Ӏилманан Аманат
رفتن به کانال در Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
نمایش بیشتر345
مشترکین
اطلاعاتی وجود ندارد24 ساعت
-37 روز
-230 روز
آرشیو پست ها
ВаллахӀи, ахьа даиманна доьшуш долу аят, шар шера дагахь хууш долу аят, гуттарен а хьо воьжча, хьайна доьххьара хезаш долуш санна, оц цхьана аято гӀора лой хьала ма гӀотта хьо, деган дарба ду АллахӀан къамел, дегӀан гӀора а ду АллахӀан къамел, бӀаьрган нур а ду АллахӀан къамел!
Веза-Сийлахь волчу АллахӀа боху: «Шу гӀел ма лойла, шу гӀайгӀане ма хуьлийла, шу ду шуна лакхарниш, шу ду шуна сийлахь дерш, нагахь санна, муъмин нах шу делахь»
Хьо муъмин стаг велахь, сийлахь верг хьо ву, хьо вац гӀайгӀане хила везаш, хьо вац гӀел вала везаш, хьо вац эхь хета дезаш, хьо вац воха везаш, йа цхьаммо а хьайгара бехка баккхаран кхера везаш, муххале уьш бу кхера безаш, муххале АллахӀан омр дохош верг ву шена эхь хета дезаш верг, муххале воха везаш верг иза ву, хӀунда аьлча иза сийсаз ву, иза лахара ву, АллахӀан омр дохош и мел ву!
ВОЧУ ХӀУМАН ИНКАРЛО ЦА ЙАР, АЛЛАХӀАХ ЭХЬ ХЕТА ДЕЗА ВАЙНА...
Вайн дахарехь, вайна дуккха тӀе ниссалуш хуьлу, АллахӀан омр гал доккхаче кхочуш вай, делахь а, цу вочу белхашна букътоха ийман ца тоьу вайна, йа майралла, доьналла ца тоьу вайна.
Наха вайгара бехка баккхарех кхоьру вай, нахана доьхьал дерза, нахана доьхьал довла кхоьру вай, ийзало вай, йа эхь хета вайна.
АллахӀах тӀех сов эхь хета дезачу меттехь, нахах эхь хетар сов доле, цу нахана тӀетоьвжа вай, цаьрах дӀа ца къаьста вай, цара лелочу, вочу балхан букъ ца туху вай.
Элчан (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) хьадис и санначу меттигашкахь дукха диц ло вайна...
Элчано (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) аьлла: «Шуна цхьана, цхьа вон болх гахь, шен куьгац хуьцийла цо иза, нагахь санна шен куьгац хийца ницкъа бацахь шен маттац хуьцийла цо иза, ткъа нагахь санна маттац хийца а ницкъа бацахь шен дагац хуьцийла цо иза. Иза уггаре гӀийла ийман ду хьуна»
Шен дагац цуна и ца дезар, новкъа дар - иза уггаре гӀийла ийман ду!
Иза доцуш хила йиш ма яц муъмин стаг!
Муьлхха а вон болха шайна гича, муъмин стаг иза хийца хьажа везаш ву, ткъа нагахь санна хийцалуш бацахь цуна букътоха беза цо!
Нахах эхь хетна, наха шайгар бехка боккхар бу аьлла, и вон болх бечу нахан тӀетовжа мегар дац, цу нахана хала хетар ду бохуш, цу нахарга виста ца хуьлуш, цара дечун инкарло ца еш Ӏа мегар дац иза!
Веза-Сийлахь волчу АллахӀа, Ша везаш, Шена безаш бу бохуш бийцина болу муъмин неха куцошех цхьа куц ду, «бехка боккхучеран бехкех уьш кхоьруш ца хилар»
Веза-Сийлахь волчу АллахӀа боху: «ХӀай ийман диллинарш, нагахь шу шай динах юха довлахь, АллахӀа цхьа кхин нах балора бу, АллахӀа цхьа кхин нах кхуллура бу, и нах муха хира бу аьлча, уьш АллахӀан безаш хира бу, цаьрна АллахӀ везар ву, муъмин нахаца кӀеда-мерза хира бу уьш, керста нахаца шога-буьрса хира бу уьш, АллахӀан новкъахь гӀазот деш хира бу уьш, бехка боккхучеран бехкех кхоьруш хира бац уьш»
Бехка боккхучеран бехкех хьо ца кхерара, АллахӀан безаш, АллахӀ везачера, муъмин неха куцошех цхьа куц ду!
