cookie

Мы используем файлы cookie для улучшения сервиса. Нажав кнопку «Принять все», вы соглашаетесь с использованием cookies.

avatar

Хьадисан охlла

Нах - дикане кхойкхуш хила хьо!

Больше
Рекламные посты
529
Подписчики
+224 часа
+37 дней
-2330 дней

Загрузка данных...

Прирост подписчиков

Загрузка данных...

Repost from N/a
Пайхамарца (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) зIе хоттар!⏪ 🟡Ӏашураъ дийнах лаьцна хьадис ду, цу Ӏашураъ дийнахь бен ца дуьйцуш, и хьадис дуьйцур ду вай тахана, Дала мукъ лахь, цIера хенаца 14:00. 📺Эфир кху чохь👉 https://t.me/Darsash_Live хир ю. Цу эфирехь ла мел доьгIначунна Пайхамарца (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) зIе хотталуш ижазат а хир ю. ЛадогӀа бакъо ю, воккхачуьнан, жимачуьнан, стеган, зудчуьнан, массеран а, ворхIара мел ваьллачунна ижазат а хир ю.
Показать все...
Абу Къата‌дата (АллахI реза хуьйла цунна) дийцина, АллахIан элчане (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) Iа‌шу‌ра‌ъ дийнахь марха кхабарх лаьцна хаьттира аьлла, тIаккха цо элира: «ДIадаханчу шеран къинош дIадойу цо». (Сахьи‌хь: Муслим: 1162) Кхечу хьадисехь Абу Къата‌дата (АллахI реза хуьйла цунна) дийцина, Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) элира аьлла: «Iа‌шу‌ра‌ъ дийнахь марха кхаьбначунна АллахIа гечдаре дог догIуш ву со дIадаханчу шеран къиношна». (Сахьи‌хь: Муслим: 1162) https://t.me/hadis_du
Показать все...
Фото недоступноПоказать в Telegram
✅Хаттар: Хьайн дIадаханчу шеран къиношна гечдан лаьий хьуна? Жоп: Абу Къата‌дата (АллахI реза хуьйла цунна) дийцина, АллахIан элчане (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) Iа‌шу‌ра‌ъ дийнахь марха кхабарх лаьцна хаьттира аьлла, тIаккха цо элира: «ДIадаханчу шеран къинош дIадойу цо». [Сахьи‌хь: Муслим: 1162] Кхечу хьадисехь Абу Къата‌дата (АллахI реза хуьйла цунна) дийцина, Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) элира аьлла: «Iа‌шу‌ра‌ъ дийнахь марха кхаьбначунна АллахIа гечдаре дог догIуш ву со дIадаханчу шеран къиношна». [Сахьи‌хь: Муслим: 1162] 🔵Ткъа оцу Iа‌шу‌ра‌ъ денца, цулла хьалхарчу дийнахь марха кхабар а суннат ду, цунна далил - Пайхамар (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «...ИншаАллахI, вай юха шаренга довлахь, (Iа‌шу‌ра‌ъ дийнал хьалхара) 9-гIа де а кхобур ду вай...». [Сахьи‌хь: Муслим: 1134] 🔵Амма Iа‌шу‌ра‌ъ дийнал тIаьхьарчу дийнахь марха кхабарха долу хьадис даIиф ду, цундела, цу дийнахь кхабар суннат ду ца олу вай, ткъа кхобуш волчуьнга ма кхаба, бидIат ду а ца олу. 🔵Шен мархийн баттахь дисина, тIекхаба дезаш марха долчунна а мегар ду оцу шина дийнахь марха кхаба, цуьнан ши некъ бу: 1- Шена лаахь, шен дисина марха, юха тIекхобур долуш, дита а дитина, и ши де кхобур ду. 2- Шена лаахь, шен дисина марха а, хIара суннат марха а кхаба шинне ният дина, кхобур ду. Иштта кхабахь - диснарг тIера а дер ду, суннатах ял а хир ю. 🔵Ният «суннат марха кхаба» аьлла, дагахь хилчхьана кхачам бу, багахь хIумма а баха оьшуш дац. «Кхана марха кхобур ду ас», - аьлла дагчохь сацам хиллехь - иза ният лоруш ду. 🔵Iа‌шу‌ра‌ъ дийнал хьалхарчу дийнахь марха кхабаза виснехь, деккъа Iа‌шу‌ра‌ъ де кхаба а мегар ду, цул тIаьхьарчу дийнахь ца кхаьбча а. https://t.me/adlan_haracho
