276
مشترکین
اطلاعاتی وجود ندارد24 ساعت
اطلاعاتی وجود ندارد7 روز
اطلاعاتی وجود ندارد30 روز
در حال بارگیری داده...
کانالهای مشابه
ابر برچسبها
هیچ دادهای
مشکلی وجود دارد؟ لطفاً صفحه را تازه کنید یا با مدیر پشتیبانی ما تماس بگیرید.
اشارات ورودی و خروجی
---
---
---
---
---
---
جذب مشترکین
سپتامبر '24
سپتامبر '24
+322
در 0 کانالها
| تاریخ | رشد مشترکین | اشارات | کانالها | |
| 25 سپتامبر | +20 | |||
| 24 سپتامبر | +24 | |||
| 23 سپتامبر | 0 | |||
| 22 سپتامبر | 0 | |||
| 21 سپتامبر | 0 | |||
| 20 سپتامبر | +1 | |||
| 19 سپتامبر | 0 | |||
| 18 سپتامبر | +1 | |||
| 17 سپتامبر | 0 | |||
| 16 سپتامبر | 0 | |||
| 15 سپتامبر | 0 | |||
| 14 سپتامبر | 0 |
پستهای کانال
| 2 | https://wa.me/79286413162 | 104 |
| 3 | Массо а сан статусе хьовсуш болчу зударшка боху ас, шайн телеграмм ялахь, хокху канал тlк подписаться дар 👇🏻
https://t.me/FikhZudarshna
Зударшна хаа мел деза хlуман жоп ду шуна кху чохь. | 205 |
| 4 | بدون متن... | 184 |
| 5 | Яханчу ханна сагатта дарца дог доьлхуш,карарчу ханчохь тlамехь волу эскархо санна, тlе йохучу ханна бераллийн жималлехь хуьлу хаза сатийсамаш санна дикане са а туьйсуш даха деза-кх хlокху башхачу дуьненахь…🥀🍃 | 248 |
| 6 | Фатихьат юкъара гlалаташ нисде, хlокху видеога ла дохарца 📌👆🏻 | 370 |
| 7 | بدون متن... | 430 |
| 8 | [55] «Йа АллахI! Нисве Ахь со, нийсо гайта Ахь суна. Йа АллахI! Ас нийса некъ а боьху Хьоьга, нийсо а йоьху Хьоьга».
[56] «Йа АллахI! Со ларло Хьоьца Хьан ниIмат дIадаларх, Ахь елла могшалла хийцайаларх, Хьан Iазапо цIеххьана
лацарх, Хьан массо оьгIазлонах».
[57] «Йа АллахI! Со ларло Хьоьца айса динчуьнан вонах а, айса даза долчуьнан вонах а».
[58] «Йа АллахI! Сан даьхни а, доьзал а совбаккха Ахь, Айхьа суна деллачуьнах беркат а де Ахь суна, Хьайна муьтIахь де ахь | 387 |
| 9 | [32] Тхан Дела! ХIара (Iалам) эрна ца кхоьллина-кх Ахь – сийлахь-цIена ву Хьо – ткъа Ахь тхо лардехьа цIеран
Iазапах. Тхан Дела! Ахь цIерга вигнарг сийсаз вина-кх Ахь; зуламхошна гIоьнчий а хир бац-кх (цу дийнахь). Тхан Дела!
Тхуна хезира кхайкхархо кхойкхуш: «Шайн Делах теша» - бохуш, тIаккха тхо тийшира; тхан Дела, тхан къиношна
тхуна гечдехьа, тхан вочу Iамалх тхо дIа а цIандехьа, тхан дикчу нахаца далар а нисдехьа. Тхан Дела! Айхьа Хьайн
элчанашкахула тхуна ваIд дина дерг луохьа тхуна, къемат дийнахь сийсаз а ма де Ахь тхо, бакъдолуш, Ахь Хьайн ваIд
доха ца до-кх.
[33] Тхан Дела! Тхо тешна Хьох, тхуна гечдехьа, тхох къинхетам а бехьа, Хьо уггар дика къинхетам беш верг ву-кх.