АллахӀан омр дохош цхьа нах балахь, цаьрна доьхьал вала, цаьрна инкарло йан, цаьрна реза ца хила хьуна эхь ма хоьтийла!
Цара хьайгара боккхур болчу бехках хьо ма кхоьрийла,
АллахӀ реза варехь, цхьа а хьайна реза ца хиларна хьо ма кхоьрийлм!
Ахьа АллахӀ реза вича - кхин дӀа АллахӀа нах реза бийра бу хьуна,
Амма АллахӀ оьгӀаз вохуьйтуш, хьо мел чӀогӀа нах реза бан гӀертарах, хьуна нах реза хира бац, ца АллахӀ реза хира вац!
Шена эхь хета дезаш бераш, муххале АллахӀан омр гал доккхуш берш ма бу, АллахӀан дозанаш хедош берш ма бу!
АллахӀан дозанаш хедош болчарех эхь хета дезаш ма вац муъмин стаг, хӀунда аьлча и царелла веза ма ву, и царелла сийлахь ма ву, и царелла лакхара ма ву!
Веза-Сийлахь волчу АллахӀа боху: «Шу гӀел ма лойла, шу гӀайгӀане ма хуьлийла, шу ду шуна лакхарниш, шу ду шуна сийлахь дерш, нагахь санна, муъмин нах шу делахь»
Хьо муъмин стаг велахь, сийлахь верг хьо ву, хьо вац гӀайгӀане хила везаш, хьо вац гӀел вала везаш, хьо вац эхь хета дезаш, хьо вац воха везаш, йа цхьаммо а хьайгара бехка баккхаран кхера везаш, муххале уьш бу кхера безаш, муххале АллахӀан омр дохош верг ву шена эхь хета дезаш верг, муххале воха везаш верг иза ву, хӀунда аьлча иза сийсаз ву, иза лахара ву, АллахӀан омр дохош и мел ву!
Цундела муъмин стаг шайгахь йолу и сийлалла, и дозалла хаалуш хила веза!
Веза-Сийлахь волчу АллахӀа Шена безаш, Ша везаш, бехка боккхучеран бехкех ца кхоьручерах дойла вай!
Вайн дахарехь, вайна дуккха тӀе ниссалуш хуьлу, АллахӀан омр гал доккхаче кхочуш вай, делахь а, цу вочу белхашна букътоха ийман ца тоьу вайна, йа майралла, доьналла ца тоьу вайна.
Наха вайгара бехка баккхарех кхоьру вай, нахана доьхьал дерза, нахана доьхьал довла кхоьру вай, ийзало вай, йа эхь хета вайна.
АллахӀах тӀех сов эхь хета дезачу меттехь, нахах эхь хетар сов доле, цу нахана тӀетоьвжа вай, цаьрах дӀа ца къаьста вай, цара лелочу, вочу балхан букъ ца туху вай.
Элчан (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) хьадис и санначу меттигашкахь дукха диц ло вайна...
Элчано (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) аьлла: «Шуна цхьана, цхьа вон болх гахь, шен куьгац хуьцийла цо иза, нагахь санна шен куьгац хийца ницкъа бацахь шен маттац хуьцийла цо иза, ткъа нагахь санна маттац хийца а ницкъа бацахь шен дагац хуьцийла цо иза. Иза уггаре гӀийла ийман ду хьуна»
Шен дагац цуна и ца дезар, новкъа дар - иза уггаре гӀийла ийман ду!
Иза доцуш хила йиш ма яц муъмин стаг!
Муьлхха а вон болха шайна гича, муъмин стаг иза хийца хьажа везаш ву, ткъа нагахь санна хийцалуш бацахь цуна букътоха беза цо!
Нахах эхь хетна, наха шайгар бехка боккхар бу аьлла, и вон болх бечу нахан тӀетовжа мегар дац, цу нахана хала хетар ду бохуш, цу нахарга вита ца хуьлуш, цара дечун инкарло ца еш Ӏа мегар дац иза!
