ru
Feedback
Бусалба Дин

Бусалба Дин

Открыть в Telegram

(Анонимный вопрос дала лууш волчунна) https://f3.cool/nekaxo?hl=ru&stid=nysegMa&theme=7KI5e • АгӀо лелош вериг : Ӏабдуррохьман @busalba_din_bot

Больше
532
Подписчики
Нет данных24 часа
Нет данных7 дней
Нет данных30 дней
Архив постов
ВаӀалайкум ассалам ва рохьматуллахӀ Шен дола йаьлла йоцу хӀуманцщ йохкаэцар хир йац, магийна йац. Шегахь долахь йолуш санна й
ВаӀалайкум ассалам ва рохьматуллахӀ Шен дола йаьлла йоцу хӀуманцщ йохкаэцар хир йац, магийна йац. Шегахь долахь йолуш санна йохка мегар дац

Цхьан къонахчунна Ӏилман ӏаморан тӏехь хилла йолу сутаралло велхийра ӏумар (رضي الله عنه) Шеем махкара цхьа къонах кхечира Ӏумар Ибн Аль-Хаттаб волче ӏумарс цуьнга хаьттира : «Муьлха бахьан ду хьо кхузе гена махкара вар ?» Оц къонахчо жоп делир : «Шахӏадат даккха сайн ӏамо веана со...» И дешнаш хезчи, шен маж йашош ӏумар вилхира, цул тӏехьа цо элира : «Валлахӏи чӏогӏа са ма туьйсу аса, Аллахӏо хьун цкъа а, ӏазаб ца даре...» [بدائع الصنائع ٢/١] https://t.me/busalba_din

Хьасан Аль-Басрийс (رحمه الله) аьлла : «Йалсаман чохь болу нахана Аллахӏ гичи, йалсаманийн ниӏматаш дицлур ма ду царна... .» [روضة المحبين و نزهة المشتاقين ٤٢٢] https://t.me/busalba_din

Ӏилма Ӏамо деза. Куфралла хӀу ду билгала даккха ца хууш болу наха, цара деш долу такфиршац тем более, кӀезиг бал хила беза.
Ӏилма Ӏамо деза. Куфралла хӀу ду билгала даккха ца хууш болу наха, цара деш долу такфиршац тем более, кӀезиг бал хила беза.

Ламазан хьалха долу раватиб суннаташ, ламаз дин ваьлча дар Абу Давудс схьадалийна шен сунан жайнийн чохь : «Пайхамара ﷺ шен делкъ ламаз хьалхара суннаташ данза дисича, делкъа ламаз ма динна, цо уьшша деш хилар... .» Оцу хьадисо тӀе нийса во, шен дисина долу суннат ламазаш метта хотто йиш хилар [تحفة الأحوذي] https://t.me/busalba_din

• Пхьуьйра ламаз тӀехь таттар суннат ду Пхьуьйра ламаз тӀехь таттар гӀолехьа ду, шортта Пайхамаран хьадисашкахь деана ду, амм
Пхьуьйра ламаз тӀехь таттар суннат ду Пхьуьйра ламаз тӀехь таттар гӀолехьа ду, шортта Пайхамаран хьадисашкахь деана ду, амма хьал тергал дийра ду. Ахь дуьйцуш долу хьолехь, кхи тӀехь джамаӀат хир йолуш йацахь , ламаз хьа хьай дан дезаш нислуш далахь, Пхьуьйра ламаз хьай хенна дар гӀолехь ду https://t.me/busalba_din

Деккъа Пайхамаран ﷺ къамелан тӏе тевжина хьукм дар Имам Ибну Солахь (رحمه الله ) цу хьокъехь аьлла : «Хьадийсшца ахькамш охьадахкар, умматан Ӏеламнахе диллина ду (жахӏил нахе диллина дац)... .» [فتاوى ابن الصلاح 1/249] https://t.me/busalba_din

Ӏеламнеха лерам бар Робийӏс (رحمه الله) дуьйцу : «Валлахӏи хин къурд бан ма ца ваьхьар со, Имам Шафиӏий сайга хьахьоьжуш волуш... .» [ آداب طالب العلم 28 ] https://t.me/busalba_din

