Ӏилманан Аманат
رفتن به کانال در Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
نمایش بیشتر345
مشترکین
اطلاعاتی وجود ندارد24 ساعت
-37 روز
-230 روز
آرشیو پست ها
Repost from Дикаден бусалба
Встреча шейха Халида Аль-Фулейджа и его ученика Мухаммада Тамасханова (несколько лет назад). Да ускорит Аллах1 освобождение шейха!
Repost from sʜɪsʜᴀɴ
«Наб йо хан дӀаели, хӀай, ХадижахӀ!», - элира Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам).
Вайх хӀораммо а кху дешнех вешан дахаран некъ бан безара.
Хьо гӀайгӀане хира ву хьуна, собарех ма вохалахь,
Хьо сингаттаме хира ву хьуна, собарех ма вохалахь,
Баланаш кху дуьненахь хаддаза хира бу хьуна, собарех ма вохалахь,
Баккъалла а, АллахӀа кечйина чаккхе, хьуна ца моьттучу кепара хаза ю хьуна!
Repost from Къуръанан охlла
Селхана, 2024-чу шеран ноябрь беттан 14-чу дийнахь, Делан Элчанан صلى الله عليه وسلم Мадинатяхь кхелхина Нохчийчуьра цхьа хьажхо. Ткъа пӀераскан дийнахь Ӏуьйранна иза дӀайоьллира уггар дикачу нахана уллохь, Пайхамаран асхьабашна уллохь.
АллахӀан Элчано (ﷺ) аьлла:
"Мединатехь вала йиш йолуш верг, цигахь велла иза, бакъдолуш, Ас шафаӀат дийр ду цу чохь веллачунна"
ат-Тирмизи 3917, Ибн МажахӀ 3112.
Ма хаза кхалхар дукх иза!!
Ӏумрат а дина, Маккахь цхьа кӀира даьккхинчул тӀаьхьа, Мадинате еара иза, ткъа цхьана шина дийнахь Пайхамаран маьждигехь хиллачул тӀаьхьа, четверган сарахь кхелхина, пӀераскан Ӏуьйранна дӀайоьллина, цунна тӀехьа 500 эзар сов стага джаназа ламаз дешна ...
Инна лиллахӀи ва инна илайхӀи РаджиӀун
Дал геч Дойла ПетӀматан.
ХӀара жайна ду ютуб чу дуьллуш, кӀезг-кӀеззиг, машаАллахӀ, хаза болх бу иза чӀогӀа, ладугӀуш хила, цу чура и дарсаш даржош а хила!
https://youtube.com/@islaman_nur?si=hF-FsYLvomciwPUm
Бакъо цӀена ю, билгал ю, къеггина ю!
Амма АллахӀа оц бакъонах ваьккхинарг, йаӀне харцачу некъахь верг, цуна а моьтта ша нийсачу новкъахь ву, ша бакълуьш ву.
АллахӀан къинхетам бу, хьуна бакъо йоьвзуш йолу, цундела хаддаза, хаддаза АллахӀан бе хастам!
Харцачу новкъахь волчух тамаш ма бе, кхерда ма кхерда, муххале диканца доӀнаш де, хила тарло хьан гӀиллакхо цхьаъ нийсачу некъа вало!
Repost from Серлонан тоба
«Боккъалла а, АллахI а, Цуьнан маликаш а салаваташ дохкуш ду пайхамарна. ХIай [Делах] тешнарш! Салават дилла цунна, маршо а еха [цуьнга]».
[Сурат «ал-Ахьзаб» - 56 аят]
«ХӀай, ийман диллинарш! ПӀераскан дийнахь (рузбанан) ламазна кхайкхича, АллахӀ хьехорна тӀедерза, махлелор а сацаде! и гӀолех хир ду шуна, нагахь шун хаахь».
[Сурат «ал-ЖумуӀа» - 9 аят]
Repost from Рамзан Гендаргно
Аллахӏан Элчано (саллаллахIу ӏалайхӏи ва саллам) аьлла: «Суна цхьа салават диллинчунна Дала итт салават дуьллур ду, цунна тӏера итт гӏалат а дӏадоккхур ду, итт даржехь иза сов а воккхур ву».
[Сахьихь ал-Жамиӏ: 6359]
https://t.me/Ramzan_Gendargno
Repost from Ӏилманан Аманат
اللّهُـمَّ صَلِّ عَلـى مُحمَّـد، وَعَلـى آلِ مُحمَّد
Аллаh'умма салли 'аля Мухаммадин ва 'аля али Мухаммад
Изза бакъо лелаш ю муьлххачу хӀумангахь а, нагахь санна цхьама къа латийнехь, ахьа хьоллехь цо латийна къа дац цуна мерах тоха дезаш, и къа хилар билгал дакка дезаш, и дича цуна хира долу Ӏазам дийца дезаш, мелхо, и къа хӀунда ду, цунах къа муха хилла, иза барамал сов валар хилар, и хӀуманаш ду вай доьххьара билгал даха дезаш.
Масалан аьлча, цхьама къа латийча, ахьа цунга иза къа ду, дан мегаш дац, ваа Дела, иза важа, хьо кхерам таса волахь, цо иза хьоллехь дуьтур ду бохург бакъ дац хьуна, йа цунга иза тӀе а лацалур дац, сил шога, къиза ахьа дийцахь.
Цундела уггаре хьалха, цхьама къа латош гича вай дан дезарг, уггаре коьрта белхаш тӀера дола далар, масала, цхьаъ дан мегаш дац олуш далахь, кӀеда-мерза алар, аьллачул тӀаьхьа, цун меттан кхиниг, диканиг де аьлла билгал даккхар, цхьаъ дита олуш далахь, цуна метта кхиниг де ала деза!
Ткъа нагахь санна иза керла юкъа даьлла хӀума далахь, хьо воло Элчанера (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) масал вай эца дезаш хилар билгал даккхарац, юха цо лелош дерг (керланиг) Элчо (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) дина ца хилар билгал даккхарац, юха цо ца динарг дан кхерам хилар билгал даккхарац, и дерриге дуьйцуш, чӀогӀа лерина дешнаш хоржуш, кӀеда-мерза хуьлуш.
