fa
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

رفتن به کانال در Telegram

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

نمایش بیشتر
345
مشترکین
اطلاعاتی وجود ندارد24 ساعت
-37 روز
-230 روز
آرشیو پست ها
sticker.webp0.00 KB

Дика кхетош кхиийна бераш - ден, ненан ирс ду, Вон кхиийна доьзал дай, наний делхор ду. Вон кхиийна доьзал дений, нанний кийча юхьӀаьржо ю.

Бераш кегийра долуш дуьйна кхетош-кхиийча, стоьмийн дитт санна беркате хир ду. Стоьмийн дитт а кхиало синтаран гуо охкуш, хи тухуш, сов маргӀал хадош, дакъаделла га дӀадоккхуш.

Шен доьзал шена дукха безачо, Дино ма бохху лоьлийта, цера эхарт лардеш.. Шен доьзалех бала боцучо, шайна матовва лоьлийта, ц
Шен доьзал шена дукха безачо, Дино ма бохху лоьлийта, цера эхарт лардеш.. Шен доьзалех бала боцучо, шайна матовва лоьлийта, церан дуьне дика хилчхьа..

Баккъалла а, бер бакъахьара кхиор дӀадолало иза дуьненчу далале, ткъа шо хьалха - цуьнан нана бакъахьа кхиорна тӀера..
Баккъалла а, бер бакъахьара кхиор дӀадолало иза дуьненчу далале, ткъа шо хьалха - цуьнан нана бакъахьа кхиорна тӀера..

sticker.webp0.00 KB

Цигар цӀа веан, "дагалецамаш" бохуш Ӏа лаара, юха дӀа ваха хан хиллалц))

Дагалецамаш...

sticker.webp0.00 KB

https://t.me/islamantariyh1/743 "Палестина..Кхин цхьа Андалус цахилийта" Хьалхара мажлис тӀера ладогӀа, чӀогӀа мехала мажлиса
https://t.me/islamantariyh1/743 "Палестина..Кхин цхьа Андалус цахилийта" Хьалхара мажлис тӀера ладогӀа, чӀогӀа мехала мажлисаш ю уьш. Ахьмада Абу Яхьяс ша цу хенахь хилча санна дика йуьцу тарих. АллахӀ реза хуьйла цунна! АллахӀа беркат дойла цунах! АллахӀа Ӏалаш войла иза! АллахӀа барам боцуш пайда, беркат дойла цунах!

МашаАллахӀ, мел хаза болх бу болийнарг, АллахӀа беркат дойла кхунах, АллахӀа диканиг довзийтарехь, кху умматан пайде дерг довзийтарехь сов воккхийла кху хьости долахо, умматан дегнаш чӀагӀ деш, шен тарих йовзарац, пайда бойла кху хьостех, АллахӀа хьикмате, хаза, пайде болх бар а лойла кху хьости долахочух. Тарих йовзаран пайданаш дийци кху техь, дукха чӀогӀа кхачаме долуш, шен дин дезаш, толам безашчун, шен тарих еза, и йовза а гӀерта. АллахӀа барам боцуш диканца бекхам бойла хӀара болх болийначун, хӀара болх дӀакхоьхьачун, хӀара болх бан ният хиллачун! АллахӀа Шен гергахь лаккха дарж а лойла цунна! https://t.me/tarihan_yozanash ХӀо агӀона тӀедазало, хӀара агӀо яржа а е! АллахӀ реза хуьлийла шуна!

Repost from N/a
Тарих йийцаран а, дийцарш дийцаран а дуккха а пайданаш ду. Хьалхара пайда: Дийцарш дийцаро муъмин-нехан дегнаш чӀагӀдеш хилар ду. Сийлахь-везачу АллахӀа вайн Элчане (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) аьлла: «Элчанийн дийцарех массо дийцар дуьйцу Оха хьуна, цу дийцаршца хьан дог чӀагӀдеш». Цхьаболчу салафаша аьлла: «Дийцарш - Сийлахь-везачу АллахӀан эскарех цхьа эскар ду, АллахӀа цу дийцаршца Шена муьтӀахь болчу нехан дегнаш чӀагӀдо». ШолгӀа пайда: Дийцарш дийцаро дика нах бовзуьйту вайна, цу дикачу нехан некъ билгалбо вайна. Сийлахь-везачу АллахӀа Къуръан чохь дуккха а пайхамарш Ша хьахийначул тӀаьхьа аьлла: «Уьш бу хьуна АллахӀа нисбинарш, уьш бу хьуна АллахӀа нийсонна тӀе хӀиттийнарш, церан нийсонна тӀаьхьаваза хьо, церан некъана тӀаьхьаваза хьо». КхоалгӀа пайда: Дийцарш дийцар вайл хьалха хилла болчаьргара масал эцарна а, хьехар эцарна а тӀебоьду некъ бу. Сийлахь-везачу АллахӀа боху: «Боккъалла а, церан дийцаршкахь хьехам ма бу, масал ма ду хьекъалийн дайшна». Цу дийцаршкахь хӀинца вай хьахийна доцурш а дуккха а пайданаш ду, дагардина ца валлал. Цундела и пайданаш цу дийцаршкахь долу дела, цу дийцаршкахь дуккха а вайна хьехамаш болу дела хӀоразза а шегахь вайна пайда болу, шегахь вайна хьехам, масал долу доцца дийцар хьахор ду вай. Вай хӀора дийцар дуьйцучу хенахь и дийцар вайн дахарна тӀедоссо деза вай, цу дийцарна дикка ойла ян еза вай, нагахь цу дийцарехь цхьа дика болх гинехь, вешан дахарехь и дика болх лело хьовса деза вай, нагахь цу дийцарехь вайна цхьа вон болх гинехь, вешан дахарехь цу вочу белхах лардала хьовса деза вай, нагахь санна цу дийцаршка иштта хьовсуш вай хилахь, цу дийцарех вайна пайда бер бу, цу дийцаршкахь вайна масал а карор ду. Цу дийцаршка вай хьежар, и дийцарш цхьана хенахь хила а хилла, лела а лелла дӀадевлла белхаш ду аьлла хилийта мегар дац, цу дийцаршка вай хьажар Ӏумар ибн ХаттӀаба (АллахӀ реза хуьйла цунна) ма-аллара хила деза: «И нах дӀабевлла, амма и нах бийцарца лиънарш вай бен дац». Сийлахь-везачу АллахӀа Къуръан чохь Ша хӀаллакдина бохуш дийцина долчу къаьмнийн хьокъехь иштта дош аьлла цо. https://t.me/tarihan_yozanash

