Ӏилманан Аманат
رفتن به کانال در Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
نمایش بیشتر345
مشترکین
اطلاعاتی وجود ندارد24 ساعت
-37 روز
-230 روز
آرشیو پست ها
Дала хьанал динарг ӏаддадиталуш доцучунга, хьарам дерг а диталур дац!
Цундела аьлла ду аьллачо, туьха а, бепиг а дууш ваха реза верг, цхьаммо а лай вийра вац!
Шен Делац бакълуьш верг - шен ӏалашоне кхоча, шен ӏалашоне кхача, цо дуккха хӏума ӏадда а дуьта, хьанал дерг и делахь а!
Мутаӏелам мила ву хьуна аьлча - халонехь, гаттонехь муьлхха а цхьа бала, йа шенах цхьанах хьакхалуш, йа дийна умматах хьакхалуш белахь, башхалла яц, шен къахьегар соввадоккхуш, шен болх соввабоккхуш верг ву!
Бераллехь, хьо таса велла вахьа кхетта, ахьа чов йича, ведда хьайн нана йолче вагӏар хьо, хьайн чов гайта, цо бай мох тоьхна, дай коьртах куьг хьаькхна, хӏумма дац, дӏайоьрзар ю чов, аьлча, хьайн чов йиц лой, кхин дӏа ловза водар хьо;
Хьо воккха хилча, хьайн кийрар гӏайгӏа, бала, синтаттаман чов эцна хьо хьайн нана йолче веъча, цо марс воьллан, са ма гат де, аса Деле воьгӏуш ву хьо, аьлча, и гӏайгӏа, бала бай ло хьуна!
Баккъалла а, кху дуьненахь вехаш верг мила ву аьлча, Деле ша веха Да-Нана дерг вукх!
Аллахӏ Дала, оц Де-Нена дан ма деззара пусар дар лойла вайна! Уьш дийна болчарна, и беркат дуккха а латта дойла! Уьш боцуш висинчуна, Аллахӏа хӏокх дуьненахь, йаккхий чевнаш юккъера, и чов ла собар лойлакх!
Баккъалла а Аллахӏан хьалха латта вай маца марзлура ду аьлча:
Аллахӏ хьуна везначул тӏехьа, ткъа Аллахӏ хьуна маца везар ву аьлча, ӏеламнаха олакх, ша стаг везар, бакъболу безам маца хуьлуш бу аьлча, хьуна дукха дезаш долу адам дуй, цу адми лаама, хьайн лаамел ахьа хьалха боккхий, тӏаккха дезар ду хьуна баккъалла а и адам!
И Аллахӏ баккьалла а хуьна везар, хьакъ долуш хьуна И маца везар ву аьлча, Аллахӏан хьоьгар лууш дерг, и ахьа хьайн дегӏан лууш долчулла а хьалха доккхий ахь, тӏаккха баккьалла а Аллахӏ везар ву хьуна!
Абу Дардаъа, цхьа хӏума дезаран хьокъехь хьахочу хенахь аьлла: баккъалла а хьуна цхьа хӏума дезаделлий хьуна маца хуур ду аьлча: и хӏума дезаро хьо къорвинчу хенахь, хьо бӏаьрзвинчу хенахь, тӏаккха хуур ду хьуна, баккьалла а и хӏума хьан дагах кхеттий!
Сан дехар дукх, сан весет дукх массаьрги, Аллахӏ везаре, шайн бӏаьргаш бӏаьрза дайтахьара аша, Аллахӏ везаре, шайн лерхазар къордайтахьара аша!
Нагахь санна Аллахӏа аьлларг бен хьо хезаш вацахь, Аллахӏа бохург бен хьо деш вацахь, Аллахӏа бохург бен хьо гуш вацахьа, тӏаккха баккъалла а Аллахӏ везар дуьжар ду хьуна хьан дагчу!

Кху дуьненчу даьлла долу хӏора а адам - эхартан некъ беш ду, ша шен ненан кийрар вахьа доьссиначу дуьйна, латтан буха кхаччалц!
Хӏора адмо мел доккхуш долу са - даларна, эхартана герга хуьлуш доккхуш ду!
Эхартан некъа ара даьлла ду хӏора а адам!
Ӏеламнаха боху: цхьана гена махка ваха ара волуш волу стаг, оц стага шен некъан цхьа а кечам ца беш, и некъа ара ваьлча муха хетар дара хьуна?
Масалан хьаж цӏа воьдуш стаг ву, хьаж цӏан кечдина цхьа а даьхний дац цуна, йа некъан вовшах тоьхна ахча дац, лаахь ца лаахь хьаж цӏа ваха везаш вукх и, масалан боху вай, иштта волчу стег хьал - могуш ца хилар ду!
Ша цхьанхьа вагӏа везаш хилча, хийрачу махка ваха новкъа ваьлла хилча, бина кечам боцуш, ишттаниг ӏовдалчу стага а и ӏовдал ву эра ду!
Лукъмана шен кӏанте дечу весетех ду: «Котам нӏенел оьшуш ма хуьлийла хьо! Иза ӏуьйранна гӏеттан кхойкхуш йолуш, хьо вижана ӏаш!»
Ӏеламнаха боху: «Ма тамашийна болх бу тахана цхьаболу кегийрхойн болх, ши кхо бӏаьӏа еза хӏуманаш айбало цаьрга, амма ӏуьйра ламазан шен тӏера йургӏа ца айбало цаьрга!»