ي
رفتن به کانال در Telegram
Хьоьга хьам аьлла, йалсмане боьду некъ зезагшах бина бу?! ي
نمایش بیشتر189
مشترکین
اطلاعاتی وجود ندارد24 ساعت
-27 روز
-530 روز
آرشیو پست ها
189
«Шуьгахь дерг дlадер долуш ду, ткъа, Аллахlехь дерг дуьсур долуш ду. Собаре хиллачарна ял дlалур ма йу Оха, цара деш хиллачул а совъяьккхина». (Нахьл: 96)
189
«Дуьххьара Ялсамане кхойкхун берш, муьлххачу а хьолехь Аллахlана хастам беш берш бу.»
Саlид ибн Жубайр
189
Ибнуль Къаййима (رحمه الله) аьлла:
«Къемат дийнахь хийла къонах хира ву, лам боьттина шен диканаш долуш, амма и диканаш деришше хӏаллак хилла дӏадер долуш ду, цо шен лар ца бина болу мотта бахьана долуш... .»
189
Repost from н ᴇ ᴋ ъ ᴀ х о 🌊
🍁
Тlекхечи ахьа са тийсина гуьйре ,
амма ца кхечи иза ахьа сатийсина адмашца ..
189
Repost from 𝐥𝐛𝐧-𝐬𝐡𝐢𝐬𝐡𝐚𝐧.
Хьо дlа ца тесна хьан Дала, ян хьоьца гамо а ца лаьцна Цо. Са кlад а делла, воьжча, кхайкха И цхьаъ ву-кх. Бlаьрхиш а lенош хьо Шега вирзича, дог паргlата доккхуш верг ву-кх И. Дехча жоп лушверг ву-кх.
189
«Ламазехь фатихьат доьшуш: «Хьуна цхьанна lибадат до оха, Хьоьгара цхьаьнгара гlо а лоьху оха» -бохуш, цултlаьхьа сужуде вахча: «Хlай хьенех, гlо дехьа суна!» бохуш верг, мича дагlи-те и хьан «Хьуна цхьанна lибадат до оха, Хьоьгара цхьаьнгара гlо а лоьху оха» -бохуш дерг?!»
Шайх lабдурраззакъ ал-Бадр
189
Цкъа мацца динан мерза чам хиан, цул тlаьхьа эц динан гена ваьлла къинош чу воьжна хилларг, Валлáхlи, цунна ма хаьа, ирс, синпаргlато динац бен йоцийла..
Дуьнéнан массо тайпа ше самукъ даьккхичаъ, цунна хаьа ша ирсе воцийла...
Цундела, ша Аллáхlаца бакъ хилларг, юхаъ тóба дой Аллáхlе ма воьрзу..
Бакъдолчу ирсе ма воьрзу иза..
Цунна кара ма Во шен Аллахl гечдеш, къинхéтаме...
189
«Аллахlа Шена тlелаьцна хlора а дика lамал йечуьнан дахар тодир ма ду Ша аьлла, ткъа Иза Шен чlагlо кхочуш йийриг ву.»
Имам ибн ал-Къаййим
189
Кlанта олара: "Ма чlогlа кlад велла-кх со, xlyн дийра дара техьа?"
И бохарг цуьнан хlун дара аьлча:
Хьарам а, йамарт а, осал маьл долу
хlуманах ларвала гlиртина ша кlадвелла дера, ша кхин дlа иштта чекх ца валаваларна кхоьруш олара цуо иза.
• И олуш хезна Нанас элира:
"Дера, сан кlант, стаг хила атта ма дац."
189
«Пайхамаршах лаьцна алсам мел доьшу а, царах тешар а, цаьрга болу безам а совболу. Ткъа муха lамор дацар оцу беригге Пайхамаршийн эла хилла волчу вайн Элчанна (ﷺ) дахар?!»
Шайх lабдурраззакъ Бадр
189
«Нагахь шу тахана тхох кхардахь а, кхана-м тхо а кхаьрдар ду шух, шу тхох ма-кхарддара»
(Хlуд: 38)
189
Repost from N/a
Дикачу йешархочо дуккха жайнаш ца доьшу, мелхо а ша цхьа жайна доьшучу хенахь, иза дикка (деша ма-дезза) доьшу.
Др. Iабдул-Карим Баккар
