cookie

Мы используем файлы cookie для улучшения сервиса. Нажав кнопку «Принять все», вы соглашаетесь с использованием cookies.

avatar

Суннатан ОхIла

Хаттаран агIо: @hattaranago Къуръанан маьIна: https://t.me/kuran_nohchiyn_mattah Абу IабдуллахI: http://t.me/umarabdulkhaliym1444

Больше
Рекламные посты
2 447
Подписчики
Нет данных24 часа
+197 дней
-2530 дней

Загрузка данных...

Прирост подписчиков

Загрузка данных...

Иштта, и гIурба дийнарг, иза вайн некъа (суннат) тIехь ву, амма ламаз далле хьалха урс хьекхначо шен доьзална даа жижиг хилийтина, къобалдеш долу гIурба дац цуо дийнарг» [Бухарис а, Муслима а дийцна иза] ГIурбан жижиг декъар: Суннат гIурбана жижиг кхаъ декъе декъар суннат ду: Цхьа дакъа шен цIийна охIлунна дитар, шозлогIу дакъа совгIатан далар, кхозлогIу дакъа къе-мискачу нахана сагIийна далар. Иштта, дерриге дIадала а мегар ду. Амма важиб гIурбана жижигах цунна а, цуо кхобуш болучарна а даъа мегаш дац. Нагахьсанна цуо аьллехь бен: "АллахIан дуьхьа сайна тIе леци аса гIурбана уьстагI бер, иштта, цуьнан гIогI даар а" оцу хьолехь цуьнан гIогI даъ мегар ду цунна. Иштта, муьлха а кхийолу ша шена гIурба тIедожош юур ю аьлла билгал йина муьлха меже а мегар ду. Хьайбанна урс хьокхучу хенахь дан дезарг а, дича дика долучух цхьадерг а: Нигат хилар. Дуьш дерг ша хьалха цIе тоьхна долу хьайба дацахь, урс хьокхучу хенахь нигат хила деза гIурба ден. Нагахь санна ша гIурба цхьаьнга кхечуьнга доьйтуш делахь, иза ша векил вечу хенахь нигат хила деза, йа иза урс хьакха волалуш нигат хила деза. Нигат деш багахь хIумма баха оьшуш дац, нигатан меттиг дог ду. - Шен гIурбанна урс ша хьакхар. Шега урс ца хьакхалахь, хьокхучу хенахь уллехь хилар дика ду. - Урс хьокхуш АллахIан цIарца хьакхар, иштта, такбир дар а. Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) шен гIурба дуьйчу хенахь АллахIан цIе йоккхуш, такбир а деш хьекхна [Бухарис а, Муслима а дийцна иза] Нагахьсан вицвелла, йа цхьана бахьнанна бисмиллахI ца аьллехь, гIурба нийса ду, даъ мегаш а ду, АллахIан цIе яккхар суннат ду, важиб дац. - ГIурба къобул де аьлла дуIа дар. Iаишатас (АллахI рез хуьлда цунна) дийцинчу хьадисехь Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) ша гIурбанна урс хьокхучу хенахь элира аьлла: «АллахIан цIарца. йа АллахI, къобул де Ахьа Мухьаммадера а, Мухьаммадан охIлунера а, Мухьаммадан умматера а» [Муслима дийцна иза] - ГIурбана дуьш долу хьайба къилбехьа дерзор. Цу хьокъехь дехкина хьадийсаш гIийла делахь а, амма иза Асхьабашкара сецна ду. Иштта, Ибну Iумарна (Аллахl реза хуьлда цунна) къилбехьа ерзина урс хьекхна йоцу хIума яар дезаш ца хилла аьлла деъна. Имам аш-ШафиIис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Урс хьокхуш йолу хIума къилбехьа ерзор дукха деза суна» [мухтасар ал-музанний] Ткъа дика хууш верг АллахI ву. https://t.me/sunnatanokhla1441
Показать все...
