cookie

Мы используем файлы cookie для улучшения сервиса. Нажав кнопку «Принять все», вы соглашаетесь с использованием cookies.

avatar

"ДАЙМОХК" ГАЗЕТ

Республикин газет @daymohkrg_bot - тхоьца зӀе

Больше
Рекламные посты
689
Подписчики
+124 часа
-67 дней
-930 дней

Загрузка данных...

Прирост подписчиков

Загрузка данных...

Россин Федерацин Президентаца Путин Владимирца цхьаьнакхетар дӀадаьхьна Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан кӀантаца Кадыров Ӏелица. Цу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин Мехк-Дас телеграмерчу шен агӀонехь. Путин Владимира кхайкхарца ваханера Кадыров Ӏела цуьнца цхьаьнакхетаре. Цигахь Россин Президента керла хӀусам кхолларца декъалвира Ӏела. "Вайн Президента керла хӀусам кхолларца Ӏела декъалвира, цунна дийцира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентах, Россин Турпалхочух Кадыров Ахьмад-Хьаьжех лаьцна. Шена Нохчийчоьнан хьалхара Президент муха дагавогӀу а, цуьнан амал а йийцира цо Ӏелина. Владимиран Владимира хьекъале хьехамаш бира баккхийчеран дахаре волуш волчу Ӏелина", — йаздина Кадыров Рамзана. Цо билгалдаьккхира, Президентаца хиллачу цхьаьнакхетаро Ӏелина дуккха а шерашна ницкъ белла хилар.
Показать все...
👍 2
Фото недоступноПоказать в Telegram
Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствон гӀоьнца, Республикин "Исламан зӀаьнарш" газето, 14 шо кхаччалц долчу берашна йукъахь Сийлахьчу Къуръанан 93-гӀа сура "Ад-Духьа" дика дешаран къовсам дӀакхайкхийна. Къовсаман лехамашца а догӀуш, асаран беттан 21-гӀа де тӀекхачале сура доьшуш видео а йаьккхина, хӀокху лоьмарца дӀатаса йеза: 8 929 890-43-34. Толамхошна дипломаш а, ахчанан совгӀаташ а лур ду.
Показать все...
👍 2
Repost from ДУМ ЧР
САЛАХЬ-ХАДЖИ МЕЖИЕВ О ДОСТОИНСТВЕ БЛАГОСЛОВЕННОГО МЕСЯЦА ЗУЛЬ-ХИДЖА.
Показать все...
Repost from ДУМ ЧР
20:23
Видео недоступноПоказать в Telegram
ХУТБА МУФТИЯ 07.06.24 (02).mp41256.77 MB
Нохчийн Республикин Мехк-Ден гӀоьнчин, Республикин къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министран Дудаев Ахьмадан тӀедилларца а догӀуш, Украинехь тӀеман леррина операци дӀайахьаран бахьанаш бахархошна а, тайп-тайпанчу учрежденийн белхахошна а довзийтаран болх бу вайн махкахь дӀахьош. Министран заместитель волчу Баширов Сайд-Мохьмада а, Ӏеламнаха а, йукъараллин гӀуллакххоша а, чоьхьарчу гӀуллакхийн отделийн векалша а дуьйцу тӀеман операци дӀайахьаран хьокъехь, билгалдоху бахьанаш, йовзуьйту вайн бӀаьхошна хьалха лаьтташ йолу Ӏалашонаш. Цул сов, хьоьху харц-хаамаш къасторан некъаш, дуьйцу бандеровцаша а, нацисташа а цигарчу маьршачу бахархошна тӀехь латтийнчу къизаллах лаьцна. РогӀера иштта цхьаьнакхетар Хьалха-Мартан бахархошца дӀадаьхьна.
Показать все...
👍 2
Фото недоступноПоказать в Telegram
Тховса, асаран беттан 7-чохь, иштта, 8-чохь а, 9-чохь а буса-диийнахь а, 10-чохь Ӏуьйранна а секундехь 20-25 метр чIагIалла а йолуш, мох а, чӀогӀа догӀа а хила тарло. Меттигашкара хиш дестарна кхерам бу. Цуьнца а догӀуш, ларлуш хилахьара аьлла, бахархошка кхайкхам бо МЧС-н векалша. 📞112 - лерринчу службийн цхьааллин номер