Показать все...
АллахӀан Элчано ﷺ аьлла: «Хьо хьайн вешин дуьхьал кхетча вела къажар сáгӀа ду хьуна». (Сахьихьул джамиl) https://t.me/hadis_du
Показать все...
01:43
Видео недоступноПоказать в Telegram
Аллахlера къинхетам а, маршо а хуьлда хьуна, хlай нахалахь уггаре а тоьлла верг..🤍
Показать все...
IMG_1835.MOV25.63 MB
Фото недоступноПоказать в Telegram
Ассаламу lалайкум, хlора денна шайх Фарукъан цхьац дарс чу йуьллар ю вай ИншаАллахl! Жейнан цle: "Къуръан хууш болчу неха гlиллакхаш" - Жайна яздинарг: Имам ал-Ажурри (Аллахla къинхетам бойла цунах) Аллахlа беркате дойла! https://t.me/tadabbar_alquran
Показать все...
ФатIиматан дIахьул йалар Элчан йоI ФатIимат (АллахI реза хуьлда цунна) Цамгар чIагIелла, йаларе а йирзина, меттахь Iачу хенахь, и йолче тIехIотта Асмаъ Бинт Iумайс (АллахI реза хуьлда цунна) йеара. ФатIимата элира Асмаэ: «ВаллахIи, божарех эхь хеташ ма йу со. Сан докъан тIе хIума а тесна, сан дегIан куц къаьсташ, барам тIе а йиллина дIахьура йу-кх цара со!» Цу хенахь барам, агIонаш айина йоцуш, шерра ун хилла, цундела, цу тIехь долу докъан куц-кеп гуш хилла и барам айбина боьлхучарна. ТIаккха Асмаъа аьлла цуьнга: «Тхо Эфиопехь долуш, тхайна цигахь гинаболу барам санна болу барам бай хьуна оха?! ТIаккха оха цунна йаьшках тера, агIонаш йолуш барам бира, тIе хIума тесча докъан цхьа а куц гур доцуш. ФатIиматна и барам гинчу хенахь Асмаэ элира цо: «Ахь со хьул ма-йарра, АллахIа хьул йойла хьо!»
Показать все...
Элчано (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) дийцира, Лекха волчу АллахӀа боху аьлла: «Ас Сайн дикачу лешна кечдина цхьа а бӀаьргана гина доцург а, цхьа а лергана хезна доцург а, цхьана а адамна дагадеана доцург а». (Бухарий: 7498) https://t.me/hadis_du
Показать все...
АллахӀан Элчано (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) аьлла: «Баккъалла а, хьоршам тохар АллахӀана деза, бага гӀеттор ца деза. Цхьаммо хьоршам а тоьхна, цо «алхьамдулиллахӀ» алахь, и мел хезначу бусалба стагана тӀехь ду «ярхьамукаллахӀ» алар. Амма бага гӀеттор - иза шайтӀанера ду, бага гӀатточо шен ницкъ ма-кхоччу духатухийла иза. Цо «хӀахӀ» аьлла (бага гӀаттийча) шайтӀа цунах доьлу». (Бухарий: 6223) Кхечу хьадисехь ду: «Шух цхьаммо бага гӀаттийча бета дуьхьал куьг дуьллийла цо, (ца диллахь) шайтӀа (кийра) дера ду». (Муслим: 2995) ___ Бага гӀаттийча «аӀузу биллахӀи минаш-шайтӀанир-ражим» алар суннатехь дац. https://t.me/hadis_du
Показать все...
Абу СаӀид Ал-Худрийс боху: «Пайхамар гира суна, пхьуьйра-ламаз диначул тӀаьхьа Ӏуьйра-ламаз хан хиллалц АллахӀе доьхуш: «Я АллахӀ, со Ӏусманна реза хилла, Хьо а реза хилахьа цунна», - бохуш».
Показать все...
Выберите другой тариф

Ваш текущий тарифный план позволяет посмотреть аналитику только 5 каналов. Чтобы получить больше, выберите другой план.