучшения сервиса. Нажав кнопку «Принять все», вы соглашаетесь с использованием cookies.

avatar

Вайн гӀиллакх

Рекламные посты
787
Подписчики
+224 часа
-27 дней
+5230 дней

Загрузка данных...

Прирост подписчиков

Загрузка данных...

3⃣Ткъа бакъдерг иштта ду: Дуьненан къаьмнийн ерриге а оьздангалла, церан дика гIиллакхаш Дала шен пайхамаршкахула лаьтта диссийна ду, шен динца цхьаьна. Ткъа и дин цхьаъ бен а дац — бусалба дин, ислам. Уггар хьалха и дин Дала Адам-пайхамаре — Делера салам-маршалла хуьлда цунна — делла. Дин — иза лаьтта тIехь адамашна муха даха деза Iамош, Дала лаьтта диссийна дахаран-Iеран дозанаш, ламасташ ду. Хан-хене яларца уьш диц а дой, адамаш Iесалле оьгуш хилла, шайгара керл-керла Iеса гIиллакхаш а кхуллуш. ТIаккха Шен дин юха а адамашна карладаккха, дIакхайкхо, Iамо Дала Шен элча воуьйтуш хилла дуьненчу. Царах тIаьххьарниг — Мухьаммад-пайхамар — Делера салам-маршалла хуьлда цунна — элчанийн мухIар. Гуш ма-хиллара, лаьтта тIехь мел долу адам цхьа да-нана долуш ду, дуьненчохь Дала доссийнарг цхьа дин (ислам) бен дац; цундела гуш ду лаьтта тIера адамаш, мел тайп-тайпана хетахь а, цхьана стагах схьадевлла а, цхьана дуьненахь дехаш а, царна тIе доьссинарг цхьа дин а хилар. Иза кхин а цхьа билгало ю Дела цхьаъ хиларан. Массо халкъийн оьзда, дика гIиллакхаш Делан динера ду; ткъа вуон, къиза, Iеса гIиллакхаш халкъаша шаьш кхоьллина ду. Цундела оцу я кхечу халкъан оьзда гIиллакхаш дуьйцуш, нийса хир ду «халкъо кхоьллина» бохучу дешнийн метта «халкъо лардина» аьлча. Цхьадолчу халкъан аьтто хилла оцу динан гIиллакхаш алсам Iалашдан, вукхара кIезиг Iалашдина. Цхьадолчу къаьмнаша шайгара кIезиг кхоьллина Iеса гIиллакхаш. Масала, нохчаша. Цундела карладаьккхина долу и бусалба дин шайн лаамца тIеэццал хьекъал кхаьчна вайн дайн. Кхидолу къаьмнаш генадевлла Iесаллехь я галдаьккхинчу динехь. Цундела цара дIатеттина Дала юха а лаьтта доссийна цIена дин.
Показать все...
👍 3
Показать все...
Repost from N/a
Фото недоступноПоказать в Telegram
👆👆👆👆👆     👆👆👆👆👆 📺Цхьаьна вовшахкхетарехь жайна чекхдоккхуш дарс! 🕋ТӀедогӀуш хьажжан, Ӏумратан денош хиларе терра - Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) ма-дарра суннатехь Ӏумрат дар довзуьйтуш яздина Шайх Халид ЖухӀанин «Кайфа таӀтамиру камаӀтамаран-набиййу» цӀе йолу жайна доьшур ду вай, ткъа дарсе ла а доьгӀна, экзаменехь чекхваьллачунна жайна яздинчу Шайх Халид ЖухӀаница зӀе хотталуш ижазат хир ю. 🖊🖊🖊🖊🖊🖊   🖊🖊🖊🖊🖊 ⏺Ӏарбийн маттахь жайна дӀадоьшуш, вайн маттахь маьӀна деш хир ду дарс. ⏺Кху юкъахь дакъалаца йиш ю мутIелим волчуьнан а, воцчуьнан а, воккхачуьнан а, жимачуьнан а, стеган а, зудчуьнан а - массеран цхьатерра. 🕖ЦIера хенаца 14:30 даьлча, жайна чекхдаллалц хир ду дарс. 📝Экзамен хир ю, 50 сов балл яьккхиначунна ижазат а хир ю. Эфирехь ладугӀуш, я чудиллиначу озе ладоьгӀначуьнан бен экзамен яла бакъо хир яц🚫 🔔Жайна дIадолор ду: 07.06.2024 💬Дарс кху канал чохь хир ду⏬ https://t.me/Darsash_Live
Показать все...
2⃣Муха кхоллаелла оьздангалла?
Оцу хаттарна тайп-тайпана жоьпаш ло тайп-тайпанчу Iилманчаша, шайн кхетаме а, шаьш беха юкъаралла кхиъна хиларе а хьаьжжина. Иттех шо хьалха йоьхначу советски империн Iилманчаша, къоман гIиллакхаш дуьйцуш, шайн къамел гуттар а дIадоладора: «Халкъо бIешерашкахь кхоьллина шен оьзда гIиллакхаш…», — олий. Кхечу кепара цара ала таро а яцара, хIунда аьлча, церан дуьнене болу хьежамаш кхоллабеллера, хIара дуьне а, Iалам а, адам а ша-шах кхолладелла я адамо кхоьллина, бохучу харц философин (материализман) буха тIехь. Замано а, хIора дийнахь хуьлучу Iилманан кхиамаша а тIулга тIехь тIулг а ца битина цара харцонах, моттаргIанех йоьттинчу гIалех. Иштта ца хила йиш а яцара, хIунда аьлча, церан оьздангаллех болу Iилманан бух, заманан йохаллехь къахьегар бахьанехь маймалех кхолладелла адам, бохучу туьйранех лаьтташ бара. Цундела оьздангалла а ша-шах, заманан йохаллехь, адамаша шаьш кхоьллина ю бохуш, чIагIдора цара, ткъа «дино» оцу халкъан «кхоллараллех» пайдаэцна, нах Iехоран, уьш боданехь латторан Iалашонца. Иза бакъдерг нийсса бIостанехьа дерзоран къеггина долу масал ду.
Показать все...
👍 1
1⃣Къамел дIадолош, уггар хьалха билгалдаккха догIу «оьздангалла», «гIиллакх» бохучу дешнийн маьIна. Тхуна хетарехь, «оьздангалла» бохучу дешан маьIна шуьйра ду «гIиллакх» бохучу дешанчул.
ГIиллакх — иза адамаша вовшашца лелочу юкъаметтигийн, гергарлонийн кепаш, куьцаш, дозанаш ду. Ткъа уьш «оьздангалла» бохучу кхетаман чулацаман цхьа дакъа ду. Цул сов, оьздангалла Далла ечу Iамалца, гонахарчу Iаламца, шен дегIаца, дагца, ойланца стаг цIена хилар а ду. Оьздангалла дуьххьалдIа хIора стеган леларехь, амалшкахь гучуяьлла ца Iаш, цуьнан сица, синкхетамца хила езаш а ю.
Показать все...
👍 1
Фото недоступноПоказать в Telegram
Делан Элчас — Делера салам-маршалла хуьлда цунна — аьлла: «ГIиллакх — динан ах ду». https://t.me/vayn_glillakh
Показать все...
Вайн гӀиллакх

