cookie

Мы используем файлы cookie для улучшения сервиса. Нажав кнопку «Принять все», вы соглашаетесь с использованием cookies.

avatar

Абу Идрис (Мои статусы)

Хlочохь ас статусе мел хоттош йолу хlума хир ю! Массо а хlума схьаэца пурба ду массаьрна а!

Больше
Рекламные посты
581
Подписчики
+124 часа
-37 дней
+430 дней

Загрузка данных...

Прирост подписчиков

Загрузка данных...

📖 Дуьххьара чу йиллана пост тӀийра дӀа еша!
Показать все...
Йа́ АллахӀ ас къа дечу хенахь, Хьуна со гой ма хаьа суна.. Хьоьх эхь цахеташ ма вац со Я Хьоьх цакхоьруш сай майралла гайта гӀерташ ма вац со Я Хьоьх цавешаш ма вац со Я Хьо цавезаш ма вац со. Сай ледар хиларна Сай гӀийла хиларна Сой сийсаз хӀум хиларна дужу-кх соьгар и юхаъ тӀаккха а. Ма чӀогӀа лаар суна цкъа́а Хьуна Ӏе́са цахуьлуш дик лай хила Ма чӀогӀа лаар суна Ахь соьх дозалла да, Хьо соьх воккха ве́-ва Ахь хьай Малийкш хьалха со хеста ва "Хьовсuuш Са лайга! Ма дукха веза-кх суна хӀара са лай" бохуш Ахь Джибрил (ӀалайхӀиссалам) тӀе кхайкхан Ахь со вийца.. Ахь са цӀе яккха ма чӀогӀа лаар суна. Делахь а са гӀийла хиларо Са сакхте-гӀалате хиларо Со ледар хӀум хиларо Ӏехавой Хьа къинхетам чеккхе до́за доцуш хиларо, ойхьаз воккхе, майра воккхе, хьекъал дӀа-хьой дужа-кх соьгар. ВаллахӀи! Ас динна цхьан къанна дохко валаз ма вац хьуна со Я ас динчух воккха веш ма вац хьуна со Йа́ АллахӀ Хьуна гуш бен цхьа къа дин дац ас. Са къинош, са эрчонаш Дени Нанни дӀагайтач са Йишан Вежаршна дӀагайтач са ~доьзална~ дӀагайтач са накъосташна дӀа гайтач -Соьга Салам лур дацар цаьра.. Соьга бист хир бацар уьш Со тергал вийр вацар цаьра Уггар тӀаьххьара ше доьзалхо дӀатосуш йолу Нанс цхьана, дӀатаса герга варкха со Хьуна гуш бен цхьа къа дин дац аса ‼️ Хьо соьга хьоьжи хуушехь эгга соьгар уьш, доьвлла соьгар уьш ХӀетте а.. Цкъаа дӀатесна вацкх Ахь со йа АллахӀ.(( Са доӀан жоп цалуш цавитнакх Ахь со Хьай къинхетам суна тӀе Ӏеночур сацин бац-кх Ахь Хьо Вовзале, дин довзале, къинош чу воьлла со лелачу хенахь ма цавитна Ахь со Ма къинхетаме ву Хьо Ма комаьрша вукха Хьо Хьан къинхетам чеккхе ба́рам до́за дац-кх, хӀай Къинхетаме верг. Сай долла къиношца́ни Сай эрчонашца́ни Сай ледарлонашца́ни сай сакхташца́ни Хьуна схьавеакх со юхаъ. Хьа къинхетаме наьӀре хьахоьттинкх со Ахь юх тохахь кхи цхьаа ма вац со цуьнга верзо Хьо воцург оьшуш ма вац суна Хьо воцург хьашт ма вац суна Хьо цхьаъ Реза хилчахьан, хӀара дуьне тӀекӀал да́ларх бе хеташ ма вац со. Хьай къинхетаме хьажарца, хьажахь соьга.. Гечдеехьа суна.. ВаллахӀи ас хьоьга кхи цкъаа къа дийр дац ала ма цаваьхьа со Со тӀех чӀогӀа ледар хӀума юкха. Делахь а, сайгар хӀуъ дожахь, Хьуна схьам вохур ву со И чӀагӀом ялур ю соьга йа́ АллахӀ, хьо воцчунна гӀур вац аьлла.. Хьо воцчуьнга со хьашт вац аьлла. Хьай къинхетамца гечдехьа суна.. Хьай комаьршалла тӀе Ӏа́на е́хьа суна Хьай къинхетам тӀе боттахь суна йа́ АллахӀ Йа́ АллахӀ хьуна кхи цкъа́а Ӏе́са цахила товфикъ ло́хьа су́на Ницкъ ло́хьа су́на Хьайна цадезарг цадеза дехьа су́на Хьайна дезарг деза дехьа су́на Хьо баккъалла а хьакъ мадду, Хьо веза а везаш, Хьоькх кхера хьакъ мадду кхера а кхоьруш Хьуна муьтӀахь хила хьакъ мадду, Хьуна муьтӀахь дик лай ве́хьа соьх. Хьо Цхьаъ бен ма Вац и ницкъ болуш. БӀаьрга негӀар туха сахьтана, сай Ӏаьсчу гӀийлачу дегӀа карахь ма витахь со Со хӀумма ма яц Хьо воцуш. Амин‼️ Амин‼️ Амин‼️
