fa
Feedback

فریب کلاهبرداران را نخورید! تل‌متریو این کانال‌ها را شناسایی و برچسب‌گذاری می‌کند 👉 برای مشاهده برچسب، اشتراک تهیه کنید

Бисултанов Апти

Бисултанов Апти

رفتن به کانال در Telegram

Валар а хlун дара, Нохчийчоь, Хьо тlаьхьа йуьсуш ца хилча?.. https://www.instagram.com/bisultanovapti_?igsh=NHp4cjRidTQwdDZj

نمایش بیشتر
243
مشترکین
اطلاعاتی وجود ندارد24 ساعت
اطلاعاتی وجود ندارد7 روز
اطلاعاتی وجود ندارد30 روز

در حال بارگذاری داده‌ها

کانال‌های مشابه
هیچ داده‌ای
مشکلی وجود دارد؟ لطفاً صفحه را تازه کنید یا با مدیر پشتیبانی ما تماس بگیرید.
ابر برچسب‌ها
هیچ داده‌ای
مشکلی وجود دارد؟ لطفاً صفحه را تازه کنید یا با مدیر پشتیبانی ما تماس بگیرید.
اشارات ورودی و خروجی
---
---
---
---
---
---
جذب مشترکین
اکتبر '26
اکتبر '26
+167
در 0 کانال‌ها
سپتامبر '260
در 0 کانال‌ها
Get PRO
اوت '260
در 0 کانال‌ها
Get PRO
ژوئیه '260
در 0 کانال‌ها
Get PRO
ژوئن '260
در 0 کانال‌ها
Get PRO
مه '260
در 0 کانال‌ها
Get PRO
آوریل '260
در 0 کانال‌ها
Get PRO
مارس '260
در 0 کانال‌ها
Get PRO
فوریه '260
در 0 کانال‌ها
Get PRO
ژانویه '260
در 0 کانال‌ها
Get PRO
دسامبر '250
در 0 کانال‌ها
Get PRO
نوامبر '250
در 0 کانال‌ها
Get PRO
اکتبر '250
در 0 کانال‌ها
Get PRO
سپتامبر '250
در 0 کانال‌ها
Get PRO
اوت '250
در 0 کانال‌ها
Get PRO
ژوئیه '250
در 1 کانال‌ها
Get PRO
ژوئن '25
+54
در 1 کانال‌ها
Get PRO
مه '250
در 0 کانال‌ها
Get PRO
آوریل '25
+189
در 3 کانال‌ها
پست‌های کانال
тиллинчу цӀарах ца теша со яздинчу дашах ца теша Бисултанов Апти