ГIУРБА ДУЬЦУ ДАКЪА ГIурба бохург - гIурбана-Iийдан дийнахь хьайбан урс хьакхар ду, АллахIан герга хуьлуш, Цунна муьтIахь хуьлуш. ГIурбан хьукма: ГIурба дер - чIагIдина суннат ду. Анас бин Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дуьйцу: «Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) гIурба дийра, кIай-Iаьржа болучу шина каца. Суна иза гира, цаьршина агIонна тIе ког а биллина, АллахIан цIе а йоккхуш, такбир а деш, шен куьгаца урс хьекхира цуо цаьршина» [Бухарис а, Муслима а дийцна иза] Нагахьсанна адамо гIурба дер шена тIедожадахь, масала: "ГIурба ден чIагIо йо аса" йа "ХIара устагI гIурбана буьйра ма-бу аса" аьлла, цунна и дер важиб хилла тIедужу. Iаишатас (Аллахl реза хуьлда цунна) дуьйцу, Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIан муьтIахь хилар шена тIедожинарг милла валахь а, Цунна муьтIахь хуьлийла иза. Амма Цунна Iеса хилар шена тIедожинарг милла валахь а, Цунна Iеса ма хуьлийла иза» [Бухарис дийцна иза] ГIурбана ден йиш йолу хьайбанаш: ГIурбана ден йиш йолу хьайбанаш шайн бехкамашца кхаъ тайпа ду: 1) Пхи шо кхечна, ялхолгIачу шаре елла эмкил. 2) Ши шо кхечна, кхоалгIачу шаре делла бежин. 3) Ялх батталла хьалабелла устагI, йа шаралла хьалаелла газа. Эмикилна а, бежнанна а ворхI адмо юкъахьал дан мегаш ду. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Оха урс хьаькхира АллахIан Элчанца (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) хьудайбиййатехь, цхьана эмкална ворхIанна тIера, цхьана бежанна а ворхIанна тIера» [Муслима дийцна иза] ГIурбана мегаш доцучу хьайбана сакъташ: ал-Барраъ бин Iазиба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцна, Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Диъ хIуманах цхьаъ шеца долу хьайба гIурбана мегар дац: бIаьрзе дерг, шен бIаьрзе хилар билгал долуш; цомгаш дерг, шен цомгаш хилар билгал долуш; астагIа дерг, шен астагIа хилар билгал долуш; гIийла-оза дерг, шен тIум йоцуш» [Абу Давудс а, Тирмизис а, Ибну МажахIа а дийцна иза] Оцу сакъташха тера долу, кхиндолу жижиг эшош долу сакъташ а цу юкъадогIу. Ткъа и сакъташ билгал доцуш, кIезига далахь, цара гIурбана зен дийр дац. ГIурба дер суннат хуьлу бехкамаш: ГIурба дер суннат ду хIара бехкамаш шегахь кхочуш хиллачунна: 1) Бусулба хилар. 2) бераллера велла хилар. 3) Хьекъалчохь хилар. 4) Ницкъа кхочуш хилар. Ткъа ницкъа кхачарах лууш дерг: Нагахьсанна шена а, ша кхаба безачарна а, Iийдан дийнахь а, цултIаьхьа долчу кхаъ дийнахь тоьъчулла юучунна-молучунна а, духарна а, чохь Iа хIусамна а даьхни делахь, цулла совнаха гIурбана хьайба эца дехни далахь - иза гIурба ден ницкъа кхочучарах хуьлу. ЦIийнан охIлунах, цхьана рицкъанах хене бовлучарах цхьана адмо гIурба дийча бисинчарах массарех а кхачо хуьлу. Масала: Дас шена а, шен цIийна охIлунна а тIера нигат дина гIурба дийча, иза цунна а, цуьнан цIийна охIлунах болу, цуо кхобуш болучарна а тIера кхачо еш ду. Нагахьсанна, церан яар-малар цхьана рицкъанах дацахь, масала: Шена велла кIант валахь, шена рицкъа доккхуш, оцу хьолехь шена веллачо, шена а, шен охIлуна а тIера ден деза гIурба. Декхарехь волучо гIурба деран хьал: Декхар гIурбаналла хьалха доккхур ду. ХIунда аьлча, декхар дIадалар важиб ду, амма гIурба дер суннат ду, ткъа важиб суннаталла хьалха даккха деза. Нагахьсанна декхар хан тоьхна далахь, амма дIадала хан тIекхача дуккха хан йиснехь, иштта декхарехь верг тешна валахь, ша