Вайн ютуб: youtube.com/@vayn_glillakh Вконтакте: vk.com/vayn_glillakh

Къамел дIадолош, уггар хьалха билгалдаккха догIу «оьздангалла», «гIиллакх» бохучу дешнийн маьIна. Тхуна хетарехь, «оьздангалла» бохучу дешан маьIна шуьйра ду «гIиллакх» бохучу дешанчул. ГIиллакх — иза адамаша вовшашца лелочу юкъаметтигийн, гергарлонийн кепаш, куьцаш, дозанаш ду. Ткъа уьш «оьздангалла» бохучу кхетаман чулацаман цхьа дакъа ду. Цул сов, оьздангалла Далла ечу Iамалца, гонахарчу Iаламца, шен дегIаца, дагца, ойланца стаг цIена хилар а ду. Оьздангалла дуьххьалдIа хIора стеган леларехь, амалшкахь гучуяьлла ца Iаш, цуьнан сица, синкхетамца хила езаш а ю. Муха кхоллаелла оьздангалла? Оцу хаттарна тайп-тайпана жоьпаш ло тайп-тайпанчу Iилманчаша, шайн кхетаме а, шаьш беха юкъаралла кхиъна хиларе а хьаьжжина. Иттех шо хьалха йоьхначу советски империн Iилманчаша, къоман гIиллакхаш дуьйцуш, шайн къамел гуттар а дIадоладора: «Халкъо бIешерашкахь кхоьллина шен оьзда гIиллакхаш…», — олий. Кхечу кепара цара ала таро а яцара, хIунда аьлча, церан дуьнене болу хьежамаш кхоллабеллера, хIара дуьне а, Iалам а, адам а ша-шах кхолладелла я адамо кхоьллина, бохучу харц философин (материализман) буха тIехь. Замано а, хIора дийнахь хуьлучу Iилманан кхиамаша а тIулга тIехь тIулг а ца битина цара харцонах, моттаргIанех йоьттинчу гIалех. Иштта ца хила йиш а яцара, хIунда аьлча, церан оьздангаллех болу Iилманан бух, заманан йохаллехь къахьегар бахьанехь маймалех кхолладелла адам, бохучу туьйранех лаьтташ бара. Цундела оьздангалла а ша-шах, заманан йохаллехь, адамаша шаьш кхоьллина ю бохуш, чIагIдора цара, ткъа «дино» оцу халкъан «кхоллараллех» пайдаэцна, нах Iехоран, уьш боданехь латторан Iалашонца. Иза бакъдерг нийсса бIостанехьа дерзоран къеггина долу масал ду. Ткъа бакъдерг иштта ду. Дуьненан къаьмнийн ерриге а оьздангалла, церан дика гIиллакхаш Дала шен пайхамаршкахула лаьтта диссийна ду, шен динца цхьаьна. Ткъа и дин цхьаъ бен а дац — бусалба дин, ислам. Уггар хьалха и дин Дала Адам-пайхамаре — Делера салам-маршалла хуьлда цунна — делла. Дин — иза лаьтта тIехь адамашна муха даха деза Iамош, Дала лаьтта диссийна дахаран-Iеран дозанаш, ламасташ ду. Хан-хене яларца уьш диц а дой, адамаш Iесалле оьгуш хилла, шайгара керл-керла Iеса гIиллакхаш а кхуллуш. ТIаккха Шен дин юха а адамашна карладаккха, дIакхайкхо, Iамо Дала Шен элча воуьйтуш хилла дуьненчу. Царах тIаьххьарниг — Мухьаммад-пайхамар — Делера салам-маршалла хуьлда цунна — элчанийн мухIар. Гуш ма-хиллара, лаьтта тIехь мел долу адам цхьа да-нана долуш ду, дуьненчохь Дала доссийнарг цхьа дин (ислам) бен дац; цундела гуш ду лаьтта тIера адамаш, мел тайп-тайпана хетахь а, цхьана стагах схьадевлла а, цхьана дуьненахь