Ӏилманан Аманат
رفتن به کانال در Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
نمایش بیشتر345
مشترکین
اطلاعاتی وجود ندارد24 ساعت
-37 روز
-230 روز
آرشیو پست ها
АллахӀа Элчан (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) хазачу гӀиллакхо, нехан дегнаш оьцу, керста стаг а, цуьнан гӀиллакх бахьан долуш бусулба дине вогӀа, хӀинца хьажалахь, АллахӀан Элча (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) тӀех сов хьакъ вац, ахьа шегар масал эца? Ахьа цуьнан дахарехь леллачуш, цо аьллачух, цо диначух пайда а, масал а эца тӀех сов хьакъ вац иза? ВаллахӀи вукх, хьо нийса кхеташ велахь, хьо Ислам-дин лело ма дезза луло лууш велахь!
АллахӀан Элча (соллалохӀу ӀалайхӀи ва саллам) валле хӀара дуьне Ислам-дине хьашта хиларе терра, тахана а, цу Ислам-дине хьашта дуй те хӀара дуьне?
АллахӀан Элча (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) вовзар сов мел долу, и везар сов долу хьан!
Элчан (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) дахарехь лелла белхех муьлхха а болх бешахь,
АллахӀан Элча (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) дуьненчу ваьлча, и валлалца, цуьнан дахарехь хилла долу муьлхха а хӀума дешахь!
ВаллахӀи, АллахӀан Элча (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) воьвзиначул тӀаьхьа, хьуна иза ца веза йиш яц хьуна, ткъа хьуна иза везахь, хьуна цуьнан суннат кхочуш дан дай лура ду хьуна!
Элчан (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) дийцар довзар массо а заманчохь коьрта хилла ду, ткъа вайн заманчохь, гуттарен а, тӀех сов коьрта ду, хӀунда аьлча Исламан-умматан хьал тиш ду, цхьадолу махкашкахь Исламан-уммат тил делла лелаш ду, вукха махкашкахь Исламан-уммат декъа делла лаьтташ ду!
АллахӀан Элча (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) шен дегӀаца вайна юккъехь вацахь а, шен суннатац вайна юккъехь хила везаш ву!
Декъал хуьлийла шу, ма хаза кхаъ бу иза, и кхаъ со деша дӀаэцна аьлла баьккхина бацахь а, хаза кхаъ бу иза, боккха аьтто бу иза, АллахӀа кху Ислам-динан кечбина Къонахий хуьлийла цига дӀаэцнарш, АллахӀа даӀватан некъахь аьтто бина, беркат дина, шен ниӀматаш тӀедоьттиначерах а бойла уьш, АллахӀа хуьлийла церан хӀора а дош, хьехам, ткъа хӀора а хьехам, Шен дуьхьа хуьлитийла АллахӀа!
Repost from Ӏилманан Аманат
ВОЧУ ХӀУМАН ИНКАРЛО ЦА ЙАР, АЛЛАХӀАХ ЭХЬ ХЕТА ДЕЗА ВАЙНА...
Вайн дахарехь, вайна дуккха тӀе ниссалуш хуьлу, АллахӀан омр гал доккхаче кхочуш вай, делахь а, цу вочу белхашна букътоха ийман ца тоьу вайна, йа майралла, доьналла ца тоьу вайна.
Наха вайгара бехка баккхарех кхоьру вай, нахана доьхьал дерза, нахана доьхьал довла кхоьру вай, ийзало вай, йа эхь хета вайна.
АллахӀах тӀех сов эхь хета дезачу меттехь, нахах эхь хетар сов доле, цу нахана тӀетоьвжа вай, цаьрах дӀа ца къаьста вай, цара лелочу, вочу балхан букъ ца туху вай.
Элчан (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) хьадис и санначу меттигашкахь дукха диц ло вайна...
Элчано (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) аьлла: «Шуна цхьана, цхьа вон болх гахь, шен куьгац хуьцийла цо иза, нагахь санна шен куьгац хийца ницкъа бацахь шен маттац хуьцийла цо иза, ткъа нагахь санна маттац хийца а ницкъа бацахь шен дагац хуьцийла цо иза. Иза уггаре гӀийла ийман ду хьуна»
Шен дагац цуна и ца дезар, новкъа дар - иза уггаре гӀийла ийман ду!
