fa
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

رفتن به کانال در Telegram

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

نمایش بیشتر
345
مشترکین
اطلاعاتی وجود ندارد24 ساعت
-37 روز
-230 روز
آرشیو پست ها
Аьтто берг дийра ду вай, иншаАллахӏ

Уггаре хьалха сайга )

Иштта хӏора денахь цхьа сурт чу дуьллуш, юха иза массара даржо дезаш, денахь цхьа сурт даржош, болийна болх бу вай, делахь а, мичахь бу тхуна гӏодираш? Мичахь бу болийна болх дӏакхехьа, нахана бовзийта, пайден дерг даржо гӏо дан кийча берш? Вайна оьшург барт бу, и барт дин даржорехь хила безаш бу, массара цхьа бос къахьега деза! Ца тоьа дин дезаш, ӏамош къонахий хилирх, ой къонахашна гӏо дийра долуш, цхьа нах беза, оц къонахаш беш болу болх баржора болуш цхьа нах беза! Цундела и цхьа сурт мукъане а двржв де!

Repost from sʜɪsʜᴀɴ
ХIора дийнахь цхьа хIума яржош, ши хIума ца боху ас, цхьа хIума, динна пайде йолу, сайна гIуллакх де ца боху, иштта болу и суьпанаш а, кхиболу Iеса берш а кхетийта, нийса дерг царна довзийта, боьхалла къайлаялийта, хIора дийнахь цхьа хIума мукъна динах дерг даржош болх бийр бара вай, и даржо дезарг лоьхуш къа ца хьегийта, и яржо езаш ерг ас хIора дийнахь кху чу а юьллур яра аьлла, болх болийча, АллахIан дин даржош гIо дийр дацара аша бохуш дехарш а дича, цу тIехь болх беш вовшахкхеттарг нийсса итт стаг ву-кх суна, дейтта эзар адамна юккъехь! ТIаккха дуй вай АллахIан динна сагатдеш?! Я суьпаш нисбаларе сатуьйсуш?! Я нийсо яржа лууш?! Я пайде дерг даржа лууш?! Я шариIат дезаш?! Вай багахь-м «ду» бохур ду, вай дуйнаш дуур ду, амма Iеламнаха олу-кх: «Багахь деш долу къамел ша лелош долчуьнца бакъхилар схьагойтуш дацахь, иза пуьчаш бу шуна, даггара къамел дац шуна». И ду-кх вайна юккъехь лелаш дерг! Фатва 23

sticker.webp0.00 KB

Repost from N/a
photo content

sticker.webp0.00 KB

Зама хала ярий, атта ярий ца бохуш, ша Къонах верг даиманна а Къонах хилла чекхваьлла. Ткъа Къонах воцург цхьана а замано Къонах ца вина

Хаза гӏиллакх... «са ма гат де, цхьа хӏум дац, тза эчиг бен дац» Шен машен тӏе кхечо чӏогӏа машен хьакхча, иштта хӏума аьлла, дӏавахара къонох, Аллахӏа сий дойла цунна, кху дуьненахь а, эхартахь а. Валлахӏи уьш дешнаш бен ма дац, амма дешин меха ма ду и дешнаш, и 'эчиг' бен дац, амма цхьаболчеран бӏаьргахь иза цхьаъ хиларан, гӏиллакх диц до, цундела чӏогӏа мехала ду и дешнаш, чӏогӏа сан бӏаьрг бузийна дешнаш ду уьш, Аллахӏа пайден долу рицкъангахь сов воккхийла иза, Аллахӏа и санна гӏиллакх дерш сов бохийла вайна!

sticker.webp0.00 KB

Repost from N/a
photo content

sticker.webp0.00 KB

Repost from N/a
photo content

Repost from N/a
АллахӀ хьоьца валахь, хьоьлла тоьлла адам дац кху дуьненахь а, эхартахь а цхьаъ! АллахӀ хьоьца валахь, хьоьлла сий долуш адам дац кху дуьненахь а, эхартахь а цхьаъ! Иштта кхин мел ду и диканаш?! Хьо дагар дина ца валлал ду хьуна!

Repost from N/a
-ткъа АллахӀ цаьрца ву! АллахӀ хьоьца хилахь, хьуна лаьмнашел боккха болу бала, хилла а боцуш санна бай белла дӀабера бу, АллахӀ хьоьца хилахь, хьуна хьан дахарехь беркат а хира ду, АллахӀ хьоьца хилахь, хьан дуьне а, эхарт а то лура ду, АллахӀ хьоьца хилахь, хьо кху дуьненахь а, эхартахь а ирсе хира ву,

Repost from N/a
- Уьш АллахӀан дуьхьа къа хьоьгуш бу, ткъа АллахӀ цаьрца ву, уьш ларбеш, Ӏалаш беш... - ткъа АллахӀ цаьрца ву! Оцо эмгаралла меттах ца йоккху теш хьан? Мичахь бу АллахӀан дуьхьа къа хьегар тӀаьхь сутар берш, АллахӀ везаш, Иза шайца хилийта лууш берш?

Repost from N/a
Схьалаьцна некъ мел хала белахь а, коьртаниг юха ма валакх, садаӀа, амма къар ма ло, дӀатовжа, амма воха ма воха! Къад ло, гӀел ло, амма сатийсам, Ӏалашо, шовкъе хилар лаьтта бакълуьчеран даиманна а! Ша схьалаьцначу некъара ца волу бакълуьш верг! И ду и хаза куц, муъмин неха, АллахӀ реза вар бен кхин лаам боцу неха, АллахӀан муьтӀахь хиларцин бен кхин самукъа доцуш болу неха, и ду и хаза куц, халонаш мел дукха хиларах, воха ца вухуш, дӀагӀерта муъмин стаг!

Repost from N/a
Схьалаьцна некъ мел хала белахь а, коьртаниг юха ма валакх, садаӀа, амма къар ма ло, дӀатовжа, амма воха ма воха! Къад ло, гӀел ло, амма сатийсам, Ӏалашо, шовкъе хилар лаьтта бакълуьчеран даиманна а! Ша схьалаьцначу некъара ца волу бакълуьш верг! И ду и хаза куц, муъмин неха, АллахӀ реза вар бен кхин лаам боцу неха, АллахӀан муьтӀахь хиларцин бен кхин самукъа доцу болу неха, и ду и хаза куц, халонаш мел дукха хиларах, воха ца вухуш, дӀагӀерта муъмин стаг!

Дено денне герга йохуш ю хан, хьаша дӏаваха везаран хан, ткъа бина кечам бац, оьшург схьагуллийна, тӏорказ дац дузийна, дакъаза ма волийла хьо, хӏан Делан гӏийла лай...