fa
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

رفتن به کانال در Telegram

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

نمایش بیشتر
345
مشترکین
اطلاعاتی وجود ندارد24 ساعت
-37 روز
-230 روز
آرشیو پست ها
sticker.webp0.00 KB

Repost from sʜɪsʜᴀɴ
АллахӀа ялсаманица бекхам бойла, тӀехӀоьттинчу кху чолхе долчу хьолехь къар ца луш, гӀел ца луш, воха ца вухуш нийсон тӀехь чекх мел волучунна!

Repost from sʜɪsʜᴀɴ
Харцонан ницкъ тахана совбаьллехь а, бакъо гӀелъелла, охьатаӀийна елахь а, бакъ дац хьуна, мел боккха ницкъ харцонан хиларх, и тоьлур ю бохург. Боккъалла а, харцо дӀаер йолуш ма ю! Боккъалла а, бакъо тоьлур йолуш а ма ю!

sticker.webp0.00 KB

...ХӀара хӀума чура дуьйна схьа ца хилча, хуьлийла дац!
...ХӀара хӀума чура дуьйна схьа ца хилча, хуьлийла дац!

Бераш йина дика Ӏамал - дени-нанни язйеш ю!

sticker.webp0.00 KB

هُوَ ٱلْأَوَّلُ وَٱلْأَخِرُ وَٱلظَّـٰهِرُ وَٱلْبَاطِنُ‌ۖ وَهُوَ بِكُلِّ شَىْءٍ عَلِيمٌ «Иза - хьалхарниг а, ТӀаьхьарниг а ву, уггаре Лакхахьверг а, уггаре Гергахь верг а ву. Иза массо а хӀума хууш ву!» هُوَ ٱلَّذِى خَلَقَ ٱلسَّمَـٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضَ فِى سِتَّةِ أَيَّامٍۢ ثُمَّ ٱسْتَوَىٰ عَلَى ٱلْعَرْشِ‌ۚ يَعْلَمُ مَا يَلِجُ فِى ٱلْأَرْضِ وَمَا يَخْرُجُ مِنْهَا وَمَا يَنزِلُ مِنَ ٱلسَّمَآءِ وَمَا يَعْرُجُ فِيهَا‌ۖ وَهُوَ مَعَكُمْ أَيْنَ مَا كُنتُمْ‌ۚ وَٱللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌۭ «И ву - йалх дийнахь стигланаш а, латта а кхоьллинарг, цул тӀаьхьа Ӏаршан тӀехь дӀатарвелларг. Цунна хаьа лаьттах доьдург а, цигара хьаладолург а, стиглара охьадуссург а, цига хьаладолург а. И шуьца ву, шу миччахь делахь а. АллахӀ гуш ву аша дийриг!»

sticker.webp0.00 KB

Бакъон дайшех, (йаӀне бакъо яржош берш, оц бакъонах тасбелларш, динехь нисбелларш) долуш цхьа гӀалат ду, чӀогӀа доккха а, зене а долуш. Ткъа и хӀун гӀалат ду аьлча, шаьш нийсачу новкъахь хиларан кхочча хастам ца бо цхьаболчара, шайна и нийсо хьам гайтан ю, оц нийсон тӀе шаьш хьа даьх ду диц до цхьаболчара, и гӀалат дарац, ткъа оц гӀалатех аьлча, харцачу некъахь волчух къаьста цхьаверг, ша нийсачу новкъахь ву, ткъа хьо тиллавелла ву, оле оц стегац долу гергарло хададо, иза нийса дац, иза чӀогӀа доккха гӀалат ду, цуна тӀехьло а чӀогӀа ирча ю. Оц харцачу новкъахь волчун ахьа и нийсо ца гайтахь, хьа гайтаран сатуьйсу ахь? Цуна и харцо чуйуттучо и дан сатуьйсу ахь? Иза хиллане а хира дац хьуна! Тахана цхьаверг харцачу новкъахь болчарца, цхьа салам малам доцуш хуьлу, ткъа гергарло лелор вай дуьйцур а дац, хӀай нах! Иштта хила мегар дац! Хьан ирчачу гӀиллакхо, хила тарло хьуна оц харцачу новкъахь волчунга нийсо тӀе ца лацайалар, цо цуна букътохар. Шай шогаллица, шай буьрсаллица, и нах нийсонах къахка ма бе! Мелхо шай кӀедалла, мерзалла гайте, нийсон тӀе балабе уьш! Нийсо езарг воха нийсон тӀе! Вайн Элча (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) хаза масал ма ду вайна, шай тӀех хаза гӀиллакхо долуш и хиларан, динна къаьмнаш ислам-дине даьхкина, ахь ойла йе, "иштта хаза гӀиллакх долуш хьо валахь, иштта комаьрша хьо валахь, хьо харцлуьш хила йиш яц" бохуш дине баьхкина кериста нах, Элчан (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) хаза гӀиллакхо бахьан долуш! Ткъа тахана, вай, вайна ваьш цхьа чӀогӀам хета, делахь, дуй теш вай иштта чӀогӀа? Дуй теш вай кхочча, лело ма дезза, шен хазаллица, шен цӀеналлица, сийлаллица, оьздангаллица, гӀиллакхех дуьззина долу, деъна долу хӀара дин, лело ма дезза лелош дуй вай? Ойла елаш хӀай нах! Вай хьашта ду шуна хазачу гӀиллакхашна! Вай хьашта ду шуна кӀеда-мерза хидаран! Вай хьашта ду шуна кхочча хӀара дин лелоран!

