ي
رفتن به کانال در Telegram
Хьоьга хьам аьлла, йалсмане боьду некъ зезагшах бина бу?! ي
نمایش بیشتر189
مشترکین
اطلاعاتی وجود ندارد24 ساعت
-27 روز
-530 روز
آرشیو پست ها
189
«Нахана юккъахь АллахIана уггар дукха везарг – церах уггар пайде верг ву. Нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIана уггар дукха еза Iамал ю ахь бусалба стагана хазахетийтар, йа цунна тIера цхьа гIайгIа дIаайъар, йа цуьнан декхар цунна тIерадаккхар, йа мацаллах иза кIелхьараваккхар. Бакъдолуш, вочу гIиллакхо Iамал талхайо, къонзо моз талхоре терра» - аьлла Пайхамара, къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна Делера, нийса хьадисехь.
ي
189
Къинош бехдинчу дагна Iибáдатан марзо хаалур йац,цомгашчу дéгIана а ма ца хаало кхоччуш йуу-хIуман чам…!
Имам Ибн Раджаб аль-Хьанбалий
«Фатхьул-Бáрий» 1/82
ي
189
Йа Аллахl, Къуръанах сан деган бӀаьсте хилийта Ахь, сан кийра (къагош) нур хилийта Ахь, сан сингаттам дӀаойъуш дерг хилийта Ахь, сан сагатдалар дӀадоккхуш дерг а хилийта Ахь иза».
ي
189
Шайх Ибн Бáзе (Аллахlа къинхетам бойла цуьнах) хаьттина хилла зудчо Къуръан доьшуш ладогlарха лаьцна.
Шайхо боху: «Нагахь санна цуьнан lалашо Къуръанах пайда эца а, Аллахlан къамелан ойла йан а хиллехь мегар ду, хlумма дац. Амма цуьнан lалашо деккъа церан аьзнех самукъадийлар хиллехь, тlаккха-м мегар дац иза.
ي
189
Имам Малика (Аллахlа къинхетам бойла цуьнах) боху:
«Церан замангахь дин ца хилларг вайн замангахь хlетте а хира дац дин.»
ي
189
«Бакъдолу ирсе дахар - Аллахlана а, Цуьнан Элчанна а (ﷺ) муьтlахь хиллачунна ду-кх. Шаьш кху дуьненчуьра дlакхелхича а дийна берш бу уьш, ткъа кхиберша-м белла бу, церан догlмаш дийна делахь а».
Ибн Таймиййа
ي
189
Тавхьид ду нийса долу дин. Къуръан чуьра а, суннатера а ша схьа эцна долу. Стиглара хаам шеца боьссина долу.
Ткъа цунна бlостнехьа мел йогlуш йолу еригге lакъидаташ - уьш лаьттан букъ тlера схьайоьвла йу, наха шайгара юкъа йахарца. Амма тавхьид - иза Аллахlан хаамца стиглара йоссийна йолу цхьа lакъидат йу.
Шайх lабдурраззакъ ал-Бадр
ي
189
1умари хил йолу Г1ийрат, Аллах1 реза хуьлда цунна. Ше доьзалц, ше куьга бухлахь долчунца г1ийрат йоцучунна, ше Динца г1ийрат хира юй теша?!
ي
189
فلا تَكْتُبْ بِكَفِّكَ غيرَ شيءٍ يَسُرُّكَ في القيامةِ أنْ تَراه
Къемат дийнахь хьайн гича самукъ дера дол хlум бен ма язделахь хьайн куьга.
ي
189
3-гIа Хьадис.
Абу ХIурайратах дийцина (АллахI реза хуьлда цунна) АллахIана Элчано ﷺ элира аьлла:
" Шу ларлойла хетарх-моттарх, баккъалла и хетар-моттар уггаре харц къамаьл ду"
Бухари-Муслим
____
Хетар-моттар бохуш дериг: иза хьан во ойла хилар ду бусулбачу нахаца цхьа а бух боцуш.