гIурба дийча декхаран хан тIе кхечча декхар дIадалан ницкъа кхочур бу ше аьлла - оцу хьолехь гIурба де мегар ду. ГIурбана хан: ГIурбана хан зул-хьижжат беттан иттолгIачу дийнахь Iийда ламаз диначултIехьа йолалуш ю, ташрикъан кхо де (гIубрана Iийдан дийналла тIехьадолу кхо де) чекхдаллалца летташ а ю. Оцу буьйсанашкахь ден а мегар ду гIурба. Амма деза дерг, Iийда ламаз диначултIехьа гIурба дерна сихо яр ду. ал-Барраъ бин Iазиба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцна, Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIара Iийдан де ламаз дарца дIадолор ду вай, тIаккха вайн хIусамашка юхадахна, гIурбана урс хьокхур ду вай.
Показать все...
Иштта, и гIурба дийнарг, иза вайн некъа (суннат) тIехь ву, амма ламаз далле хьалха урс хьекхначо шен доьзална даа жижиг хилийтина, къобалдеш долу гIурба дац цуо дийнарг» [Бухарис а, Муслима а дийцна иза] ГIурбан жижиг декъар: Суннат гIурбана жижиг кхаъ декъе декъар суннат ду: Цхьа дакъа шен цIийна охIлунна дитар, шозлогIу дакъа совгIатан далар, кхозлогIу дакъа къе-мискачу нахана сагIийна далар. Иштта, дерриге дIадала а мегар ду. Амма важиб гIурбана жижигах цунна а, цуо кхобуш болучарна а даъа мегаш дац. Нагахьсанна цуо аьллехь бен: "АллахIан дуьхьа сайна тIе леци аса гIурбана уьстагI бер, иштта, цуьнан гIогI даар а" оцу хьолехь цуьнан гIогI даъ мегар ду цунна. Иштта, муьлха а кхийолу ша шена гIурба тIедожош юур ю аьлла билгал йина муьлха меже а мегар ду. Хьайбанна урс хьокхучу хенахь дан дезарг а, дича дика долучух цхьадерг а: Нигат хилар. Дуьш дерг ша хьалха цIе тоьхна долу хьайба дацахь, урс хьокхучу хенахь нигат хила деза гIурба ден. Нагахь санна ша гIурба цхьаьнга кхечуьнга доьйтуш делахь, иза ша векил вечу хенахь нигат хила деза, йа иза урс хьакха волалуш нигат хила деза. Нигат деш багахь хIумма баха оьшуш дац, нигатан меттиг дог ду. - Шен гIурбанна урс ша хьакхар. Шега урс ца хьакхалахь, хьокхучу хенахь уллехь хилар дика ду. - Урс хьокхуш АллахIан цIарца хьакхар, иштта, такбир дар а. Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) шен гIурба дуьйчу хенахь АллахIан цIе йоккхуш, такбир а деш хьекхна [Бухарис а, Муслима а дийцна иза] Нагахьсан вицвелла, йа цхьана бахьнанна бисмиллахI ца аьллехь, гIурба нийса ду, даъ мегаш а ду, АллахIан цIе яккхар суннат ду, важиб дац. - ГIурба къобул де аьлла дуIа дар. Iаишатас (АллахI рез хуьлда цунна) дийцинчу хьадисехь Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) ша гIурбанна урс хьокхучу хенахь элира аьлла: «АллахIан цIарца. йа АллахI, къобул де Ахьа Мухьаммадера а, Мухьаммадан охIлунера а, Мухьаммадан умматера а» [Муслима дийцна иза] - ГIурбана дуьш долу хьайба къилбехьа дерзор. Цу хьокъехь дехкина хьадийсаш гIийла делахь а, амма иза Асхьабашкара сецна ду. Иштта, Ибну Iумарна (Аллахl реза хуьлда цунна) къилбехьа ерзина урс хьекхна йоцу хIума яар дезаш ца хилла аьлла деъна. Имам аш-ШафиIис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Урс хьокхуш йолу хIума къилбехьа ерзор дукха деза суна» [мухтасар ал-музанний] Ткъа дика хууш верг АллахI ву. https://t.me/sunnatanokhla1441
Показать все...
Суннатан ОхIла