Бакъон дайшех, (йаӀне бакъо яржош берш, оц бакъонах тасбелларш, динехь нисбелларш) долуш цхьа гӀалат ду, чӀогӀа доккха а, зене а долуш. Ткъа и хӀун гӀалат ду аьлча, шаьш нийсачу новкъахь хиларан кхочча хастам ца бо аш, шайна и нийсо хьам гайтан ю, оц нийсон тӀе шу хьа даьх ду диц до аш, и гӀалат дарац, ткъа оц гӀалатех аьлча, харцачу некъахь волчух къаьста цхьаверг, ша нийсачу новкъахь ву, ткъа хьо тиллавелла ву, оле оц стегац долу гергарло хададо, иза нийса дац, иза чӀогӀа доккха гӀалат ду, цуна тӀехьло а чӀогӀа ирча ю. Оц харцачу новкъахь волчун ахьа и нийсо ца гайтахь, хьа гайтаран сатуьйсу ахь? Цуна и харцо чуйуттучо и дан сатуьйсу ахь? Иза хиллане а хира дац хьуна! Тахана цхьаверг харцачу новкъахь болчарца, цхьа салам малам доцуш хуьлу, ткъа гергарло лелор вай дуьйцур а дац, хӀай нах! Иштта хила мегар дац! Хьан ирчачу гӀиллакхо, хила тарло хьуна оц харцачу новкъахь волчунга нийсо тӀе ца лацайалар, цо цуна букътохар. Шай шогаллица, шай буьрсаллица, и нах нийсонах къахка ма бе! Мелхо шай кӀедалла, мерзалла гайте, нийсон тӀе балабе уьш! Нийсо езарг воха нийсон тӀе! Вайн Элча (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) хаза масал ма ду вайна, шай тӀех хаза гӀиллакхо долуш и хиларан, динна къаьмнах ислам-дине баьхкина, ахь ойла йе, иштта хаза гӀиллакхо долуш хьо валахь, иштта комаьрша хьо валахь, хьо харцлуьш хила йиш яц, бохуш дине баьхкина кериста нах, Элчан (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) хаза гӀиллакхо бахьан долуш! Ткъа тахана, вай, вайна ваьш цхьа чӀогӀам хета, делахь, дуй теш вай иштта чӀогӀа? Дуй теш вай кхочча, лело ма дезза, шай хазаллица, шай цӀеналлица, сийлаллица, оьздангаллица, гӀиллакхех дуьззина долу, деъна долу хӀара дин, лело ма дезза лелош дуй вай? Ойла елаш хӀай нах! Вай хьашташ ду шуна хазачу гӀиллакхашна! Вай хьашташ ду шуна кӀеда-мерза хидаран! Вай хьашташ ду шуна кхочча хӀара дин лелоран!

sticker.webp0.00 KB

ХӀай дин даржор шайна тӀе лаьцнарш, хӀумма хилла доцуш санна дӀа гӀо шайн болх кхин дӀа а! АллахӀ вайца ву, И вайца хилча, стенах кхера деза вай? Оц диттан тӀера гӀа дац Цуна пурбац бен вахь дужуш, тӀаккха стена сагаттадо ахь? ДӀало хьайн белхаш АллахӀан кара, Шен кара делларг зене дойъуш верг вац хьуна Иза!

sticker.webp0.00 KB

Хьо цхьана адмац и кхетачу маттахь къамел деш валахь, хьо и къамел цуна хьекъалца деш хуьлу, Ткъа хьо цхьана адмац цуна маттахь къамел деш валахь, хьо цуна дагац къамел деш хуьлу! И бохург хӀун ду аьлча, шен маттахь долу муьлхха а хӀума, дагах кхета, шен маттахь диначу хьехарах асар хуьлу чӀогӀа, кхета а кхета дика, иштта кхин дуккху а диканаш ду адмо шен маттахь къамел дар!

sticker.webp0.00 KB

Вайн нохчийн кица ду: "Стаг телхича доьзал телха, зуда телхича къам телха" ХӀинца дикка хьовсалаш, стаг телхича доьзал телха, зуда телхича къам телха, ткъа и муьлхха зуда, цхьана доьзалера ю, маре яхле, яханчул тӀаьхьа, тӀаккха и доьзал телхчи бен, зуда ца телха, ткъа и доьзал талхаран бехке стаг ма ву! Доцца аьлча, вай божарий, нохчаллан тӀедирзичхьа, дерриге нислур ду!

sticker.webp0.00 KB