Веза-Сийлахь волчу АллахӀа, Ша везаш, Шена безаш бу бохуш бийцина болу муъмин неха куцошех цхьа куц ду, «бехка боккхучеран бехкех уьш кхоьруш ца хилар»
Веза-Сийлахь волчу АллахӀа боху: «ХӀай ийман диллинарш, нагахь шу шай динах юха довлахь, АллахӀа цхьа кхин нах балора бу, АллахӀа цхьа кхин нах кхуллура бу, и нах муха хира бу аьлча, уьш АллахӀан безаш хира бу, цаьрна АллахӀ везар ву, муъмин нахаца кӀеда-мерза хира бу уьш, керста нахаца шога-буьрса хира бу уьш, АллахӀан новкъахь гӀазот деш хира бу уьш, бехка боккхучеран бехкех кхоьруш хира бац уьш»
Бехка боккхучеран бехкех хьо ца кхерара, АллахӀан безаш, АллахӀ везачера, муъмин неха куцошех цхьа куц ду!
АллахӀан омр дохош цхьа нах балахь, цаьрна доьхьал вала, цаьрна инкарло йан, цаьрна реза ца хила хьуна эхь ма хоьтийла!
Цара хьайгара боккхур болчу бехках хьо ма кхоьрийла,
АллахӀ реза варехь, цхьа а хьайна реза ца хиларна хьо ма кхоьрийлм!
Ахьа АллахӀ реза вича - кхин дӀа АллахӀа нах реза бийра бу хьуна,
Амма АллахӀ оьгӀаз вохуьйтуш, хьо мел чӀогӀа нах реза бан гӀертарах, хьуна нах реза хира бац, ца АллахӀ реза хира вац!
Шена эхь хета дезаш бераш, муххале АллахӀан омр гал доккхуш берш ма бу, АллахӀан дозанаш хедош берш ма бу!
АллахӀан дозанаш хедош болчарех эхь хета дезаш ма вац муъмин стаг, хӀунда аьлча и царелла веза ма ву, и царелла сийлахь ма ву, и царелла лакхара ма ву!
Веза-Сийлахь волчу АллахӀа боху: «Шу гӀел ма лойла, шу гӀайгӀане ма хуьлийла, шу ду шуна лакхарниш, шу ду шуна сийлахь дерш, нагахь санна, муъмин нах шу делахь»
Хьо муъмин стаг велахь, сийлахь верг хьо ву, хьо вац гӀайгӀане хила везаш, хьо вац гӀел вала везаш, хьо вац эхь хета дезаш, хьо вац воха везаш, йа цхьаммо а хьайгара бехка баккхаран кхера везаш, муххале уьш бу кхера безаш, муххале АллахӀан омр дохош верг ву шена эхь хета дезаш верг, муххале воха везаш верг иза ву, хӀунда аьлча иза сийсаз ву, иза лахара ву, АллахӀан омр дохош и мел ву!
Цундела муъмин стаг шайгахь йолу и сийлалла, и дозалла хаалуш хила веза!
Веза-Сийлахь волчу АллахӀа Шена безаш, Ша везаш, бехка боккхучеран бехкех ца кхоьручерах дойла вай!
ХӀара йуьхьиг хуьлийлакх, хӀора а бусулба мохк зуламех маьрша болуш, гаттаделла бусулба неха дегнаг синтеме хуьлуш, сатийсамаш кхочуш хилла бӀаьргар самукъанен хиш оьхуш...
БӀаьрг биллина оца Къуръан чохь дерг вай дешахь, вайна карор ду цу чохь толаман догӀа, и догӀа схьаэцаран некъ а карор бу, иза схьа эцча кхин дай ца дай дан дезарг а хуура ду!