[34] Тхан Дела! Жоьжахатин Iазап тхуна тIера дIадерза де Ахь, бакъдолуш цуьнан Iазап дIакъасталуш дац-кх. Ма вон
Iан меттиг а, соцу меттиг а ю-кх иза.
[35] Тхан Дела! Тхан зударех а, тIаьхьенах а бIаьрг бузар луохьа тхуна; (Хьайх) кхоьруш болчарна дикаллийца масал
а де Ахь тхох.
[36] Сан Дела! Аьтту бе Ахь сан, Айхьа суна а, сан дена-нанна а деллачу ниIматашна соьга Хьайна шукр дайта а, соьга
Хьо реза волу дика Iамал йайта а; сан тIаьхье дика йе Ахь суна; бакъдолуш ас Хьоьга тоба а дина, со бусалба нахах а
ву.
[37] Тхан Дела! Гечде Ахь тхуна а, тхол хьалха ийман диллинчу тхан вежаршна а; тхан дегнаш чохь (Хьайх)
тешначаьрца хьагI а ма хилийта Ахь, бакъдолуш Хьо къахетарг а, къинхетам бийриг а ву-кх.
[38] Тхан Дела! (Айхьа тхуна делла) тхан нур кхочуш де Ахь тхуна, геч а де Ахь тхуна; бакъдолуш, Хьо массо
хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ву-кх.
[39] Тхан Дела! Хьох тешна ду тхо, тхуна тхан къиношна гечдехьа, цIеран Iазапах тхо лар а дехьа.
[40] Тхан Дела! Оха ийман диллина, ткъа Ахь тхо яздехьа (Хьайн Къуръанах а, Элчанах а) тешаш болчаьрца.
[41] Сан Дела! ХIара мохк маьрша бе Ахь; со а, сан кIентий а цIунашна Iибадат дарха лар а де Ахь.
[42] Сан Дела! Ахь суна луш долчу массо дикане хьашт долуш ву-кх со.
[43] Сан Дела! Бохамаш бечу нахана доьхьал суна гIо де Ахь.
[44] Тхан Дела! Зуламе нахаца (цхьаьна) ма хилийта Ахь тхо.
[45] АллахI тоьаш ву суна, Иза воцург кхин дела вац; Цунна тIе болх билли ас, Иза доккхачу Iаршан Дела а ву.
[46] Сан Дала со нисвийр вац-те нийсачу некъа тIе (нисварга догдоху ас, сан Дела).
[47] Сан Дела! Зуламечу нахах ларве Ахь со.
[48] «Йа АллахI! Дуьненахь а дика ло Ахь тхуна, эхартахь а дика ло Ахь тхуна, цIеран Iазапах лар а де Ахь тхо».
[49] «Йа АллахI! Со ларло Хьоьца цIеран питанах а, цIеран Iазапах а, кошан питанах а, кошан Iазапах а, хьолаллин
питанах а, къеллин питанах а. Йа АллахI! Со ларло Хьоьца Дадджалан питанан вонах. Йа АллахI! Сан дог цIанде Ахь
лайн хица а, шаца а; сан дог къинойх цIанде Ахь, моданех кIайн коч дIацIанлуш санна; суна а, сан къиношна а юкъахь
йолу юкъ генаяккха Ахь, малхбале а, малхбузе а Айхьа вовшийн гена ма-яккхара. Йа АллахI! Со ларло Хьоьца малонах
а, къа латорах а, декхарах а».
[50] «Йа АллахI! Со ларло Хьоьца кIелвисарх а, малонах а, осалаллех а, къанвелча уггар вочу, халчу хене валарх а,
бIаьрмецигаллех а; со ларло Хьоьца кошан Iазапах а, дахаран а, валаран а питанех а».
[51] «Йа АллахI! Со ларло Хьоьца балано сой кIелвитарх а, дакъазалло сой лацарх а, вочу кхиэлах а, мостагIийн хьагIах
а».
