Варандойн Сайд-lали
Открыть в Telegram
«Толам собарца бен ца хуьлу» وَأَنَّ النَّصْرَ مَعَ الصَّبْرِ Хьехамаш, лекцеш. Пайден хаамаш. Дог-ойла йийцар. Лазаме хаттарш хьехор. Канал администрацис лелош ю.
БольшеСтрана не указанаКатегория не указана
242
Подписчики
-124 часа
-37 дней
+530 дней
Архив постов
Ибн Касира ☝ аьлла:
"Берашна тӀедолу беркат — дайн Ӏамалш бахьана долуш хуьлу, ткъа дайшна тӀедолу беркат — берийн доӀанаш бахьана долуш хуьлу".
Ӏалий ибн Аби Талиб👐
«Бакъдолу дика Ӏамал — АллахӀ воцучуьнгара хастам ца лоьхуш йинарг йу».
СалихӀийнах цхьаммо аьлла:🪶
"Хьо ша волчу хенахь цхьаъ дагавеана, велакъажар я дегналлехь хазахетар карахь хаалахь, шу шинна юкъахь баккъалла а цӀена безам буйла. Меттанаша ца аьлча а, дегнаш вовшашна гергаоьху"».«Шарх Рияд ас-Салихин» 3/266 📖
Ӏикримата (табиӀин) аьлла:
"Шаййн Делах дика ойла йе Цо шуьга дикалла (къинхетам) кховдор бу"».«Тафсир ибн Аби Хьатим» 1752 📚
Ибн Хьазма 💎 аьлла:
"Дика зуда — терго еш хилча муьтӀахь хуьлуш, вочу некъашха дӀакъовлахь — ларлуш ерг йу. Ткъа вон зуда — терго йина а муьтӀахь ца хуьлуш, некъаш дӀакъовлахь а, шен вон лаам чекхбаккха мел болу хӀиланаш лаха хууш ерг йу"».
Ибн Ражаб Ал-Хьанбалис 💎
«Гечдаре вуьгучу бахьанех цхьаъ тавхьид ду, ткъа иза бахьанех уггар доккханиг ду. Тавхьидах хаьдда верг гечдарх хаьдда ву. Ткъа цуьнца веанарг гечдаре кхачош долу уггаре а доккха бахьана а долуш веана ву».«ДжамиӀ ал-Ӏулум вал-хьикам» 2/416. 💎
«ИбрахӀим ибн АдхӀама, АллахӀа къинхетам бойла цунах, аьлла: "Шен бахамца а, кхачанца а, милаца а нахана гӀолоца аьтто боцучо — велаваларца а, дикачу оьздангаллица а гӀолоцийла"».«Хильятуль-Аулия» 7/389 💎
Repost from 📚 طلاب العلم 📚
📖 Тахана — «Кашф аш-Шубухат» (Шеконаш дӀаяхар) цӀе йолчу жайна тӀера 3-гӀа дарс ю.
Шархь динарг: шайх Ӏабдуррахьман ибн Насир аль-Баррак (АллахӀа Ӏалаш войла иза).
Дарс луш верг: шайх Сулейман Абу Дауд (АллахӀа Ӏалаш войла иза).
⏰ ЦIера хенаца 20:00 даьлча йолалуш ю дарс.
https://t.me/Tullab99?livestream