Показать все...
👍 3
Нохчийн Республикин Мехк-Ден а, Правительствон а Администраци вовшахтоьхна 24 шо кхаьчна. Оцу мехалчу хиламна лерина даздарийн гIуллакхаш дIадаьхьира «Ирсе де» Event-агентствон даздарийн цIийнехь. «Ас хазаетарца дакъалецира Администрацин белхахой декъалбаран гIуллакхехь. Цигарчу зала чохь хиллачарах дукхах болчаьрца цхьаьна йуьххьера дуьйна дIаболийра оха болх. Къахьоьгура ницкъ ма-кхоччу, халонашка хьаьжна ца Iаш, болх бан цхьана а тайпа хьелаш цахиларе хьаьжна ца Iаш. Тхох хIоранна а дика дагадогIу и шераш. Хала дара. ХIора дийнахь лелхарш дара. Бандиташа, зуламхоша бойъура Россин Iедалца цхьаьна гIуллакх деш берш. И зуламаш дарца, къизалла лелорца халкъ кхеро, адамаш хьере дан гIертара. Амма церан йамарт Iалашонаш кхочуш цахилира», – йаздина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана телеграм-каналехь. Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа даррехь вахабизмана а, терроризмана а дуьхьал велира, цаьрца луьра къийсам дIаболийра. Цо и гIулч йаьккхира Нохчийчохь дуьненайукъарчу терроризман декъашхоша а, талорхоша а лелош долчу зуламаша, латтош долчу Iазапо халчу хIоттийна долу нохчийн халкъ кIелхьардаккхархьама, Нохчийчохь машар хилийтархьама, адамаш зовкхе дахийтархьама. Цунна лаьара халкъ паргIат, ирсе дехийла. «Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъа тIехь Нохчийн Республикин Мехк-Ден а, Правительствон а Администрацин белхахоша, шаьш-шайн ца кхоош, доггаха къахьегар бахьана долуш, тахана Iедал а, йукъаралла а цкъа а ца хиллачу кепара цхьаъ хилла дIахIоьттина. И цхьаалла вайн халкъо дуьненайукъарчу терроризмана, кегарина, къеллина тIехь баьккхина толам бу!», – йаздина Р.Кадыровс. Нохчийчоьнан Мехк-Дас оцу даздаршкахь мехала совгIаташ дира балхахь къаьсттина хьуьнаре къахьегарца билгалбевллачу Администрацин белхахошна. Иштта, Нохчийн Республикин Лаккхара совгIат – Кадыровн орден йелира Нохчийн Республикин Мехк-Ден секретариатан куьйгалхочунна Эдилов Валидна, цуьнан заместительна заместительна Дадаева Залинина, Нохчийн Республикин Мехк-Ден а, Правительствон а Администрацин Куьйгалхочун заместительна, бакъонийн департаментан директора Берсункаев ГIаибна, Нохчийн Республикин Мехк-Ден а, Правительствон а Администрацин Куьйгалхочун секретариатан куьйгалхочунна Магомедов Ризванна, Нохчийн Республикин Мехк-Ден а, Правительствон а Администрацин Куьйгалхочун хьалхарчу заместителан хьехамчина Тамаев Iаьрбина. Иштта, «Нохчийн Республика кхоьллина 100 шо» мидалш а, Нохчийн Республикин Мехк-Ден Сийлаллин грамоташ а, Баркаллин кехаташ а делира Администрацин уггаре а жигарчу белхахошна. Кадыров Рамзана даггара баркалла элира цигахь вовшахкхеттачарна доггаха къахьегарна а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъана тешаме хиларна а. «Со тешна ву цхьана а тайпа халонашна хьалха вай, къарделла, совцург цахиларх а, вай майрра хьалхахьа некъ бийриг хиларх а», – дерзийра Нохчийчоьнан Мехк-Дас даздаршка баьхкинчарна хьалха дина къамел.
Показать все...
👍 4
05:56
Видео недоступноПоказать в Telegram