https://youtube.com/shorts/fH5tX0D1x7A?si=S-E2RwvOOzQLvcvu ХӀора декаш, карзах даьлла долу жӀалан дечиг кхиссина вай доьвра дац! ХӀора тӀе кхуллу харцо, харцо хилар билгал даьккхина вай доьвра дац! И бац вай некъ, цу хӀумангахь кху дуьненахь уьш маьрша бу, амма Ӏовшар ду цара Ӏазап, АллахӀан хьалха хиттича!

ХӀокхунах ца кхеташ, йа кхета ца лууш эра ду вай, чӀогӀа ледарло йо наха. Хьан йоӀе виста хилар тӀера, Хьан кӀанте йиста хилар тӀера, Хьан тӀехьло ирсе, беркате хиларах доьзна ду хьуна, и шай дегӀан лаамаш вахьтаӀабе. Собар дехе, АллахӀан хӀун лаьъ хьовса, Цо бохучунтӀехь чеккха а довла!

#Хаттар: Как нужно правильно общаться с девушкой,чтобы в дальнейшем всё было так, как принято в Исламе? Жоп: Цкъа, шозза, кхуза вовше ган а, дист хила а йиш ю шу, шеш вовше реза дуй хаархьама, цул тӀаьхьа, хьой реза ву аьлла ойла сецнехь, хан йилна, я цӀернаш бахитна, я хьай йиш, я кхи цхьаъ цуьнца зӀенехь йитна аша вовше зӀе ца латта йо, цхьа хаьа дезаш, хатта дезаш хӀума нис деллехь, цуьнах дерг хаттар бен, иштта шай хан тӀе кхаччалц собар до, иштта хила деза. Ӏадлан Харачо (Аллахӏа Ӏалаш войла иза)

И шиъе хьал зудчун хьокъехь а ду, тидаме лаца!

ХӀара а

ХӀара

Цу керла хӀусаме воьдуш, и тӀехье кхуллуш, массо хьарам некъ лелабо, цул тӀаьхьа цхьа дикачу тӀаьхьен са а туьйсу. Шен хӀусамнана, шен доьзал шена муьтӀахь болуш хилийта лаьъ. И массо хьарам хӀуманаш лелийна, уггар бовхачу кепар и зуда ялийна, цхьа дикачун сатуьйсакх, вай дакъаз ма вала хьо, хьан буй цу тайпа ниӀматан сатийса меттиг? Массо хьарам хӀума лелош ахьа ялийнехь зуда - хьо хьай тӀехье дика хиларе ма хьежа, ахь са а ма тийса, иза бакъ дац хьуна, иза хира дац хьуна. Хьан куьйгаш дӀадийнарг ду ахь схьаоьцур а. Ахь диннарг хира ду хьуна. Хьан тӀехье дика муха хира ю? Ахь доьххьара хьай хӀусамнен, цул тӀаьхьа хьайн доьхали аманат лардина ца хилча. И хьан зуда хьан аманат ма ду, И хьан бераш хьан аманат ма ду, Иза адмо хьуна делла аманат дац хьуна, иза АллахӀа хьуна делла аманат ду хьуна, тӀаккха ахь иза лара ца дича, хьайн тӀехьло муха хира ю аьлла хета хьуна? Аманат лара ца дар чӀогӀа кхераме хӀума ду, хьан дерриге диканаш чан хилла дӀадохуш хӀума ду, хьо жоьжахатан хьакъ веш хӀума ду. Иза а, адмо хьуна делла аманат ахь лара ца дахь ду, ткъа АллахӀа делла долу аманат, иза лара ца дахь хьун хира ду? Хьал кхераме ду! Цу хӀумо, зуда ялош ахь хьарам хӀуманаш лелоро, хьан дерриге дахар дакъз доккхуш ду, хьан дерриге дахарера беркат дӀаоьцуш ду, хьан аьтто ца хуьлуйтуш, хьо сийсаз веш ву. ТӀаккха хӀоккхул коьрта долучу хӀуман ледарло ма е! И цхьа де мукъане лара де, массо хьарам хӀума дӀа даккха, массо хьарам хӀуманех ларло цу денахь!