Робийӏ Ибн Анас (رحمه الله) аьлла : «Аллахӏ везаран билгало — и дукха хьехош хилар ду. Хӏунда аьлчи, адам шен дезаш долу хӏума дукха хьехош хуьлу... .» [مدارج السالكين ٢/١٦٣] https://t.me/busalba_din

• Имам Ас-Самӏанийс (رحمه الله) дуьйцу : «Хьан даг чохь цӏен нийат хилчахьана, ӏадатехь вайна юккъехь долу белхашкахь Аллахӏе
Имам Ас-Самӏанийс (رحمه الله) дуьйцу : «Хьан даг чохь цӏен нийат хилчахьана, ӏадатехь вайна юккъехь долу белхашкахь Аллахӏер йал хира йу, ахь дийриг билгала даьккхина цӏен ӏибадат дацахь а. Масала : айхьа йаъ хӏума йаале хьалха нийат дичи (Аллахӏан муьтӏахь хиларехь, сайгахь гӏора хилийтархьамма буур букх ас хӏар кхача - аьлла) и нийат бахьан долуш Аллахӏо ахь хӏума йиина аьлла, йоккха йал йазор йу хьуна ин ша Аллахӏ.. .» [طرح التثريب في شرح التقريب] https://t.me/busalba_din

Нийса къамел ду, амма коьрта ларбан безаш болу бехкамаш • Фард лийчар тӏер даккхаран ният хила деза. • Луьйчуш волуш шен ӏовратах куьг кхетарах лар вала веза Цу шиннах цхьа бехкам кхочуш ца хиллехь, тӏаккха ламаз эца дезар ду [الفقه الإسلامي وأدلتها] https://t.me/busalba_din

photo content

Абу-Хьамза Аш-Шафиӏий (حفظه الله) «Боьрш нахана цхьанна кепара украшени магийна йац, детийн чӏуг (серебряное кольцо) йоцург... .» https://t.me/busalba_din

sticker.webp0.04 KB

sticker.webp0.08 KB

Классический литератур ешар В общем аьлчи, ШарӀий литератур йоцуш, цхьа муьлха поэзи, истори, классик еша йолуш йу. Бакъ ду, ша йолу книжка цхьатерра ца хуьлу. — Масала куфраллан йа цхьа кхийолу Ӏосаллин герга вуьгуш и йалахь — хьарам хир ду. • Цундела муьлха книжка йу хьаьжжина цунна шен хьукм хир ду https://t.me/busalba_din

photo content

Машен чехка хахкар бахьана долуш дӀакхалхар Машен чехка хаьхкина валар — «самоубийство» лорур йац. «Самоубийство» иза — шен лаам болуш кхалхар ду, машен чехка хахкар цу юккъе ца догӀу. Машен чехка хохкуш волчунна, дӀакхалха лаам хир бу моьттуш вац со. Бакъ ду, «самоубийство» и ца ларарх , цо некъан низам лар ца дар бахьана долуш кхечунна зен хиллехь - къа хир ду цунна, иштта а, зен метта хотто дезаш хир ду(хьоле хьаьжжина) [فتاوى نور على الدرب] https://t.me/busalba_din

photo content

Бусалба нах, керст неха махкахь бахар. (масала: европа, Америка кхиерг) Имам Ан-Нававийс (رحمه الله) аьлла : Цигахьа шен дин гучу даьккхича цуьнг хӏумма эра доцуш , паргӏат лела йиш йолуш валахь — Карахӏат(нежелательно) хир ду цигахь ӏар, цу хьокъехь бух болуш хьадисашкахь Пайхамара ﷺ билагала даьккхина : керст нахах дӏакъаста везаш хилар бусалба стаг Нагахьсанна дин гучу даккха цунна бакъо луш йацахь , йа керста нахера фитан хила кхерам балахь, шена йа шен тӏаьхьалонна – тӏаккха хьарам хир ду, царна юккъехь Ӏар. [روضة الطالبين] https://t.me/busalba_din