232.15 MB
👍 3
Айдамиров Абузаран цӀарахчу Нохчийн Республикин къоман библиотекехь «Шайн Даймехкан гӀаролхой. ТӀеман лерринчу операцин Турпалхой» гайтам схьабилла. ТӀеман леррина операци дӀахьош билгалбевллачу 170 бӀаьхочунна лерина стендаш йу цигахь гайтина. Царна йукъахь Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Рамзан а, НР-н Правительствон Председатель Даудов Мохьмад а, НР-н Правительствон Председателан заместитель Висмурадов Абузайд а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу полицин лерринчу полкан командир Чалаев Замид а, кхиберш а бу. Оцу мероприятехь дакъалецира Нохчийн Республикин Мехк-Ден гӀоьнчас, НР-н къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министра Дудаев Ахьмада а, НР-н кегийрхойн гӀуллакхашкахула волчу министра Висмурадов Рамзана а, Росгвардин Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин хьаькаман хьалхарчу заместитела Рашаев Султана а, кхечара а. Культурин дӀадолорийн Президентан фондан грантийн гӀоьнца и болх цхьаьнатоьхна Республикин йукъараллин «Турпалхой» боламо.
Показать все...
👍 2
2020-чу шеран чиллин беттан 23-чу дийнахь дукха адам дара Со­ьлжа-ГIалин​ «Заветы Ильича» урамехь во­вшахкхетта. Цу дийна­хь ураман цIе хуьйцуш йара, дукхахболчу вайн махкахойн лаамц­а. Алиев Вахин цIе ​ йара​ хIинца урамна туьллуш йерг. Цунах чIогIа​ баккхийбеш урамера бахархой а, кхиболу гIалахой а бара. ЦIарна цIейах­хана бIаьхо хилла Ал­иев Ваха. 1941-чу ше­ран асаран беттан 22­-чу дийнахь Даймехкан Сийлахь-боккха тIо­м​ болабеллачу муьр­ехь, 17 шо кхачале, ЦIечу Эскаран могIар­шка шен лаамехь дIах­Iоьттина, дарделла лом санна мостагIех летта ву нохчийн йахь йолу и кIант. Цуьнан цIе​ тилларал сов, Алиев Вахин синсов­гIатана иэс-чурт (ст­елла) дуьйгIира​ цу дийнахь. Иза чIогIа мехала дара, тIекху­ьучу чкъурана вайна йукъахь хьуьнаре ада­маш а, турпалхой а хиллий дIахаийта. Цар­ах цхьаъ хилла ша сх­ьаваьллачу нохчийн къоман тешаме воI, дог майра бIаьхо, лакк­харчу корматаллин ло­р, Чечанахь бехачу нохчийн доьзалехь дуь­нен чу ваьлла вара Алиев Iамерхьажин кIа­нт Ваха. ​ ​ ​ ​ ​ 1924-чу шеран чиллин беттан 28-чу дийнахь вина из­а. Йуьртарчу школехь ворхI класс ​ кхиам­ца чекхйаьккхина, ​ Соьлжа-ГIаларчу меди­цинин училищехь дешна цо. Фельдшеран кор­маталла карайерзийна, хьаналчу къинхьега­ман некъ дIаболийна шен ворхIе да ваьхна­чу Чечанахь. ТIом дI­аболабеллачу хьалхар­чу деношкахь дуьйна фронте дIаваха болчу лаамца кIоштан тIем­ан комиссариатана хь­алхара дIаволуш ваца­ра кIант. Амма тIехь­аьжча дегIана эгIаза волу иза эпсарша​ дIачехавора, ЦIечу Эскаре боьлхачеран мо­гIаршка ца йазвеш. Цул сов, 18 шо кхачча­лц цхьа а тIаме вуьг­уш а вацара йуьхьанц­а. Амма доггах вилхи­нчунна бIаьргех цIий деана олуш ду халкъ­алахь. Иштта, цхьа гечо карийра синтем боцчу жимачу стагана цIийх лешачу даймахк­ана орцахвала. Шен лаам кхочушбеш ЦIечу Эскаран могIаршка дI­ахIоьттина, тIаме бо­ьду некъ йуьхьарлеци­ра 1942-чу шеран йуь­ххьехь Алиев Вахас. КхидӀа йеша "Даймохк" газетан 27-чу лоьмарехь.
Показать все...
👍 3