Ӏилманан Аманат
رفتن به کانال در Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
نمایش بیشتر345
مشترکین
اطلاعاتی وجود ندارد24 ساعت
-37 روز
-230 روز
آرشیو پست ها
Шайх Ӏусаймис боху: хьуна Ӏоттар еш хьоьга цхьама хаттар лахь, хьоьгара цхьаъ даккха гӀерташ хьоьга цхьаъ хаттахь, цуна жоп ма лолахь!
Ӏилман сий лардар ду иза, оц Ӏилмех нах кхарда ца кхардийта ду иза
Repost from N/a
📌Ибн Ӏаббаса АллахӀ реза хуьлийла цунна, дуьйцу, Пайхамара АллахӀера къинхетам а маршо а хуьлийла цунна, элира шега аьлла: "Хьуна хаийла, хӀара дерриге уммат вовшах кхетта хьуна цхьа пайда бан доьлча цара хьуна цхьа а пайда бийра ма бац АллахӀа хьуна йаз диначулла а бен. Иштта уьш хьуна цхьа кӀеззиг зен дан берриге гулла белча, цара хьуна зен дийра ма дац АллахӀа хьуна йаз диначулла а бен".
ХӀара мур дӀабера болуш бу шуна, собаре хиллаш, баккъалла а, собаре хиллачарна бекхам АллахӀа бийра болуш бу шуна!
АллахӀа Ша реза волчу кепара чаккха довлар лойла вайна, АллахӀа Шен новкъахь кӀажош чӀагӀ дойла вай, АллахӀа цхьа гӀулч а юха ца довлуш, гӀарчӀ аьлла хӀо некъахь дӀадахар а лойла вайна!
Дено денна тӀеӀитталуш халонаш ю вайна, тайп-тайпана бахьанаш ду дин даржошчера юха бовла, шаьш долийнарг дита, лах да, сацо.
ХӀай умматан Къонахий! ХӀай дин даржорехь мало ца еш, АллахӀан тӀе болх биллина шайн болх дӀакхоьхьурш, АллахӀа сий дойла шун! АллахӀа Шен Ӏуьналлех ма дохийла шу! АллахӀа Ӏалашдойла шу!
Шуна хоийла, хӀара мур дӀабера болуш бу шуна,
Кхочура ду шуна вай, оц вай сатийсиначу чаккхене!
Шу мал ма лойла, шу къар ма лойла, шу кӀад а ма лойла!
Шуна хоийла, гӀора луш верг АллахӀа вуйла!
Шуна хоийла, берриге ницкъ Шегахь берг АллахӀа вуйла!
Шуна хоийла, Шен кара делларг И зене дойъуш ца хилар!
Шайн болх а, некъ а, лаамаш а, сатийламаш, гӀайгӀанаш, баланаш, шайн дерриге хӀума, АллахӀа кара ло, Цо шу Ӏалаш а дийра ду, шун Ӏуьналла а дийра ду!
Баккъалла а, берриге ницкъ Шегахь берг, АллахӀа ма ву!
Баккъалла а, Ӏуьналла деш верг, АллахӀа ма ву!
Баккъалла а, Шен лайно диначу доӀан жоп даларан чӀагӀо йинарг, АллахӀа ма ву!
И доӀ Шайга деха бохуш верг а, АллахӀ ма ву!
ТӀаккха шун дерзар хуьлийла, АллахӀан тӀе!
Шун болх биллар хуьлийла, АллахӀан тӀе!
ХӀай умматан Къонахий!
Хало тӀе еъча болх бар сов доккхуш хила дезаш ду шуна, лах деш хила дезаш дац шуна!
Цкъа цига кхаьчнарг цӀа вахарах, оц латтах къастарах, цуна дог дац цӀа дохуш, йа оц латтах къасталуш а...
Repost from Хьадисаш LIVE
👆👆👆👆👆👆👆
👆👆👆👆👆👆👆
🔵Пайхамарца (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) зIе хотталуш ижазат!
