fa
Feedback
Нохчийн дешначу нехан кхеташо

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

رفتن به کانال در Telegram
2 278
مشترکین
+224 ساعت
-47 روز
-1730 روز
آرشیو پست ها
2193-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Стаг велча и дӏaверзор суннатехь муха хила деза? Дехар дара кху хаттарна жоп кӏорггера далар, стеган са даьллачул тӏаьхьа и тезет дӏаерзалц муха хила деза суннатехь? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

2192-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Цхьа клей ду-кх куьйган тӏелетча атта дӏа ца долуш, и дӀадоккхуш дуккха а хан еза, и тӀехь долуш ламаз эцча кхочуш хир дуй сан? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

پیام صوتی00:17

2191-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Велла стаг гӏенахь гича и веллачунна са хьуна гleнах деана хуьлий-теша? Йа Аллахla беккъа Шен лаамца гойтуш ду адамийн са кхечунна гӏенах?  Синош шайна луучунна гӏенах гучудийла йиш йолуш дуй? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

2190-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Кхелхина болу нехан синош вовше го бохург бакъ дуй? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

2189-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Къемат-дийнахь бусулба нах шафаlaт дан лоьхуш пайхамарш: Адаман, Нухьан, Иброхlиман, Мусан, lисан, тlaьххьара Мухьаммадан (ﷺ) тleгlур бу. Мухьаммадас (ﷺ) тlaккха Аллахle юх-юха доьхур ду шен умматера нах жоьжахатих хьалхабаха бохуш долу хьадис бух болуш дуй? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

2188-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Пӏераскан-дийнахь синош цla доху бохург бакъ дуй? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

2187-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Гӏенахь Пайхамар (ﷺ) гар деха мегий? И гар дика хилар билгалдаьккхина бух болуш хlумма а дуй? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

2186-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Гӏурбан деношкахь уьстагӏ бийча цуьнан цӏий хьажа юккъе хьокхуш хуьлу вай, и мегаш дуй? Цуьнан хӏун бух бу? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

2185-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Моьлкъа бийча ял хуьлу бохуш хьадис хезнера суна. Муьлхха а моьлкъа буй и буьйцург? Вайн цlера моьлкъарчий юкъадогlий? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Ламазехь рукуӏера хьалавогӏуш голаш тӏера хеча жимма хьалаозийча ламаз дохош совнаха меттахъхьер хуьлий, и ас даимна деш хилча? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

2183-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Кхелхина долу адам и кхелхина деношкахь массийтта гергарчарна хазачу гlенашкахь гуш хилар а, чухула даима дlaса хьоьжуш ша lуьллучохь, кхераме хlума гинча санна а йоцуш, тlaккха садалар тхуна схьагучу суьртехь цхьа а хар-хир доцуш хилира цуьнан, мелла атта садаьлча санна хийтара-кх тхуна цуьнан. И шадерриге кхелхинарг декъала хиларан билгало хила мегаш дуй теша? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

2182-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Нана дӏаяьлла сан. Тlaккха цуьнан хьолана сагатдо оха. Барт хаттар мел лаьтта адамийн? Цхьаболчара 3 де, кхечара 7 де бохуш тайп-тайпана дуьйцуш хезнера. Хьадисехь шахlидан валар ду аьлла билгалдаьккхина долу цамгарх кхелхина ю иза. Тlаккха муха хуьла цуьнан барт хаттар? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

2181-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Хӏусамнана ламаз-марха, гӏиллакх-гӏуллакх долш ю. Амма, хьижаб тӏе ца духу, хенан жима а яц. Оцу хьолехь хӏун дича бакъхьа хир дара теша? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

پیام صوتی00:32

2179-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Хаттарх пайда хилийта ниятца хаттар деллачунна а ял хир юй, цунах хилла пайда лелаш мел бу? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

2178-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Iуьйра-ламаз дина сой йолу чоь чохь оцу меттера Дела хьехош хьала а ца гlоттуш, юха духьа-ламаз дича хьаж-lумрат динча санна ял хуьлу аьлла хьадисан юкъа гlур юй со? Соьца жамаlат-ламаз дан цхьа а ца хилча, я деш ца хилча? Айса ламаз дича? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

2177-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Массийтта шо хьалха сайна доцуш долу лазар ду аьлла ахча а делла даккхийтина пенси ду сан. Цу хенахь ас ойла ца йинера цу гӏуллакхан, амма и пенси (пожизненный )ду сан. Цу ахчанах хӏун дан мегар ду? И доцург сан кхин тӏедогӏуш сом дац. Хьарам дуй суна и ахча? Ӏумрате яха и ахча леладан мегий? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо

پیام صوتی00:37

-гIа хаттар: ‏سلام عليكم ورحمة الله وبركاته У меня такой вопрос Как я знаю будут люди(мусульмане), которых  из за своих грехов отправят в огонь на какое то время Тогда почему в суре муъминун, аяты 102-103, говорится, что те, чьи деяние на весах окажутся лёгкими пребудет в огне вечно? Разъясните пожалуйста ‏بارك الله فيك ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо