fa
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

رفتن به کانال در Telegram

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

نمایش بیشتر
345
مشترکین
اطلاعاتی وجود ندارد24 ساعت
-37 روز
-230 روز
آرشیو پست ها
Вайн хьокъехь, вай хьахийча, хӏун аьлла хира дара цо?

Ойла йелахь

Оц шина зудчун хьокъехь аьлла

Пайхамара (соллаллохӏу ӏалайхӏи ва саллам) аьлла..

Repost from sʜɪsʜᴀɴ
Лулахочух лаьцна

Repost from N/a
وَكُلُّ صَغِيرٍۢ وَكَبِيرٍۢ مُّسْتَطَرٌ Массо жима а, доккха а хӀума дӀаяздина ду.. [Сурат Аль-Къомар, аят 53]

Repost from N/a
فَمَن یَعۡمَلۡ مِثۡقَالَ ذَرَّةٍ خَیۡرࣰا یَرَهُۥ «Ша мискъалан зарратал дика диначунна а - гур ду и шен». وَمَن یَعۡمَلۡ مِثۡقَالَ ذَرَّةࣲ شَرࣰّا یَرَهُۥ «Ша мискъалан зарратал вониг диначунна а - гур ду и шен». [Сурат аз-Залзалат 7-8 айаташ]

sticker.webp0.00 KB

Дӏадаккха дезаш хила там бу, пайда эца хьовса)))

Хийла хӏо хьостан, доьххьар чу диллиначу йозан тӏера дуьйна, йоьшуш, хьожуш хӏума до аса, сан самукъа долург, цу хенахь, хьоста диначу хенахь, аса бина болх бу, аса ца бах айса доккха хӏума дина, амма, Валлахӏи, сан ницкъа кхочургам дина, ткьа муха хууш кӏеззиг нах бу)) Ала луург, цу хенахь сан кху телефонан дӏайала хан яра, тахана санна тӏе эгна хӏуманаш дацара, ткъа и хан йолчура, дан ницкъа кхочуриг аса дина, и ду сан самукъа долург, аса аьтто болчу хенахь хан эрна яхийтан ца хилар, аса къа хьегна хилар, и ду сан бӏаьрг бузош, доггаха баркалла олуьйтург. Ала луург: Хан эрна ма яхийта, аса даиманна олуш ма хиллара, Валлахӏи, инзаре дукха аьттонаш ма бу вай динна даржо, и даржо хӏума а ма ду инзаре дукха, нахан гина доцуш, хезна доцуш, дукха хӏума ду, катоха! Хьалхе йаккха! Айхьа даржош дерг, хьоьгара доьххьара хезаш дерг (кхечу хьостанш чохь доцуриг) хилийта! Ткъа иштта хӏума дуккха ду, вай цхьа Шайх Фарукъ (Аллахӏа ӏалаш войла и) схьалаьцча а, цо доьшуш долу жайнаш, царна юккъера пайден дерг йозанца хуьлийла и, йа видео кечча ярца хуьлийла, даржош хила! Цхьа а де, эрна ма дахийта!

Дуьйла деллачур, сан самукъа долург хьахо а лаара)))

Кху кепара йоза чу диллича йуьхьӏаржа хӏутта со, сой хьакъ ца хиларан, амма аса аьллакх, ма эца соьх масал)))

Селхана, доттагӏчо цхьа чӏогӏа ойланашка вуьгуш дешнаш аьллера.. Баккъалла а, динна даржочо, йаӏне пайден дерг даржочо, цхьана бахьан шен болх сацийча, наха, и воьвзуш а воцучара, цунна доӏнаш до, цуна са а гат до, гӏо оьший теш аьлла гӏо дан а лаам хуьлу... Баккъалла а дукха ойла йина аса цуна, кхул хьалха цхьанне а бала ца кхочу аьлла дукха тӏех сов тешна хиларан))) Кху къамелан юккъер пайда схьаэца шуна атта хилийта билгад доккху аса: Ахьа дийраг ца гуш, ца хууш, йа пайда ца болуш дац хьуна! Хьо динна даржош, баккъалла а саготта велахь, хьуна хоуьйла, хьоьх лар йуьсар йолуш ю хьуна! Ткъа цулла хазаниг, и лар хьо велча а латтар ду! Хьан валаран хан герга еъна, хьо хьайн Далла доьхьал ваханехь а, хьан ӏамалшан тептар дузуш лаьттар ду хьуна! Ойла йелахь! «Хьан лар, хьо велча а лаьттар йолуш ю хьуна!» И дешнаш кӏеззиг хӏума дац, иза доккха хӏума ду, цо адам сутар дан а деза, динна даржорехь совва даккха а деза!

sticker.webp0.00 KB

Гӏиллакх дӏа ца далийтаран, лардаран гӏоьнча - верриге ву! Хӏора а ша-ша воллучахь, шеначун, неханачу, цхьа терра гӏиллакх доцуриг цхьангара даьлча ниссош хила веза, гӏиллакх хьоьхуш хила веза!

Гӏиллакх дӏа ца далийтаран, лардаран гӏоьнча - верриге ву! Хӏора а ша-ша воллучахь, шеначун, неханачу, цхьа терра гӏиллакх доцуриг даьлча ниссош хила веза!

Нохчийн гӏиллакхаш - Нохчочунгахь доллуш ду! Цуна деррише ца довзахь а, доьвзича лелора долуш, Нохчочо шен къоман гӏиллакхаш, ӏадаташ, лелош ду, лардеш ду! Цул совнах, кхечо гӏиллакхаш ца лелийча, лар ца дича, дог лозуш хуьлу Нохчий! Гӏиллакх - цӏийца долу хӏума ду, оц цӏийца долу хӏума, вахьтасалуш дац, дӏадаккхалуш дац!

«Баккъалла а, ма сийлахь, тоьлла гӏиллакхаш дукх хьоьгахь» аьлла Аллахӏа хьаставина вайн Пайхамар (соллаллохӏу ӏалайхӏи ва саллам) Иштта Пайхамаро (соллаллохӏу ӏалайхӏи ва саллам) аьлла: «Ша ваийтина Аллахӏа, лераме, сийлахь гӏиллакхаш кхочуш дан» Аллахӏа ша цу хӏуман ваийтина боху Пайхамара, цо гойту вайна, гӏиллакх, динах хӏума хилар, Пайхамара (соллаллохӏу ӏалайхӏи ва саллам) ша бохуш хилча, и гӏиллакхаш кхочуш дан ваийтина ву ша, бохуш хилча, тӏаккха вай муха доькъу и динна а, гӏиллакх а? И динна а, гӏиллакхаш а, цхьа хӏума ду, мелхо и динна ду и гӏиллакх. Ӏеламнаха боху: мулхха а къоман юккьара хаза, хьастаме гӏиллакх, иза Пайхамарера (соллаллохӏу ӏалайхӏи ва саллам) гӏиллакх ду, и деррише хаза гӏиллакхаш, Пайхамарера ду!