2
"… и время (эпоха) изменится, и голод будет, и бедность будет, и тяготы будут, и убийства будут… родственники , знакомые, люб
"… и время (эпоха) изменится, и голод будет, и бедность будет, и тяготы будут, и убийства будут… родственники , знакомые, любимые откажутся (друг от друга)… и всё это, обстоятельства которые должны настигнуть людей. Если два человека нуждаются в друг друге, верят (доверяют) друг другу, то весь этот мир… этот бренный мир… намерен разрушить доверие между ними. Не продавайте друг друга, сказав слово, даже в тайне. Бисултанов Апти
240
3
дӀавахнера аьлла диссидент а ца хуьлу цӀахь Ӏийнера аьлла патриот а ца хуьлу дӀа алкханч а йоьду, цӀахь къорза къиг а Ӏа Бисултанов Апти 2015 шо
234
4
мир огромный – мир стесненный утверждает – ты чужая. свод небесный – бестелесный подтверждает – ты чужая. путь тенистый – путь тернистый убеждает – ты чужая. дом унылый, дом постылый тоже знает – ты чужая. сколько мне на свете жить сколько нам чужими быть? Бисултанов Апти перевод Лом-Али Читмарой
256
5
цӀена дерг цӀий дац, цӀена дерг дог ду. Бисултанов Апти
223
6
...война добро от зла отъединяет, являя в чистом виде суть вещей, наступит мир и всё смешает время, лишь в памяти, как горные вершины, застынут лица павших за свободу. Бисултанов Апти
377
7
хьо хӀунда хӀоьтти суна хьалха сел къона, ховха, хазъелла? сан безам хилла хенал хьалха, со дукха хьалхе къанвелла. со хьо ца
хьо хӀунда хӀоьтти суна хьалха сел къона, ховха, хазъелла? сан безам хилла хенал хьалха, со дукха хьалхе къанвелла. со хьо ца оьшуш дукха лелла, сайн ницкъаш лаьттахь баржийна. сан аьрха амалш кхечо мелла, со кхечо, чим беш, вагийна ца оьшу хьуна елха, ела, сан къина бӀаьрхиш ледаран. ас тоам бина ваьлла леларх, безачийн цӀераш легаярх. кхин цкъа а лаьттан кховра детӀаш, хӀокху бӀаьстенан Ӏаьнарлахь хьо, когаш Ӏуьйра йолуш кетӀа, хьайн ницкъех теша Ӏамалахь. со гена къинойл дехьа ваьлла, хьо сехьа лаьтта, хазъелла. со хенал хьалха новкъа ваьлла, со дукха хьалхе-къанвелла. Бисултанов Апти
409
8
урх хаьдда вир Ӏоьху дӀо эвлайистехь, гӀаддахна уьду и хьокъа марш баьтӀа, ткъа цхьанхьа, ткъа цхьанхьа, дуьненан йистехь, урх хецна йора дин дин ойлане лаьтта. ас цуьнга ладоьгӀу, амма да кхета, сел дера эвлара пхьуй стенна лета: виранна, динна я зӀенашна кочарчу, йа маршо хӀун йу те, дог муха лоцу цо... урх хаьлча хьадар йа урх хецна латтар, йа жӀаьлийн летаро кхоьллина хаттар... Бисултанов Апти
320
9
хьаьрмакан зазанах дог делладелла сан, дегадеш, кӀохцалгаш чекхдийлла пхенех, дех-ненах бер санна дош Ӏехаделла сан ша карлаяханза йисначу хенех. велалой, векхалой, веллалой дӀаьвшана, кӀанта некъ болабеш гина бу-кх, мохк, хьо. ирсанна лорий ша къиза мел Ӏаьвшинарг, цо илли доладеш хезна бу-кх, мох, хьо. кхин дӀа дерш дуьтур вай, уьш дуьйцуш хьем балла. дуьне ца лоьрур вай, йостуш сингатто, масачу чӀегӀаго шена тӀехь бен балла, синошна маьршачу илланчин матто. Бисултанов Апти
319
10
егайо корера лампанан серло — шах-тата схьахеза. меттахъхьов сан бӀаьргийн цӀоцкъамаш — шах-тата схьахеза. со-м вала веъна вацара тховса хӀокху хӀусаме, тийналла, хӀунда ю хьо маьлха-кошахь санна? Бисултанов Апти
303
11
С любви к Отечеству начинается любовь к человечеству. Бисултанов Апти
295
12
дош ду и, баттара даьлла, гӀоттур ду-кх гӀатталахь аьлла, сецна дерг сан вист ца хиларехь, лезна дерг син йист ца хиларехь. Бисултанов Апти
336
13
дуьххьарчу зӀаьнарийн йовхо ца лалуш, чӀенигаш лелхара. гӀа-бецан алу етталуш, этӀара стигалан чкъор. юьрта тӀехь кӀарраш а гӀуьттура сийна. царна бен дацара xӀopa а цӀийнан хӀopa а са бузо диллина кор. Бисултанов Апти «бӀаьсте»
348
14
...хӀора а сан дегӀан межено гӀа хоьцуш санна ма чӀогӀа сатесна хилла-кх ас хьан озе, бӀаьсте. Бисултанов Апти
...хӀора а сан дегӀан межено гӀа хоьцуш санна ма чӀогӀа сатесна хилла-кх ас хьан озе, бӀаьсте. Бисултанов Апти
411
15
къен бац цхьа а седа, ша гуш мел бу. миска дац цхьа а тукхам, мотт, иллеш шен мел ду. караян шен меттиг, карабан кӀоргаллехь шен мотт, кхолла шен эс. иза ду-кх хьуна даймохк хилар... нанна баркалла ала. наной мел бу — кхузахь, хӀокху лаьттахь, къен бац хьуна цхьа а мохк. Бисултанов Апти
415
16
бохучарна баха хили, дуьйцучарна дийца хили, вайша вовшех даьлчахьана, кху дуьненахь са ца хили. бохучарна Ӏуьйре йелла, дуьйцучарна суьйре йелла, ма комаьрша хиллера хьо, суна хӀоккхул бала белла. доккха дуьне хийист хеташ, доккха дакъа хьан дош хеташ, хьоь ладегӀна йолчу йоӀа, дити хьуна шена хетарш. Бисултанов Апти 1990 шо «тешам боцчу кӀантана, йоӀа лекхна йиш»
431
17
"Бохучарна" Бисултанов Апти.mp3
371
18
некъашка ма деха тӀемаш, замане ма беха темаш, ма деха ахь соьга бӀаьрса, хьо ца гуш кхачийна бӀаьрса. сан шераш хӀораш ду-кх хьуна, сан лораш йолуш ю-кх хьуна, хӀара ю-кх хьуна сан ойла, ас хьох бен ца йина ойла. Бисултанов Апти
1 073
19
Ӏуьйренаш, шу марша Ӏойла, суьйренаш, шу марша Ӏойла, тхо дIадоьлху дегӀастана, сийна сибрех, марша Ӏойла. малх схьакхеташ хилла сибрех, малх чубузуш хилла сибрех, лаьттан кийрахь, кешнех хьоьгуш, тхан дай буьсу шийла сибрех. малх схьакхеташ даймохк бу тхан, малх чубузуш даймохк бу тхан, сийсазйина кешнийн керташ, тхоьга кхойкхуш даймохк бу тхан. доза доцу шуьйра сибрех, чӀагӀо йоцу хийра сибрех, хьуо елхийна миска наной, тхан дIаэцна шийла сибрех. доза доьхна даймохк бу тхан, чӀагӀо йоьхна даймохк бу тхан, акхадевлла лаьмнаш херцаш, тхуна боьлхуш даймохк бу тхан. тхо, тхаьш лайнарг, лайна девли. тхайна гинарг, гина девли. Дела воцург накъост воцуш, хӀокху хене тхо ма девли. лан йисина марзо ю тхан, ган дисина лаьмнаш ду тхан, дегӀастанан хьаннийн кийрахь, кхолла езаш маршо ю тхан. Ӏуьйренаш шу оха йити, суьйренаш шу оха йити, кхин ца лела чIагIо йина, сийна сибрех оха йити. Бисултанов Апти
674
20
Бисултанов Апти «ТӀапа куйнаш».mp3
480