дехаш а, царна тIе доьссинарг цхьа дин а хилар. Иза кхин а цхьа билгало ю Дела цхьаъ хиларан. Массо халкъийн оьзда, дика гIиллакхаш Делан динера ду; ткъа вуон, къиза, Iеса гIиллакхаш халкъаша шаьш кхоьллина ду. Цундела оцу я кхечу халкъан оьзда гIиллакхаш дуьйцуш, нийса хир ду «халкъо кхоьллина» бохучу дешнийн метта «халкъо лардина» аьлча. Цхьадолчу халкъан аьтто хилла оцу динан гIиллакхаш алсам Iалашдан, вукхара кIезиг Iалашдина. Цхьадолчу къаьмнаша шайгара кIезиг кхоьллина Iеса гIиллакхаш. Масала, нохчаша. Цундела карладаьккхина долу и бусалба дин шайн лаамца тIеэццал хьекъал кхаьчна вайн дайн. Кхидолу къаьмнаш генадевлла Iесаллехь я галдаьккхинчу динехь. Цундела цара дIатеттина Дала юха а лаьтта доссийна цIена дин. Кхузахь хаттар хIотта тарло: йиш яц ткъа адамаша шайггара дика гIиллакх кхолла? Наха кхоьллина массо а гIиллакх Iеса я харц хуьлуш ду? Дац. Нийса гIиллакхаш а ду адамаша шайггара кхоьллина, амма церан бух а бакъдинан хьехамашкахь бу. Делах а, Кхиэл ечу дийнах а тешарца кхоьллина муьлхха а керла гIиллакх нийса ца хила йиш яц. И лакхахь дийцинарг дерриге а тидаме эцча, кхеташ ду: «ГIиллакх ялсаманера схьадеъна», — боху дешнаш. Адамашна юккъехь лела оьзда гIиллакхаш Делера диссина бохург ду иза. Цхьаболчара и кица кхидIа а дахдо: «ГIиллакх ялсаманера схьадеъна а ду, ялсамане духадерза дезаш а ду, ша лелочу нахаца цхьаьна». Оцу дешнаша гойту: мел доккха маьIна гуш хилла нохчашна гIиллакх-оьздангаллехь.
Показать все...
Весет Къоьжачу вайн лаьмнийн Дог кура баххьаш, Вайн тогlеш, шовданаш, Бlешерийн хьаннаш - Дlаэца тахана Хьайн дола ахь уьш,- Дас, весет деш, хьуна Йитина хазнаш. Дlаэца ахь хlинца Дайша шайн цlийца Заманийн йохаллехь Лардина латта. Даймохк хьайн дlаэца, Рагl хьан ю хlинца - Ден весет кхочушдан, Юкъ ехкий, гlатта. Ларбе мохк, Хазбе и, Ца еш мало. Тlаккха, хьайн весет деш, Кlанте дlало. Бlешерийн къийсамехь, Са санна, лардеш, Таханенга кхачийна Вайнехан гlиллакх, Доттагlий хилла вай Вежарех тарбеш, Орцанна кхайкхаза Кхочуш вай хилла. Лаьмнашкахь даиман Дина сий Ненан, Воккханиг лийрина Жимчо, деш гlуллакх. Рагl хьоьгахь ю тахана, Вас ца еш дена, Дlаэца цуьнгара Дайн оьзда гlиллакх. Ларде и, Хазде и, Ца еш мало, Тlаккха, хьайн весет деш, Кlанте дlало. Хазнашлахь хазна ю Ненан мотт къоман. Ненан мотт мел беха, Къам дуьсу даха. Ткъа нагахь мотт шен лахь, Къам, лей, дlадолу, Ненан мотт бицбинарг Сийсазво наха. Нохчийн мотт и - халкъан Синхазнийн хьоста - Къийсамехь ларбина Массо а ханна. Рагl хlинца хьоьгахь ю, Дlаэций, хьаста, Ден весет кхочушде, Къонахчо санна. Ларбе мотт, Хазбе и, Ца еш мало. Тlаккха, хьайн весет деш, Кlанте дlало. #байташ https://t.me/vayn_glillakh
Показать все...
Показать все...