Иза доцуш хила йиш ма яц муъмин стаг!
Муьлхха а вон болха шайна гича, муъмин стаг иза хийца хьажа везаш ву, ткъа нагахь санна хийцалуш бацахь цуна букътоха беза цо!
Нахах эхь хетна, наха шайгар бехка боккхар бу аьлла, и вон болх бечу нахан тӀетовжа мегар дац, цу нахана хала хетар ду бохуш, цу нахарга виста ца хуьлуш, цара дечун инкарло ца еш Ӏа мегар дац иза!
Веза-Сийлахь волчу АллахӀа, Ша везаш, Шена безаш бу бохуш бийцина болу муъмин неха куцошех цхьа куц ду, «бехка боккхучеран бехкех уьш кхоьруш ца хилар»
Веза-Сийлахь волчу АллахӀа боху: «ХӀай ийман диллинарш, нагахь шу шай динах юха довлахь, АллахӀа цхьа кхин нах балора бу, АллахӀа цхьа кхин нах кхуллура бу, и нах муха хира бу аьлча, уьш АллахӀан безаш хира бу, цаьрна АллахӀ везар ву, муъмин нахаца кӀеда-мерза хира бу уьш, керста нахаца шога-буьрса хира бу уьш, АллахӀан новкъахь гӀазот деш хира бу уьш, бехка боккхучеран бехкех кхоьруш хира бац уьш»
Бехка боккхучеран бехкех хьо ца кхерара, АллахӀан безаш, АллахӀ везачера, муъмин неха куцошех цхьа куц ду!
АллахӀан омр дохош цхьа нах балахь, цаьрна доьхьал вала, цаьрна инкарло йан, цаьрна реза ца хила хьуна эхь ма хоьтийла!
Цара хьайгара боккхур болчу бехках хьо ма кхоьрийла,
АллахӀ реза варехь, цхьа а хьайна реза ца хиларна хьо ма кхоьрийлм!
Ахьа АллахӀ реза вича - кхин дӀа АллахӀа нах реза бийра бу хьуна,
Амма АллахӀ оьгӀаз вохуьйтуш, хьо мел чӀогӀа нах реза бан гӀертарах, хьуна нах реза хира бац, ца АллахӀ реза хира вац!
Шена эхь хета дезаш бераш, муххале АллахӀан омр гал доккхуш берш ма бу, АллахӀан дозанаш хедош берш ма бу!
АллахӀан дозанаш хедош болчарех эхь хета дезаш ма вац муъмин стаг, хӀунда аьлча и царелла веза ма ву, и царелла сийлахь ма ву, и царелла лакхара ма ву!
Веза-Сийлахь волчу АллахӀа боху: «Шу гӀел ма лойла, шу гӀайгӀане ма хуьлийла, шу ду шуна лакхарниш, шу ду шуна сийлахь дерш, нагахь санна, муъмин нах шу делахь»
Хьо муъмин стаг велахь, сийлахь верг хьо ву, хьо вац гӀайгӀане хила везаш, хьо вац гӀел вала везаш, хьо вац эхь хета дезаш, хьо вац воха везаш, йа цхьаммо а хьайгара бехка баккхаран кхера везаш, муххале уьш бу кхера безаш, муххале АллахӀан омр дохош верг ву шена эхь хета дезаш верг, муххале воха везаш верг иза ву, хӀунда аьлча иза сийсаз ву, иза лахара ву, АллахӀан омр дохош и мел ву!
Цундела муъмин стаг шайгахь йолу и сийлалла, и дозалла хаалуш хила веза!
Веза-Сийлахь волчу АллахӀа Шена безаш, Ша везаш, бехка боккхучеран бехкех ца кхоьручерах дойла вай!
©Ахьмад Абу Яхья
(АллахӀа Ӏалашвойла иза)
https://t.me/islamantariyh1
Repost from N/a
Аллах1ан Элчано ﷺ аьлла:
"Лай шен Аллах1ана уггаре а герга волу меттиг,иза сужуд ду,до1анаш дар дукха дойла аша цу сужудехь."
Муслим:482
Repost from SUNNA_HEHAM
«Тхайн доӏанна жоп хилийта лиъча тхайн вежаршна а доӏанаш дора оха къайлаха.»
Суфьян ас-Саврий