🔺Къуръанал тIаьхьа уггар нийса жайна лоруш долу, шена чуьра дерриге хьадисаш цIена бух болуш долу «Сахьихь Бухарий» олу хьадис жайни тIера марха кхабаран а, терхьаш даран а, лайлатул-къадр буьйса юьйцу а, иIтикаф даран а меттигаш йоьшуш дарс хир ду.
😌😉😛😌😉😌 😌😚😌😉😌
✔️Дарс юкъавеъначунна Пайхамарца (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) зIе хотталуш ижазат а хир ю, экзаменехь лаххара 50 балл яьккхинчунна.
📆Дарс хIора дийнахь хир ду.
🔘Дарсан эфир: ЦIера хенаца 08:00 хир ю.
✔️ХIора хьадис дIадоьшуш, вайн маттахь гоч а деш, цунах луург билгал а дийр ду.
✔️Деккъа мутаIеламашна, я жайна деша хуучарна дац дарс, мелхо а, хIораннан а пайда эца аьтто болуш хир ду, воккхачуьнан, жимачуьнан, стеган, зуьдчуьнан, ворхIара ваьллачуьнан массеран а бакъо ю дакъа лаца а, ижазат эца а. Иштта мархийн баттах дерг а девзур ду.
🔊Дарсе юкъавеъначо дан дезарг:
🎙Эфирехь ладогӀар, эфирехь доцуш, вуьштта дарс чудиллича ладоьгӀначун юкъарадаьлла лоруш ду, амма шена пайдана ладугӀур ду.
📝Ца хезаш юкъарадаьлларг дӀаяздар.
🔴Юкъарадаьлларг дӀаяздеш билгал иштта дийр ду:
📖Дарсехь жайни тӀе хьожуш ладугӀуш волчо шена ца хезначу хьадисан лоьмар билгалйийр ю, ца хезнарг хӀокху лоьмарца долу хьадис ду, я ах хьадис ду олуш.
🤎Ткъа жайни тӀе хьожуш воцуш ладугӀуш волчо шен юкъараюьйлуш йолу миноташ дӀаязйийр ю.
✅Юкъарадаьлларг дийнна дарс делахь, цхьа дарс юкъарадаьлла олуш билгалдийр ду.
❌Амма массех дош делахь ца хезнарг, я иштта секундаш елахь юкъараевларш, уьш язъян ца оьшу.
✅И дерриге оьшур ду, дарсаш чекхдевлла, ижазат тIе язъян цIерш схьайохкуьйтучу хенахь, шен юкъарадевлларш ижазат тIехь билгалдархьама, шена ца хезнарг хезна аьлла хьадисан хьокъехь харцдерг дуьйцуш ца хилархьама.
🔔Жайна дIадолор ду: 11.11.2024 ш
💬Дарс кху хьостан чохь хир ду👆
https://t.me/Hadisash_Live
Хьехар деш кӀеда-мерза дош олуш дар...
«ХӀай сан кӀант! АллахӀа нийсачу новкъа нис войла хьо! АллахӀа аьтто бойла хьан, гӀо а дойла хьуна, дика Ӏамалаш йарехь!
Баккъалла а хьо суна сан кӀант санна ву хьуна, со хьан да санна ву хьуна.»
Хьехар да луучу хенахь, хазачу дашца волаваларо ладугӀучун дог доуьйту ладогӀа а, ахьа дуьйцург, хьоьхург тӀе лаца а, цу тӀехь чаккха вала а!
Къинхетамац, дог лазарац, сагаттадаларац, баккъалла а диканиг лууш, уггаре а хазачу кепехь и диканиг дӀакховдоро - мел чӀогӀа тиллавелларг а, АллахӀан къинхетамац нийсачу новкъа волу, диначу хьехарац чаккха а волу, къобал а до.
Иштта диначу хьехаран беро дика ойла а йо.
ТӀаккха хьехархочо шен дешархочунга, шен кӀанте санна (йаӀне кӀеда-мерза) къамел даро, цуна дог кӀад до.
Repost from Серлонан тоба
«Аса Къуръан мел доьшу а, сайна дарба хуьлуш хаалора суна, амма со Къуръанах гена ваьлча, сан цамгарш йухайоьрзура соьга.»
Иброхӏим ас-Сакрáн
