ي
رفتن به کانال در Telegram
Хьоьга хьам аьлла, йалсмане боьду некъ зезагшах бина бу?! ي
نمایش بیشتر189
مشترکین
اطلاعاتی وجود ندارد24 ساعت
-27 روز
-530 روز
آرشیو پست ها
189
فَمَآ أُوتِيتُم مِّن شَىْءٍ فَمَتَٰعُ ٱلْحَيَوٰةِ ٱلدُّنْيَا وَمَا عِندَ ٱللَّهِ خَيْرٌ وَأَبْقَىٰ لِلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَعَلَىٰ رَبِّهِمْ يَتَوَكَّلُونَ
Шуна делла массо а хӀума – дуьненан дахаран дика ду. Ткъа АллахӀана гергахьдерг гӀолехь хир ду. Дукха деха лаьттар долуш а ду и – ийман а диллина, болх Далла тӀе буьллучарна а.
٣٦-٤٢
189
Асхьáбех цхьана стага хаьттина: «Хlай Дéлан Элча (ﷺ), каш чохь массо а нах зуьйш хилар, шахӏид зен ца зер хӀун ду?
Элчано (ﷺ) аьлла: «Цуьнан коьрта тӏехула долу къéгина тарраш кхáчаме ду цуьнан зерна».
Ан-Насаий: 2052
189
Аллахlан Элчано ﷺ аьлла:
«Ма эшаме хилла ша мархийн батте а ваьлла, цултӀаьхьа шена геч ца деш шех мархийн бутт дӀакъаьстинарг.»
قال رسول الله ﷺ
«وَرَغِمَ أَنْفُ رَجُلٍ دَخَلَ عَلَيْهِ رَمَضَانُ ثُمَّ انْسَلَخَ قَبْلَ أَنْ يُغْفَرَ لَهُ»
(Тирмизий: 3545)
189
Ибн Таймиййата (АллáхIа къинхéтам бойла цунах) аьлла:
«Цу меттехь бен лáмаз ца деш маьждиг чохь дáима цхьана метте хlуттуш лелар магийна дац».
Икътидаус-сиратIил-мустакъим, агIо: 498
189
АллáхӀан Элчано ﷺ аьлла:
«Шен цӀахь лáмаз эцна,
гӀаш маьждиге вахнарг, АллáхӀана фарзашах цхьа фарз кхочуш дан, цуьнан шина гӀулчанах цхьа гӀулч къа дӀадоккхуш хира йу, шóлагӀа гӀулч цуьнан дарж хьалаойбуш хира йу.»
Муслим: 666
189
إِنَّمَا ٱلْمُؤْمِنُونَ ٱلَّذِينَ إِذَا ذُكِرَ ٱللَّهُ وَجِلَتْ قُلُوبُهُمْ وَإِذَا تُلِيَتْ عَلَيْهِمْ ءَايَٰتُهُۥ زَادَتْهُمْ إِيمَٰنًا وَعَلَىٰ رَبِّهِمْ يَتَوَكَّلُونَ
Боккъалла а, муъманаш – цхьа АллахӀ хьахийча шайн дегнаш кхералуш берш [бу], шайна Цуьнан айаташ дешча ийман совдолуш берш [бу], шайн Далла тӀе болх буьллуш берш бу,
٢-٨
189
«Аллáхlан динан гlо дойла аш, тlакх Аллáхlа дийр ду гlо»
[Къуръан 47:7]
Массо а «тóлам» бохуш мохь бетташ ву, ткъа и тóлам хила Дáла хоттин бехкам бу, «Аллáхlан динан гlо дойла аш, тlакх Аллáхlа дийр ду гlо» [47:7]. Тóлам хир ма бац Цуьн гlоьнца бен. Дуй техь вай Аллáхlи динан гlо дeш, цу тlаьхь къа хьоьгуш, лаххар бáрам вайгар джахlлалла дIаякхна а?
189
АллáxIaн Элчано (ﷺ) аьлла:
- «Баккъалла а, Йалсаманехь наьIарш йу, “ар-Райан“ цIе йолуш, къéмат дийнахь марха кхóбурш чоьхьа бевра болуш, кхин цхьа а вера вац цу чоьхьа марха кхóбурш бен. Эра ду:
«Мичахь бу марха кхóбурш?»
Уьш хьалха боьвра бу, уьш боцурш цу наьIархул цхьа а чоьхь вер вац.
Уьш чоьхьа боьвлича, наьIарш дIакъовлур йу, кхин цхьа а чоьхь вера вац цу наьIархула».
Аль-Бухáрий 1896, Муслим 1152.
189
Хьасан аль-Басрис (АллахӀа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Суна ца девза, буьйсанна йуккъехь деш долчу ламазал а дика Ӏибадат».
Цуьнга хаьттира: «Буьйсанна ламазаш деш болучеран йаххьаш сирла хӀунда йу?»
Цо цунна жоп делира: «Уьш Къинхетамечуьнца цхьаьна бисина дела, Цо Шен Нур делла дела».
189
اللَّهُمَّ أَعِنِّي عَلَى ذِكْرِكَ، وَشُكْرِكَ، وَحُسْنِ عِبَادَتِكَ
«Йа АллахI! ГIо де Ахь суна Хьо хьехорехь, Хьайна шукр дарехь, Хьайна хаза Iибадат дарехь».
🫀
189
1абдуллах1 ибн Мас1уда (Дала къинхетам бойла цуьнах) аьлла: «Къуран дукха дезнаг милла валахь а, кхаъ хуьлийла цунна (воккхавевойла иза)».
189
يَٰنِسَآءَ ٱلنَّبِىِّ لَسْتُنَّ كَأَحَدٍ مِّنَ ٱلنِّسَآءِ إِنِ ٱتَّقَيْتُنَّ فَلَا تَخْضَعْنَ بِٱلْقَوْلِ فَيَطْمَعَ ٱلَّذِى فِى قَلْبِهِۦ مَرَضٌ وَقُلْنَ قَوْلًا مَّعْرُوفًا
ХІай, Пайхамаран зударий! Шу кхиболу зударий санна дац. Нагахь шу Делах кхоьруш делахь, къамелашкахь коча ма хилалаш [хийрачу божаршца], – шен даг чохь цамгар йолчунна сатийсам цабитархьама. Дика дош ала.