Показать все...
7👍 6😢 2🔥 1🤯 1
Ассаламу lалайкум ва рохьматуллахӀи ва барокатухӀ Лераме Вежарий Йижарий, хӀара вайн агӀо шай ницкъ маббу мутаӀеламашна дӀа йовзийта, шу бахьана долуш цáра Элчанна ﷺ дáхар Ӏама дахь, цунах масал эцахь, царна хуьлуш йолу йал хир йу шунá а ин шáа АллахӀ. ХӀунда аьлча Пайхамара ﷺ аьлла: "Цхьана дикачу хӀуманна тӀенисвинчунна, и дика хӀума дича санна йал хир йу аьлла". https://t.me/paihamaran_dahar
Показать все...
👍 2❤‍🔥 1
Ассаламу Ӏалайкум! ХӀара вайн агӀо йовзита шай статусе хотта ярца, шаьш чохь долу группашчохь дӀаса яржа ярца.🤝 https://t.me/nohchinkic
Показать все...
👍 1
Repost from ١٩٩٦
📖Хьайца даимна цхьа жайна хӀунда ца леладо ахь? Хьай аьтто баьллачохь доьшур долуш. Мел дукха пайданаш хир бу хьуна. ✅Эрна хан яйар дӀадер ду ✅Хьарамчух бӀаьрг ларбар хир ду ✅Эрна, йа хьарам къамелдар хир дац ✅Пайде хӀума Ӏемар ду ✅Делера ял хир йу 🪶ХӀунда аьлча Дала вайга уггара хьалхара дина омра «Икъроъ» ду - «Йеша» аьлла. 💬Йешарехь бу бусалба неха толам, цайешарехь - эшам.
Показать все...
👍 2 1🔥 1
Repost from N/a
Фото недоступноПоказать в Telegram
Маккахь кхиар, Ше́ма вахар, Хади́жа ялор АллахIан элча (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) буобер долуш кхиъна. Цуьнан дедас Iабдул-муттIалиба доладеш хилла цуьнан, цул тIаьхьа цуьнан девешо Iабдул-муттIалибан кIанта Абу ТIа́либа дола деш хилла цуьнан. Нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIа цIанвина (ларвина) иза цIунашна Iибадат даран воллех а, массо сакхтах а. Дерриге хаза гIиллакхаш а, амалш а елла Цо цунна. Шен нахана юкъахь «Тешаме верг» аьлла бен вевзаш а ца хилла иза, цуьнан тешамалла а, цуьнан бакълер а, цуьнан цIеналла а царна гина хилар бахьана долуш. Шен шийтта шо кхаьччи, шен девешийца Абу ТIалибца Ше́ма вахана иза. Бусро́ цIе йолчу метте[22] кхаччалц дIавахана иза цуьнца, цигахь Бахьи́ра́ цIе йолу мозгIарна гина иза, тIаккха цуьнан куьцаца вевзина цунна иза (пайхамар хир ву иза аьлла). Цунна тIе а веана, цуьнан куьг схьа а лаьцна, аьлла цо: «ХIара Iаламийн эла ву! ХIара Iаламийн Делан элча ву! АллахIа Iаламашна къинхетам бина воуьйтур волуш ву хIара!».
Показать все...
👍 4
Фото недоступноПоказать в Telegram
00:24
Видео недоступноПоказать в Telegram
Шега хаттар дича, Ӏелам стага цахаъ шена баха. Муха баха? Ӏелам стаган цахиа цо хаьттанарг? ХӀаъ, цахиъна! Иштта бу и Ӏеламнах! Хуур даркх и хаттар цхьа со санна чуьнга деллехь, цахаьа алар эхь ду моьттуш, хӀуъ аьлла цхьаъ ала гӀертара мавара..) Ма йоккха башхалла юкха "хууш долу тхуна а" нахана цаьрна хӀумма а цахаьа моьттуш болчу Ӏеламнахана а юкъахь!
Показать все...
9.89 KB
👍 1🔥 1💯 1
00:24
Видео недоступноПоказать в Telegram
🔸 Ӏуьйра ламаз деш верг
Показать все...
2.11 MB
00:31
Видео недоступноПоказать в Telegram
⏰ 7 даьлча Ӏуьйра ламазан..
Показать все...
3.44 MB