ي
رفتن به کانال در Telegram
Хьоьга хьам аьлла, йалсмане боьду некъ зезагшах бина бу?! ي
نمایش بیشتر189
مشترکین
اطلاعاتی وجود ندارد24 ساعت
-27 روز
-530 روز
آرشیو پست ها
189
Дика lамалш йинчу муъма стегаршна а, [муъма] зударшна а, билггал, тlех хаза дахар лур ду Оха. Совгlат а дийр ду Оха царна цара динчу уггаре а дикачунна.
16:97
189
Ибн Масlуда (رضي الله عنه) тезетахь воьлуш стаг гича шена, аьлла:
أتضحك وأنت في الجنازة؟! والله لا كلمتك أبداً!
«Тезетахь воьлуш вуй хьо?! Аллахlах дуй буу ас, кхин цкъа а хьоьца къамел дийр дац ас!».
«Аль-Къубур» Ибн Аби ад-Дунья, 64 агlо.
189
Repost from Хьадисан охlла
Iуьйр-ламаз дича а, маьркlаж-ламаз дича а ша этхьагехь хиин lаш ма-хиллара кхин меттах а ца волуш иттазза хlара дешнаш аьллачунна хин дерг дуьйцу Пайхамара (Аллахlера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна):
1) "бlе дика йаздийр ду цунна
2) бlе вон дlадоккхур ду цунах
3) бlе даржехь лакхавоккхур ву и
4) итт муъма лай хьалхавитнарг санна хир ву и
5) массо вонах ларвийр ву и (lуьйран аьлча - сарралц, суьйран аьлча - lуьйре хиллалц)
6) шайтlанах ларвийр ву и (lуьйран аьлча - сарралц, суьйран аьлча - lуьйре хиллалц)
7) оцу дийнахь (йа оцу буьйсанна) цунна lамал йохор ма йац Делаца накъост вар доцчо.
-(Iуьйр-ламаз дича и аьллачунна и йал йу, и ларвар а ду)-
Цо сарахь и алахь а изза ду цунна".
(Ахьмад 23568, Тирмизи 3534)
"Ла́ ила́хIа иллаллахIу вахьдахlу́ ла́ шари́ка лахI, лахIул-мулку ва лахIул-хьамду, йухьйий ва йумийту ва хIува Iала́ кулли шайъин къади́йр".
https://t.me/hadis_du
189
طول العمر لا ينفع إلا بطاعة الله
«Дехачу дахаро пайда бир бац Далла еш lамал яцахь.»
Шайх lабдурраззакъ Бадр
189
АллахӀа боху:
«Мал ма ло, гlайгlане а ма эга, шаьш лакхахь дерш хилча, нагахь шу, боккъалла а, муъманаш делахь».
(Сурат: али-Ӏимран, 139 аят)
189
ХӀораннан а бу-кх шен сатийсам… ТӀаккха, иза кхочуш ца хилча, ма хуьлийла хьо дог эшна, ма сихлойла хьо холчахӏотта, ма лоцийла хьо сингаттамо. Боккъалла а, хаьа-кх АллахӀана хьан сатийсамел а гӀоли хӀун ду. Боккъалла а, луш ву-кх АллахӀ хьуна цул а гӀолиниг. Боккъалла а, хьо кхана бен кхетар воцчух тахана ларво-кх АллахӀа хьо..
189
Зудчуьнгахь уггаре а хаза хlума - эхь ду.
Элчно, къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, аьлла: «Иманан кхузткъе итт сов дакъа ду, ткъа эхь хетар иманан дакъошах цхьа дакъа ду». Муслим: 35.
189
Repost from 𝐥𝐛𝐧-𝐬𝐡𝐢𝐬𝐡𝐚𝐧.
«Сан жималла! Эрна яйъи-кх аса хьо, "тӀаьхьа, йа кхана Ӏуьйранна дийра ду"-бохуш.»
Хьанзала
189
ХӀусамехь шина а, ден а, ненан а аьзнаш хазар – уггар хаза а, уггар доккха а беркат ду. Нагахь хьуо ца тешахь, хатта, и (аьзнаш хазар) тӀе ца тоьучарга.