Тахана и толам баккхаран бахьан, вай тесна, диц дина дитина долу аятац Ӏамал йар дара, и Ӏамал бертахь хилар, декъа ца луш цхьа терра вай хилар, яра, тахана оц аятац Ӏамал йина Сийри схьа йаьккхина цигахь болчара, цхьа тоба хилла, цхьа терра дӀахӀиттина уьш, хӀинца вай ду, царна тӀе гӀорта дезаш, иштта толам хӀора а бусулба махкахь вайна безахь, вай ду цу аятац Ӏамал йа дезаш, царна тӀе гӀорта деза вай, иза бохург ду, декъа ца луш, цхьа терра дӀахӀитта деза бохург, вовшийн йина вас йиц еш, гало ца доцуш, дерриге хӀума диц дина, цхьа терра, цхьа тоба хилла дӀахӀитта дезаш ду вай, цхьа уммат санна, цхьа эскар санна, цхьа доьзал санна!
Кегий долуш хьаьжначу цу "страшилкшел" ирча сурт ду иза, ВаллахӀи гина ма дац суна и сурт оц телевизор чохь а...
Repost from Серлонан тоба
Паччахь вац АллахӀ бен! Эла вац АллахӀ бен! Ницкъ бац АллахӀехь бен! ГӀора а дац АллахӀехь бен! Доллу Ӏаламийн Паччахь ву АллахӀ!
Repost from Аллахlан цlерш
Оцу дийнахь цхьаммо дийр дац Iазап, [АллахIа] санна. Буржалш а тухур яц цхьаммо а, Цо санна. Аят.
Делан Элчано صلى الله عليه وسلم аьлла: «Нахах уггара чӀогӀа шайна Ӏазап хир дерш - дуьненахь нахе уггар чӀогӀа Ӏазап лайтинарш бу».
Тахана цигара хьал даржош волу хӀара а, доккха гӀо-накъосталла деш ву цигарчу нахана а, иштта массо бусулба нахана, хӀунда аьлча иза тӀех хаза кхаъ бу, бусулба мохк зуламхочух маьрша баккхар, кхин хила йиш йоцуш боккха толам бу, и толам баьккхина хаам баржошчара беш болу пайда хӀун бу хьуна аьлча, бусулба неха дог ойла ю айбалуш, церан самукъа ду долуш, АллахӀе боьрзаш бу бусулба нах, церан ийманаш ду чӀагӀ луш, хастам бу цара шайн Далла беш, цундела шу совца ма совцалаш, мостагӀчун хуьттаренна шу хуьлийла хаддаза иштта самукъане бусулба неха денош шу даржочура, нахана довзуьйтуш, дуьйцуш.
Иштта и сил хаза хаамаш баржа баран кхин цхьа пайда бу шуна, и хӀун пайда бу аьлча, мостагӀчун кхерам сов болу, дог ойла йужу, гӀел ло, мостагӀ юха волу, цундела аша баржа белаш кху тайпа хаамаш, оц мостагӀчун кхерам цхьанне а минотан дӀа ца балийта, бусулба стега самукъа цхьанне а минотан гӀел ца далийта!
Ала дош доцуш, Ӏадийначахь вуьсакх хьо, цхьанне кепара хьекъало тӀе дитина хӀума ма дац кху тайпа хӀума, хӀара хилла и, "умматах дукхах берш бийшина бу" бохург, АллахӀа самдохийлакх вай...
Repost from ИСЛАМАН ТАРИХ
Уггаре сингаттаме дерг хIун ду хаьи шуна? Цу кепара набахташ дуккха а бусалбанехан махкашкахь хилар ду-кх! Ткъа, церан наьIарш хIинцаъ дIаястайелла яц.
Дала маьрша бохуьйла вайн вежарий, йижарий!
Repost from ИСЛАМАН ТАРИХ
Я АллахI ! цу набахташчуьра гуча дуьйлаш дерш ма андай белхаш ду! Цу чохь хиллачах цхьамма боху: дийнахь цхьа бепиг кийсаг лора суна, цуьнах цхьа дакъа мукадехкашна дIалора аса, цаьрга со цаваита, уьш а меца дара.
Я АллахI чIир эца Ахь массо зуламхочуьнгара!
Repost from sʜɪsʜᴀɴ
Цхьа кӀеззиг йолу хало тӀеӀотталушшехь дала дуьйшу вай, ткъа вайна а ца хууш инзаре яккхий халонаш ловш адамаш хуьлу, и адамаш а хьан вежарий-йижарий хуьлу, тӀаккха эхь хета-кх хьуна, масал а хуьлу-кх хьуна царах
