fa
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

رفتن به کانال در Telegram

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

نمایش بیشتر
345
مشترکین
اطلاعاتی وجود ندارد24 ساعت
-37 روز
-230 روز
آرشیو پست ها
Молла кхойкхуш, цунна тӀаьхьараалар.. Цо олург тӀаьхьара эр ду, Къуръан доьшуш велахь а, саца а сецна, амма «хьаййаӀалас-салахь, хьаййаӀалал-фалагӀ» аьлча, «ла хьвла вала къуввата илла биллахӀ» эр ду. Ткъа Ӏуьйра-ламазна молла кхойкхуш, «ассалату хайрум-минан-навм» аьлча, тӀаьхьараолучо а изза эр ду, «садакъта ва барирта» эр дац, хӀунда аьлча цу хьокъехь деъна хьадис даӀиф ду. Иштта къамат деш тӀаьхьараалар а ду суннат, ткъа цо «къадкъаматис-салахӀ» аьлча а эр ду тӀаьхьараолучо изза, «акъамахӀаллахӀу ва адамахӀа» эр дац, хӀунда аьлча цу хьокъехь деъна хьадис даӀиф ду. ТӀаккха молла кхайкхина ваьлча, «АллохӀумма салли Ӏала Мухьаммад, ва Ӏала али Мухьаммад» аьлла, Пайхамарна салават диллина, тӀаккха хӀара доӀа дийра ду : «АллохӀумма рабба хӀазихӀид-даӀватит-таммахӀ, вассалатил-къаимахӀ, ати Мухьаммаданил-василата валфадилахӀ, ваб-ӀасхӀу макъамам-махьмуданиллази ваӀадтахӀ». Ткъа и доӀа деш куьйгаш айдан дезаш дац, деккъа багахь дӀадешчхьана даьлла, дагахь ца хуучо тӀехьожуш деша а мегар ду, амма молла кхайкхинчунна тӀаьхьара «амин» бохуш, цо фатихьат аьлча бисмал доьшуш, и болх лелор бидӀат ду, я иштта «амин» баьхна бисмил дешнера аьлла и суннат кхочушдинарг а лорур вац. Иштта молла кхойкхучо «ла илахӀа иллаллохӀ» аьлча, ладугӀуш волчо «ла илахӀа иллаллохӀ, Мухьаммад росулуллохӀ» алар цхьа а бух болуш дац, мелхо а, иза бидӀат ду.

sticker.webp0.00 KB

Духьа ламаз дар.. Цуьнан лаххара барам ши ракаӀат дар бу, лаккхара барам борхӀ ракаӀат дар бу, шишша ракаӀат деш, салам луш дийр ду иза. Ткъа цуьнан хан - малх хьалабалла цхьа итта-пхийтта минот яьлча йолало, делкъана молла кхайкха цхьа кхоъ-пхиъ минот йиссалц лаьтта, оцу юкъахь муьлххачу а хенахь дан мегар ду. Амма цунна еза йолу хан - де дохдала долало хан ю, иза цхьа исс даьлла, итталгӀа сахьтехь хуьлу..

sticker.webp0.00 KB