Хаттаран агIо: @hattaranago Къуръанан маьIна:

https://t.me/kuran_nohchiyn_mattah

Абу IабдуллахI: http://t.me/umarabdulkhaliym1444

ассаляму ‘алайкум варохьматуЛлох’и вабарокатух’у, вайна аг’он-ш т’аьхь , жимма шайна пайда гахь , дехар дар шуьга, вайн аг’онш яржош дакъа лацарц … диканиг гайтинчунна и динча санна ял хуьлуш ю , ин шаа Аллах’ 1)🌐 https://t.me/fa_firru_ilalloh 2)🌐 https://t.me/liwajkhillah 3)🌐 https://t.me/umma_tun Дала диканц бекхам бойла дакъ мел лаьцчун
Показать все...
Repost from SUNNA_HEHAM
«Вежарий, шайн нияташ тодеш, царна тӀедерза! Нехан доьхьа хаза, дика хила гӀертар Ӏаддита! Шун бух а, Ӏалашо а нийса долчунна тӀехь нисдалар хуьлийла! Иштта хилла бу салафаш кхиаме а, ирсе а.» © Ибнуль-Джавзий
Показать все...
ХIара сан сайн агIо ю: 〰️ https://t.me/umarabdulkhaliym1444 Ткъа "Суннатан ОхIла" мутIелимашна юкъар агIо ю, уьш со санна мокъа цахилар бахьан долуш, хIинцалца жоьпаш лург со цхьаъ валахь а, дешарах а, хенах а цхьа йиста елхча кху чохь жоьпаш луш хир болуш бу уьш, дешахьалхенехь билгал ма-дарра!
Показать все...
Iумар Абу IабдуллахI

- Къуръанан маьIна:

https://t.me/kuran_nohchiyn_mattah

- Хеттаршна жоьпаш:

