cookie

Мы используем файлы cookie для улучшения сервиса. Нажав кнопку «Принять все», вы соглашаетесь с использованием cookies.

avatar

Эхартан-хlонц

Аллахlан элчано (Аллахlера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: "Уггар дуьззина иймандолу бусалбанаш - уггар хаза гlиллакхдерш бу". Хьадис Абу-Давуда дийцина (4682).

Больше
Рекламные посты
1 172
Подписчики
Нет данных24 часа
-97 дней
-2430 дней

Загрузка данных...

Прирост подписчиков

Загрузка данных...

Кху итт дийнахь йан мегар йолчу lамалех коьрта йолу lамалаш
Показать все...
Показать все...
Фото недоступноПоказать в Telegram
Repost from ИСЛАМ ДИН
Фото недоступноПоказать в Telegram
Зуль-Хьижжат беттан хьалхара итт де «Зуль-Хьижжат беттан итт дийнал а сийлахьчу дийнахь малх ма ца кхета. Цу деношкахь йина Iамал йеза, сийлахь лерина йу (кхечу деношкахь йинчул а). Цу Iамалх уггаре диканиг — ламаз дар, такбир дар («АллахIу акбар» бахар), сагIа далар, марха кхабар, хьаждар ду. Иштта, йеза леринчу хенахь йина вуон Iамалш а, къилахь совйовлуш йу». Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарифий (АллахIа Iалашвойла иза)
Показать все...
Кху итт (10) дийнахь ян мегар йолчу Iамалех коьрта йолу Iамалш: 🌸➖Марха кхабар, шен ницкъ кхочучу барамехь, амма дукха кхаба ницкъ ца кхачахь, шега кхабалуччул кхобур ду, цхьа марха бен ца кхабалахь а. Марха кхабар уггар дикачу Iамалех цхьаъ йолун дела. Цхьана дийнан мархано жоьжахатенах бусалба генавоккхуш хиларна кхузткъе итт (70) шарна. Делахь а, марха исс (9) дийнахь бен кхобуш дац, иссалгIа де Iарафат де ду, иза уггар деза дерг а ду, и иссалгIа де а кхобур дац хьаж дан вахана Хьаж-цIахь волчо, цунна бархI кхаба бен мегар дац, амма итталгIа де - иза гIурбана урс хьокху де ду, цу дийнахь марха кхабар хьарам ду, и де цхьаммо кхобур дац. 🌸➖Къуръан дешар, шен ницкъ кхочучу барамехь, дийнахь цхьа жуз дешна а. 🌸➖АллахI дукха хьехор, муьлххачу кепара, масала: *«АллахIу акбар» бахар, «Субхьа‌наллохI» бахар, «АлхьамдулиллахI» бахар,«АстагIфируллохI бахар», «Ла‌ ила‌хIа иллаллахI» бахар, «АстагIфируллахIи ва ату‌бу илайхIи» бахар, «Ла‌ хьавла ва ла‌ къуввата илла‌ биллахI» бахар, «субхьа‌наллахIи вабихьамдихIи» бахар, иштта кхин муьлхха а кепара АллахI хьехор.* 🌸➖Iуьйранна а, суьйранна а доьшуш долу азкараш дешар. 🌸➖ДIавуьжуш а, самаваьлча а доьшуш долу азкараш дешар. 🌸➖Стегарша пхиэ ламаз маьждигехь жамаIатца дар, маьждиге вахаза виснехь шен чохь дина а жамаIатца дар, иштта зудчо шен чохь жамаIатца ламаз дар. 🌸➖Фарз ламазашца хоттаделла долу суннат ламазаш дар. 🌸➖ТахIажжуд ламаз дар, дIавижале дина а. 🌸➖ Духьа ламаз дар, ши ракаIат дина а. 🌸🌸➖Иштта кхийолу ерриг дика Iамалш совъяхар, масала: доIанаш дар, сагIина хIума ялар, дена-нанна дика хилар, гергарлонаш лелор, диканиг де алар, вониг ма де алар, и доцург кхин а и саннарш. Ткъа дика Iамалш цу итт 10 дийнахь муьлха а цхьана денчохь яр яц коьрта Iалашо, мелхо а, коьрта Iалашо цу итте а дийнахь яр ду, цхьа а де дIа ца дохуьйтуш, цу денчохь дика Iамал ца еш, шен ницкъ кхочучу барамехь, амма вай ягар йина и Iамалш бусалба стеган шен дахарехь даима а хила езаш йолу Iамалш ю, делахь а, кху итт 10 дийнахь къаьсттина чIогIа ларор ю.
Показать все...
21_Муьлха_lамалаш_ян_мегар_ду_Зул_хьижжахl_беттан_итт_дийнахь_Iадлан.m4a14.14 MB
Фото недоступноПоказать в Telegram
«Я АллахӀ, Палестинера а, Афганистанера а, Нохчийчуьра а гӀелонехь болчу бусалба нахана гӀо де ахь...». Юха а сан Шайх СаӀи‌д Ӏабдул-Ӏазы‌ма шен жайнахь Нохчашна доӀа деш. ✈️https://t.me/adlan_haracho
Показать все...
Фото недоступноПоказать в Telegram
00:33
Видео недоступноПоказать в Telegram
Хийла кlант хьийзина, хийла борз уьгlна, бlешарийн баланаш хуьйдина латта…
Показать все...
IMG_0217.MOV11.86 MB
Показать все...
Ӏакъидатан Академин 2-гӀа курс

✅Вайца зӀе: @Akidatan_Akademi_Bot ✅Ижазатийн агӀо: @Akidatan_Akademiy ✅Ютуб агӀо: youtube.com/@Akidatan_Akademiy