cookie

Мы используем файлы cookie для улучшения сервиса. Нажав кнопку «Принять все», вы соглашаетесь с использованием cookies.

Рекламные посты
237
Подписчики
Нет данных24 часа
-37 дней
-1030 дней

Загрузка данных...

Прирост подписчиков

Загрузка данных...

❌НАХ БЕЛОРХЬАМА АНЕКДОТАШ ДИЙЦАР ХЬАРАМ ДУ: Шайх Ибн Iусаймийна (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: Уггар баккхий аьшпашах ду тахана цхьаболчу наха лелориг, аьшпаш буьттуш къамаьл до цо, из харца дуйла а хаьа цунна, делахь а нах белорхьама (дуьйцу цо из), боккъала а и гIуллакх дечунна (Iазапац) кхерам тасар деъна-кха хьадисехь, Делан Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: “Дакъазалла ю-кха - нах белоран дуьхьа харцлуьйчунна! Дакъазалла ю-кха цунна! Дакъазалла ю-кха цунна!”. [Абу́ Да́ву́д: 4990] Ткъа хIара (Iазапац) кхерам тасар ду-кха, (тахана) дукхачу нахана атта хеттачу хIумана тIехь. [Шархь Риядус-Со́лихьийн: 1/296] https://vk.com/yalsaman
Показать все...
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла: قُلْ إِن كُنتُمْ تُحِبُّونَ اللَّهَ فَاتَّبِعُونِي يُحْبِبْكُمُ اللَّهُ وَيَغْفِرْ لَكُمْ ذُنُوبَكُمْ «Ахь ала (хIай АллахIан Элча): нагахь санна шу АллахI везаш делахь суна тIаьхьадаза, тIаккха АллахIана дезар а ду шу, шун къиношна геч а дийр ду Цо...». Сурат Áли Iимран, 31 аят. АллахI веза бахарх цунах везар хуьлуш дац, цIенна АллахIан Элчан суннатехь дерг лелош дацахь
Показать все...
Фото недоступноПоказать в Telegram
-Пайхамар сужудехь волуш цуьнан йо1 к1ант цуьнан букъ т1е ваьлча, иза ша охьа воссалца сужудера хьала ца вохуш 1ир Пайхамар, сужудехь иза дукх т1ех дукха 1арна цец бевла асхьабаш хаьттир цу балхах лаьцна, Пайхамар жоп делир: и шен букъ т1ера к1ант д1аваккха ца лууш 1ир ша, иза ша охьа воссалц аьлла. Иштта оцуьнах вайна билгал долу ламазехь волуш беро хьо руку1ехь, я сужудехь сацича х1умма ца хилар, мелхо а ша ламазехь волуш шеца ловза т1е вог1уш волу шен йо1 к1ант цхьаммо сацича Пайхамар 1ад вита иза оли ишар яш хилла https://t.me/lamazandarsash
Показать все...
Показать все...
Корта бахош долу дерриг хIума хьарам ду / Рамзан

www.heham.tv

Фото недоступноПоказать в Telegram
Ибн База (Аллахlа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Къиямул-лайл (буса деш долу ламаз) уггаре а Далла герга вуьгучу хlуманех а ду, уггаре а дикачу Къинхетамечуьнан лайн куьцех а ду, Делах кхоьручу дикачу нехан куьцех а ду». Сийлахьчу Аллахlа аьлла: «Баккъал а, Делах кхийринарш ялсаманин бошмашкахь а, шовданаш юкъахь а Iийр бу, шайн Дала шайна делларг схьаоьцуш. [ХIунда аьлча] цул хьалха [лаьтта тIехь] диканаш деш хилла уьш. Буьйсанах цхьа кIеззиг ханна бен наб ца йора цара, ткъа Iуьйкъенашкахь шайна гечдар доьхура цара». [Аз-Зарият: 18-15]
Показать все...
Фото недоступноПоказать в Telegram
❌Бух болуш дац Пайхамар (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) цӀе яьккхича хьала гӀиттар, мелхо а, суннатехь дерг - Пайхамар (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) цӀе яьккхича салават диллар ду. 👉🏻Ткъа нахан билла бехка бац, нахан шайна гиннарг бен кхин хӀу лелор ду, вай делхьара цу нахан нийса дерг гойтуш, тӀаккха и нийса дерг шайна гича иза а лелор ма дара цара, ❕дӀаса хьажахь вай къома юкъа, мас стаг ву и нийса дерг нахан хьоьхуш, и хьеха шегахь Ӏилма дацахь и Ӏилма шегахь долчо хьехнарг даржош мас стаг ву хьажахь дӀас, вайна къа а ца хьоьгуш нис дала лаьа дерриге, оцу нийсон тӀехь къа хьега ца лаьа, юха бехка цу нахан билла лаьа, иза нийса дац!
Показать все...
Repost from N/a
Фото недоступноПоказать в Telegram
Бусалба ялсамане вохуьйтуш долу бахьана: - АллахIан къинхетаме дог дахар, Цуьнгахь дика ойла хилар: Иза моттар а, чIогIа лаар а, дог дахар а ду шен къинна АллахIа шена гечдийриг хилар а, Цо шех къинхетам бийриг хилар а, Цо Шен ялсамана ша вохуьйтург хилар а. АллахIа аьлла: «Ахь ала (Мухьаммад, сан цIарх), хIай, Iосаллашца тIехдуьйлуш, шайна бохамаш бинарш, АллахIан къинхетамах дог ма дилла. Баккъалла а, АллахI дерриг къиношна гечдеш ву (тоба дича). Иза, баккъалла а, гечдеш верг а, къинхетам беш верг а ву». Сурат «аз-Зумар», 53 а́йат. https://t.me/ssintemedog
Показать все...
Цхьана дикачу стага аьлла: Хьалха хилла дикачу нехан дийцарш доьшуш чIогIа цец вилара со, кIад ца луш, мал ца луш, муха деш хилла цара Iибадат, ца хедаш къурьан муха доьшаш хилла!!! Ткъа вай заманара телпо керар вахьа ца юллу кегирахой гичи, цец вилар дIаделира са. Хиира суна, дагана хIума деза делча дог цуьнех ца Iеби.
Показать все...