https://t.me/sunnatanokhla1441

ХӀара вайна агӀо яржош дӀакъа лаьцча,ма дика хира дара) Хьоьх бахьан а даьлла, х1ара аг1о йовза а евзина, кху аг1онах пайда моссуза оьцу, хьуна а цуьнах ял хира ю ин шаа АллахӀ!⬇️ https://t.me/aswadasad
Показать все...
السلام عليكم ورحمة الله وبركاته https://t.me/rbc_news/95299 На РБК проводится опрос относительно никаба. Просим всех братьев и сестер зайти и просто нажать на 2-й пункт. Ничего больше от вас не требуется. 2 нажатия на экран, и ваша награда у Аллаха будет ждать Ин Шаа Аллах. Мы должны делать все что в наших силах для помощи мусульманам
Показать все...
#Хаттар121 Ассаламу Iалайкум. Тахан чIогIа держин ду зудчун еттар. Аьллаг цадина оли синякш йохш тухи охь юьллу. Хаттар дара, муьлах хьолехь мегш ду зудчун етта? Дала, Пайхамара Делер салават маршо хуьлд цун ху бах цу хьокъехь? АллахIа диканц бекхам бойл хьуна. • ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI Зуда майрчо аьллаг деш яцахь, майрчунна муьтIахь яцахь, хаза дуьцуш кхето езаш ю. Мел хаза дийцча а кхеташ яцахь, меттахь цух дIавала веза, цунга виста цахуьлуш, цунца вижа цавуьжуш, ша чIогIа реза воци хоуьтуш. ХIетте а кхеташ яцахь, чов цаеш тоха мегаш ду. Зудчун еттар цхьанне хьолехь мегаш дац. Мегаш дерг тохар ду, иза Iамош хила дезаш ду, таIзар деш, хIуьтрен, гамон хила дезаш дац. Сийлахь волчу АллахIа аьлла: «Шайн муьтIахь цахиларна шу кхоьруш болчарна (зударшна) хьехар де аша, дIатаса уьш меттахь, тоха аш царна, ткъа нагахьсан уьш шуна муьтIахь хилахь тIех ма дийла царна тIехь, баккъалла и АллахI лекха а, воккха а ву.» [сурат ан-нисаъ, 34-гIа аят] Хаза аларна, дIатасарна, тохарна юкъахь "кхетар йолуш яц хIара" аьлла хетар долуш хан хила езаш ю. Масалан, цхьан хIуманехь зуда лалугIуш яцахь, хаза, кIеда, дуьцуш кхето еза, цкъа, шозза, кхузза, доьаза. Нагахьсан "делахь, мел дукх дийцчи кхетар йолуш яц хIара" аьлла ойла ялахь, цу хьолехь аятехь дийцинчу шологIчу хIумане дехьа вала веза, иза дIатасар ду. Хаза, кIеда, кхетош дийцча кхеташ яцахь, цултIехьа дIатаса еза. Цунга виста цахиларца, цунца меттахь цавижарца, цунна луург цадарца. ТIаккха а "хIетте кхетар йолуш яц хIара" аьлла ойла сацахь, кхологIчу хIумане дехьа волу, иза тохар ду. Хаза дийцчи, дIатесна йитичи кхеташ яцахь, чов цаеш, беран санна, Iама еш тоха мегаш ду. Цу хьолехь тохарехь лардан дезаш бехкамаш ду: Хьалхара бехкам - стаг тешна хила везаш ву, ша тохаро пайда бийрг хиларехь. Нагахьсан ша тохахь кхин а гена дера ду аьлла хетахь, йа зуда кхин а дуьхьул ера ю аьлла хетахь, цу хьолехь тоха мегар дац. ШафиIийн а, Маликийн а мазхIабехь дийцина ду иза. ХIунда аьлча, цу тохаран маьIна, и Iамаяр ду, цунна хьехам хилитар ду, таIзар дар а, кхера яр а дац. ШологIа бехкам - чов цаяр ду. Меже Iаржа еш, йа сян еш, йа каг еш, йа кхийолу чов еш тоха мегаш дац. Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) ишттачу хьолехь тохар дуьцучу, цIена бух болчу хьадийсехь "чов цаеш" аьлла хьахийна. КхологIа бехкам - юьхь тIе, йа кхийолу лазян, йоха ян кхерам болчу метте цатохар ду. Хьаким ибн Муlавис, шен дас (Аллахl реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) хаьттира аьлла: «Хlай АллахIан элча! тхайн зударийн хlун хьаккъаш ду тхуна тlехь?». Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) жоп делла: «Царна хlума яон декхарийлахь ду шу – нагахь шаьш юуш елахь, царна тlедоха а декхарийлахь ду шу – нагахь шаьш тlеюхуш елахь. Иштта, шун бакъо яц - царна яххьашна тlе тохан а, я уьш сийсазбан а (царга вон мотт ле бан а), я хlусамера уьш арабахан а.» (Ибн Хьиббана а, Хьакима бакъ хьадийс ду аьлла иза). Ткъа дика хууш верг АллахI ву. https://t.me/sunnatanokhla1441
Показать все...