ХIокху Хьадийсехь Элчано ﷺ кхерам тесна, хьайгахь цхьа а бух боцуш далиль доцуш долу хетарх-моттарх ларло аьл, иза уггаре харц къамаьл хилар билгалдина, цигахь хетар-моттар бохучух къамаьл аьлла, хIунда аьлча иза дегIе деш къамаьл долун дела, шайтIано дага туьйсуш.
ي
189
Шайх Ӏабдур-Рахьман ас-СаӀдийс аьлла: «Вай хьовсахь керист нах а, зуламхой а бусалба нахан тIехь муха тоьлла, вайна хуур дукха цуьнан бахьана бусулба нехан Iесалла юйла, цундера царна и таIзар ду. Бусулба наха лело ма деззар Къуръан а, суннат а леладахь АллахIа ницкъ лура бу царна, мостагIчун тIехь тола а бийра бу уьш.»
ي
189
Дела дуьхьа ду бохуш, шена хет-хеттачу агIора Iамалш ярх тоьуш дац, Дала а, Цуьнан элчано а ﷺ е аьлла Iамал и яцахь.
Iамал цIена Дела дуьхьа хила езаш а ю, шен бийца цIена бух болуш хила езаш а ю, и ши бехкам боцуш еш йолу Iамал АллахIа къобал ца йо.
ي
189
2-гIа Хьадис.
Абу ХIурайратах дийцина ( АллахI реза хуьлда цунна) цо элира аьлла: "Цхьа стаг веара АллахIана Элчанна тIе цо элира: хIай АллахIана Элча ﷺ, нахах со шеца тIех дика накъост хила хьакъ вериг мила ву? Цо (Элчано ﷺ) элира: хьан нана ю, цо (Элчанан Асхьабо) элира: цултIехьа мила ву (Нана дIайаьлчул тIехьа)? Цо (Элчано ﷺ) элира: хьан нана ю, цо (Элчанан Асхьабо) элира: цултIехьа мила ву (Нана дIайаьлчул тIехьа)? Цо (Элчано ﷺ) элира: хьан нана ю, цо (Элчанан Асхьабо) элира: цултIехьа мила ву(Нана дIайаьлчул тIехьа)? Цо (Элчано ﷺ) элира: хьан да ву".
Бухари-Муслим
___
Оцу хьадийсехь дуьйцу, Ненаца кIеда-мерза дика хила везаш хилар, Нена меттиг лакхара хилар, цуьнца дика хилар кхузза сов хьахийна, хIунда аьлча и кийрахь волш а, и дуьненчу ваьлчи а, цуьнан Iуналла деш, кIадлуш гIел луш цуьнга хьожуш хало бала Iовшуш ериг и йолун дела.
ي
189
علق قلبك بالصلاة والقرآن وكن ثابتا على دينك حتى تلقى الله
Хьайн дог Къур'ъанаца а, ламазца а дӀатаса, воха а ма воха, чӀагӀлой латта хьайн дин тӀаьхь, АллахӀана хьо дуьхьала кхетталца.
غُرَباء
ي
189
1-ра Хьадис.
Абу хIурайратах дийцина (АллахI реза хуьлда цунна) АллахIана Элчано ﷺ элира аьлла: "Ши дош ду маттана (ала) атта а долуш, терзан тIехь деза а долуш (оцу шина дешан йал езаъ хира йолш, дики во узар долу мизан терзан тIехь), Къинхетаме волчунна (АллахIана) дукха дезаш а долуш, СубхьáнаЛлóхIи ва бихьамдихIи СубхьáнаЛлóхIиль Iазым".
Бухари-Муслим.
__
Хьадийсах кхетор (шархь): Элчано ﷺ хаийтина, хIокху хьадийсехь АллахIана и кIеззиг элпаш бен доцу ши дош дукха дезаш хилар а, цаьршина ял мизан терзан тIехь дуккху хирг-хилар а, хIунда аьлча оцу шина дашо чулоцуш долун дела, АллахI цIанвар а, массо сакхтех а, ишт цуьнца там боцуш мел долчу куьцах и цIенхилар а, АллахI веза сийлахь хилар тIечагIдар долун дела.
ي
