fa
Feedback
ي

ي

رفتن به کانال در Telegram

Хьоьга хьам аьлла, йалсмане боьду некъ зезагшах бина бу?! ي

نمایش بیشتر
189
مشترکین
اطلاعاتی وجود ندارد24 ساعت
-27 روز
-530 روز
آرشیو پست ها
ي
189
АллахIан Элчано – Делера салават а, салам а хуьйла цунна – аьлла: «Стигал хьалакхаччалц дукха гIалаташ шуьгара девллехь а, аш
+1
АллахIан Элчано – Делера салават а, салам а хуьйла цунна – аьлла: «Стигал хьалакхаччалц дукха гIалаташ шуьгара девллехь а, аш АллахIе тоба дича, Цо къобал дийр ду шуьгара иза». Ибн МаджахI.

ي
189
🌘

ي
189
photo content

ي
189
photo content

ي
189
АллáхӀан дин тӀехь къахьегарехь ахьа маьл чӀогӀа мало йарх а, хьо маьл чӀогӀа эшна хиларх а Ислам дин довра дац хьуна. Хьоьга Ислам дин дӀа ца дахьа делчи, АллáхӀо хьа меттан кхи къонахой бохкуьйтура бу хьуна хӀокху Ислам динан гӀоьнчий хила, хьо санна гӀийла хира боцуш хӀокху динан гӀо дарехь, ахь санна хӀар дин духкур доцуш дуьненан дуьхьа. ТӀаккха ца кхоьру хьо АллáхӀан хьалха хоттарха оццулла сийсаза хилла!?

ي
189
«Аллахlа шуна хlара дуьне цуьнгахула шуьга эхарт лахийта делла ду, шу цунна тlаьхьадевла лелийта делла дац.» lусман ибн lаффан

ي
189
«Аллахlа Шена тlелаьцна хlора а дика lамал йечуьнан дахар тодир ма ду Ша аьлла, ткъа Иза Шен чlагlо кхочуш йийриг ву.» Имам и
«Аллахlа Шена тlелаьцна хlора а дика lамал йечуьнан дахар тодир ма ду Ша аьлла, ткъа Иза Шен чlагlо кхочуш йийриг ву.» Имам ибн ал-Къаййим

ي
189
Нахана хьо везаш велахь, хьуна хаалахь, Аллáхlа царна хьан дика агlо гуча а йаькххина, боьха агlо къайла йаьккхини. lеха ма лолахь, Аллáхlана хастам бе..!

ي
189
Аллáхlан Элчано ﷺ аьлла: «Ас сайн са карахь долчу Делаца дуй ма буъу, аш нахе диканиг де, вониг ма де эра ма ду, йа Аллáхlа шунa тlе láзап доссо герга ма ду, цултlаьхьа аш Деле доlанаш дийра ду, и láзап дlаайдар доьхуш, амма Аллáхlа шун доlана жоп лур дац.» «Ат-Тирмизий: 2169»

ي
189
Баккъалла а, бода кхоьллинчунна гуш ву хьо. Цхьаболу нах хуьлу, нехан бӀаьргах къайла бовлу гӀерташ, делахь царна кӀезиг эхь хета адамийн Делах, адамийн Паччахьах, бакъдолуш жима къа, цунна кхерам хӀун бу аьлча; Цхьаберш къайла бовлу шайн къиношца, шеш цхьалха болчу хена АллахӀана Ӏеса хуьлу уьш, ткъа нахана хьалха дикал гучуйоккху цара, иштта нехан Дела цхьаъ варехь сакхта хила кхерам бу, АллахӀа юьхь Ӏаьрж хӀиттош шайн яьххьашча, церан меттанашка шайгга тоьшалла дойтуш гуча бохар бу къайлахь къинош летош берш. Эхь ца хета хьуна?! АллахӀан гуш ма ву хьо, меттиг, бода кхоьллинарг АллахӀ ма ву. Хаза ду-кх къайлахь къа лата дар Ӏадда дитина, къайлахь Ӏибадат дича, бӀаьргах хи долуш АллахӀах кхоьруш билхина бӀаьрган хьарам йина Дала жоьжагӀатан цӀе. Сайга хьалха деш хьоьга кхайкхар до ас - къайлахь Ӏибадат даре, къайлахь къинош ца летош, къайлах летош долу къинош хьан дерриге Ӏибадат чан йин дӀа даккха мега. Умматах цхьа нах ма бевзу суна элира Элчано (ӀалайхӀис-салам): Даккхи лаьмнаш санна диканаш дахьаш бохар бу уьш, АллахӀа чан йина дӀа дохар ду церан уьш. Муьлш бу уьш, бовзийта тхуна хӀай Делан Элча! Цо элара: Уьш дера бу шеш цхьалха бисича АллахӀа хьарам динарг лелош берш.

ي
189
Шен синан лаам дlа а теттина, хьан берриге лазам, дерриге хьашташ хьалха дохура йерг Нана йу хьуна... Хам бе хьайн ненан...
Шен синан лаам дlа а теттина, хьан берриге лазам, дерриге хьашташ хьалха дохура йерг Нана йу хьуна... Хам бе хьайн ненан...

ي
189
Repost from ЯЛСАМАНЕ
«Жоьжахате дага а йеъна йилхира со.» ӏáиша (Аллахӏ реза хуьлийла цунна)

ي
189
Иброхlим Нахаlийс цхьана стаге элира: «Зуда ялае ахь, иза шен хlусамехь йолуш цунна рицкъ латтинчо, иза хьан хlусаме кхаьчча
Иброхlим Нахаlийс цхьана стаге элира: «Зуда ялае ахь, иза шен хlусамехь йолуш цунна рицкъ латтинчо, иза хьан хlусаме кхаьчча а, латтор ду цунна а, хьуна а рицкъ» Тариху ибни Мухьризин, 105

ي
189
Бокъаллаъ болу безам бу хьуна, хьун и адам АллахI дуьхь дез далар. Цул тIаьхьа хьуна цу адмац АллахI дуьхь хьайн кхолам цхьана хила лаар, Амма кхи дlа дерг ловзар эрна хан яйар ду.  Амма мил мила вац цунах кхеташ.

ي
189
photo content

ي
189
Имам Ахьмад Ибн Хьанбала (АллáхIа къинхéтам бойла цунах), аьлла: «Дуьне - Iамал йо меттиг йу, ткъа эхарт - бекхаман цIа ду. Кхузахь Iамал ца йинарг, цигахь дохковера ву».

ي
189
Хьан шича хьан махьрам вац! Шича махьрам вац! Зуда шен шичийна хьалхахь коьрта Іуьйра лелар, я юьхь а тӀараш диссалц шен муьлхха а кхин йолу меже я мас цунна хьалхахь гучаяккхар хьарам ду, кхин болу хийра божаршна хьалхахь уьш гуча яхар хьарам ма хиллара. Сан йиша! Нагахь цу хlуманехь ахь хlинццалц ледарло еш хиллехь, Аллахlе хьайна гечдар дехе, кхин дlа Аллахl хьайна реза вархьама лело ма дезза леладе хьайна Дала тlе диллина духар, жима хlума дац хьуна иза, Аллахlах кхералахь!

ي
189
Берана «Фатихьат» сурат lаморехь хьайл хьалха цхьа а ма валийта. Хlунда аьлча дийнна дахарехь, ша ламаз мосазза до, доьшур до
Берана «Фатихьат» сурат lаморехь хьайл хьалха цхьа а ма валийта. Хlунда аьлча дийнна дахарехь, ша ламаз мосазза до, доьшур долуш ду цо иза.

ي
189