ي
رفتن به کانال در Telegram
Хьоьга хьам аьлла, йалсмане боьду некъ зезагшах бина бу?! ي
نمایش بیشتر189
مشترکین
اطلاعاتی وجود ندارد24 ساعت
-27 روز
-530 روز
آرشیو پست ها
189
Repost from N/a
قال رسول الله ﷺ
«طَلَبُ العِلْمِ فَرِيضَةٌ عَلَى كُلِّ مُسْلِمٍ، وَإِنَّ طَالَبَ العِلْمِ يَسْتَغْفِرُ لَهُ كُلُّ شَيْءٍ، حَتَّى الحِيتَانِ فِي الْبَحْرِ.»
Аллáхlан Элчано ﷺ аьлла:
«Ӏилма Ӏамор хӀора бусулба стагана тӀехь фарз ду, баккъалла а, мутаӀеламана массо хӀумано гечдар доьху, хичура чӀериша а цхьана.»
Сахьихь ал-ЖамиӀ:3914
189
Аллáхlaн Элчано (АллáхIера салават а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Хlара дуьне цхьана кlеззигчу ханна марзо йу, ткъа цу (дуьнен) уггаре а дика долу ниlмат - иза дика йолу хlусам нана йу.»
[Муслимс дийцна иза]
189
Къуръáнан некъ хьайна гӀоли хеташ хилча, Къуръан чохь дерг дерриг бакъ ду аьлла хьо тешаш хилча хьо цкъа а лелар ма вацара хьайн дегӀан лаамо бохург деш. Маттехула эр ду ахь, хьайга хаьттинчунна хьалха юьхьӀаьржа ца хӀотта а, иштта айхьа-хьуо Ӏеха а вийр ву ахь, Къуръáнан некъ бу гӀоли, бохуш, деккъа маттехула дешнаш олуш. Амма адамо цкъа а шена уггаре а гӀоли хеташ дерг бен хьалхадоккхуш ма дац, шена гӀоли хетарг охьа а дуьллий цул лахара дерг схьаоьцуш ма дац адамо. Цундела ойла йойла ахь, дуй-те сан Къуръáнах тешар дуьззина, хетий-те суна Къуръáнан некъ билггал гӀоли, алий, ойла йелахь дикка..
189
Хlокху дуьненчохь Къуръáнал уллера доттагl хир вац хьуна, хьо дешарца цунна тlегlерташ а, цуьнца lамал йеш а мел ву.
Амма ахь тесна иза дитахь, йуьтуш лар йоцуш дайначу адамах терра, хьан дахарера дера ду иза дlа...
Эшарш хьан дог талхочу хенахь, Къуръан - хьан деган синтем бу хьуна.
Эшаро шеца дагчу жехlалла йоссайо, ткъа Къуръáно хьан дог мéкханах цlандо...
189
كلامك مكتوب و قولك محسوب، و أنت يا هذا مطلوب، و لك ذنوب و ما تتوب، و شمس الحياة قد أخذت في الغروب، فما أقسى قلبك بين القلوب.
Хьан къамел дӀаяздеш ду, ахь олург тидаме оьцуш ду. Хьо ву, билггал хьо ву и, шегара жоп доьхун верг. Къинош а ду хьан, тóба деш а вац хьо. Дáхаран малха-м чубуза боьлла. Ма дакъаделла дог ду-кх хьан дегнашна йуккъехь..
- Ибн Аль-къоййима (رحمه الله)..
189
Лукъмáнас шен кIанте элира:
«ХIай сан кIант, тóба дар тIехьа ма татталахь, баккъала а валар цIеххьана догIуш ду хьуна»
Tабсира ибнуль-жавзий 34
189
Repost from N/a
Имам Ибнул-Жавзийс (АллáхIа къинхéтам бойла цунах) аьлла:
«Масане дикачу нехан Iамалш талхийна гIийбато!».
189
Масрукъа (Аллахlа къинхетам бойла цуьнах) боху:
«Стеган ша цхьалха вуьсуш меттиг хила йеза, шен къинош дага а дохкуьйтуш, царах шен гечдар а доьхуш.»
"аз-Зухlд ли-Ахьмад бин Хьанбал"
189
وَلَا تَكُونُوا كَالَّذِينَ نَسُوا اللَّهَ فَأَنْسَاهُمْ أَنْفُسَهُمْ ۚ أُولَٰئِكَ هُمُ الْفَاسِقُونَ
Ма хилалаш АллахI вицвиначарех тера, тIаккха ша-шаьш бицбина хилла болу. Уьш – фасикъаш бу.
[«ал-Хьашр», аят:19]
189
«Аллахlа къинхетам бойла, шен жималлех, шен ницкъах пайда эцначух а, шен тептарш дlакъовлале хьалха тоба а дина, дохковала сихо йинчух а».
Шайх ас-Сиlдий
189
«Бакъдолу ирсе дахар - Аллахlана а, Цуьнан Элчанна а (ﷺ) муьтlахь хиллачунна ду-кх. Шаьш кху дуьненчуьра дlакхелхича а дийна берш бу уьш, ткъа кхиберша-м белла бу, церан догlмаш дийна делахь а».
Ибн Таймиййа
189
Repost from 𝐥𝐛𝐧-𝐬𝐡𝐢𝐬𝐡𝐚𝐧.
Вайна Ялсамане боьду некъ гайтинчунна салаваташ дохкур ду вай
اللَّهُمَّ صَلِّ وَسَلِّمْ عَلَى نَبِيِّنَا مُحَمَّدٍ.
