Ӏилманан Аманат
رفتن به کانال در Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
نمایش بیشتر345
مشترکین
اطلاعاتی وجود ندارد24 ساعت
-37 روز
-230 روز
آرشیو پست ها
Repost from Рамзан Гендаргно
Аллахӏан Элчано (саллаллахIу ӏалайхӏи ва саллам) аьлла: «Суна цхьа салават диллинчунна Дала итт салават дуьллур ду, цунна тӏера итт гӏалат а дӏадоккхур ду, итт даржехь иза сов а воккхур ву».
[Сахьихь ал-Жамиӏ: 6359]
https://t.me/Ramzan_Gendargno
Repost from Ӏилманан Аманат
اللّهُـمَّ صَلِّ عَلـى مُحمَّـد، وَعَلـى آلِ مُحمَّد
Аллаh'умма салли 'аля Мухаммадин ва 'аля али Мухаммад
Къудси долу хьадисехь деъна : «Сан гергарчу стагац мостагӀалла лелийнарга, цунна Аса тӀом ма кхайкхийна!»
Динна, бакъонна АллахӀан кхайкхаман, мостагӀчунна юккъехь болучу тӀем сурт хотта далой хьоьга? Цу тӀамехь тоьлур верг мила ву? Эшамехь хира верг мила ву? Муххани дакъаз вера верг мила ву? Цхьа шеко яц, АллахӀац тӀом кхайкхийнарга, иза дакъаз ваьлла ву! Эшамехь верг и ву! АллахӀан Шен муъмин лайш ларбеш бу, Шен муъмин лай, къаьсттина чӀогӀа ларвеш ву!
9:10 Ӏеламнах Пайхамари верасаш бу бохучух луург - Шайх Фарукъ.
11:30 Ӏеламнах беза безаш бу, уьш ца безар бусулба динац дохуш дац!
ХӀунда аьлча, Ӏеламнах Пайхамари верасаш бу, ткъа хьуна Пайхамари верасаш безаш ца хилча, кхерамечу тӀе доьду хьан гӀуллакх.
Иштта Ӏеламнахац мостагӀалла лела яр, къийсам латта бар, иза АллахӀац мостагӀалла лела яр, АллахӀац къийсам латта бар лоруш ду!
24:25 Бусулба динан гӀортар хӀун ю?
49:45 Ӏилман бух тӀехь доцуш, Ӏибадат деш волу стаг хьанах тера ву? Цо дохьуш дерг хӀун ду?
Ӏилма лаха ара ваьлла волу мутаӀеламо даиманна дагахь латто деза ихлаьс, цӀена Дела дуьхьа ша дийриг дар, хӀунда аьлча Ӏилма лахар Ӏибадат ду, ткъа Ӏибадат цӀенна Далла дуьхьа дан дезаш ду, цӀенна Далла дуьхьа дина Ӏибадат бен къобал а деш дац!
«Динах кхетарал дезох долучу хӀуманац, цхьаммо Далла Ӏибадат дина ма дац!»
И бохург хӀун ду аьлча, динах кхетар иза АллахӀан дечу Ӏибадатех уггаре дезаниг ду!
Ткъа вуьшта аьлча, динах кхета гӀерташ адмо хьоьгуш долу къа, уггаре дезаниг ду, ткъа и бохург, дин Ӏамош, Ӏилма лахар ду!
(Кхузахь луург, дуьйцург, иза фарз Ӏамалаш дӀайоьвлачул тӀехьа динах кхетарал дезош хӀумма дац бохург ду, уггаре хьалха фарз Ӏамалаш ю)
АллахӀан герга хьо вуьгура волучарах, уггаре деза, уггаре сийлахь долу хӀума ду, хьо Ӏилма Ӏамош хилар!
Ӏилма Ӏамадар, АллахӀан дечу Ӏибадатах цхьа Ӏибадат ду, Ӏибадат хилла ца Ӏаш, уггаре сийлахь долу Ӏибадат ду, АллахӀан уггаре чӀогӀа дезаш, АллахӀан уггаре чӀогӀа хьо герга вуьгуш.
Кхул тӀаьхьа а вай меттах ца довлахь, вай оьгӀаз ца долхахь, вай карзах ца довлахь - мостагӀчун хьалха вайн деза мел дерг вахьа кхуссуш дукх вай, вай дин а, вай сий а, вай мохк а!