[52] «Йа АллахI! Сан белхан лардархо долу сан дин туоде Ахь суна; шена чохь сан дахар долу сан дуьне а туоде Ахь
суна; сан воьрзу меттиг йолу сан эхарт а туоде Ахь суна; сан дахар со массо дикчу хIуманехь сов волуш де Ахь суна;
со валар со массо вочу хIумнах паргIат волуш а де Ахь суна».
[53] «Йа АллахI! Ас доьху Хьоьга нийса куьйгалла а, (Хьох) кхерар а, догцIеналла а, тоамалла а».
[54] «Йа АллахI! Со ларло Хьоьца кIелвисарх а, малонах а, осалаллех а, бIаьрмецигаллех а, къанвелча уггар вочу, халчу
хене валарх а, кошан Iазапах а. Йа АллахI! Сан сина (Хьайх) кхерар ло Ахь, иза (сакхтех) цIанде Ахь, уггар дика иза
цIандийр дерг Хьо ву-кх; Хьо ву цуьнан тергамхо, цуьнан эла. Йа АллахI! Со ларло Хьоьца пайдане доцучу Iилманах
а, хьасталуш доцучу дагах а, тоам ца хуьлучу сих а, шена жоп луш доцучу доIанах а». | 329 |
| 10 | Йа Аллах1, ас доьху Хьоьга Хьан хазачу ц1ерашца. Ас кхойкху Хьоьга, Хьоьга сан бераш декъал дайта.
Сан Дела, дахаран хан ях е Ахь церан, могшаллийца декъал бе Ахь уьш, Хьоьга ладог1аран, Хьуна 1ибадат даран т1ехь ч1аг1 бе Ахь уьш.
Сан Дела, царех г1ийлаберш ч1аг1 бе Ахь, цамогуш берш метта бахка бе Ахь.
Сан Дела, церан дог1маш ч1аг1 де Ахь, церан лерса, б1аьрса метта даладе Ахь, Церан г1алаташ нийс дей, уьш исбаьхьа бе Ахь.
Сан Дела, Хьайн Къинхетамца цамгарах, къинойх, г1алатах, тиларах лар бе Ахь уьш, Хьайна муьт1ахь беш.
Йа Аллах1, безамаца шай дай-нанойшка ла дог1ийта Ахь цаьрга, доьхьал бовлар доцуш, къинош ца летош, цаларам боцуш.
Йа Аллах1, уьш кхиош г1о де Ахь суна, лекхара кхетам болуш, нийсонан т1ехь ч1аг1 белла.
Сан Дела, хьоьх теша йо сан т1аьхье. Ас доьху Хьоьга, цамгарах, кхетам ца хиларах ц1ан бе Ахь уьш. Ас Хьоьх теша бо, Хьоьга вонах ларабайта, буьйсанна даьржаш долу, вочу б1аьргах, дийнан серлонехь, нехан эмгараллах, хьаг1ах.
Сан Дела, лар де Ахь сан бераш массо аг1ора, лакхахьа, лахахьа, аьтту аг1ора, аьрру аг1ора, хьалха а , т1ехьа а.
Йа Аллах1, сан бераш сан сийн а, дозаллийн а бахьана де Ахь. Хьо везаш верг везийта Ахь цаьрна.
Йа Аллах1, диканца декъал де Ахь сан бераш х1окху латта т1ехь, бакъ дуьненахь а, хьуна 1ибадат дойтур долу, Хьо везийтар волу 1илманца.
Йа Аллах1, кхечу берашна йуккъехь сан берийн сий ай де Ахь, цаьрна ирс, бахан лур болуш аьтто бе Ахь.
Сан Дела, догц1ена хиларца, комаьршаллийца, нахана кхетамца г1о дан кийча хиларца декъал бе Ахь уьш.
Йа Аллах1, аьхь т1е дарах, сийн дайъарах лар де Ахь сан бераш. Ирс ло Ахь цаьрна, со ирсе йийр йолуш.
Йа Аллах1, церан лерса, б1аьрса, могушалла декъал йе Ахь, кхетам, дика ойла ло Ахь цаьрна.
Сан Дела, сан бераш къемат дийнахь сан тоьшалла хилийта Ахь. | 283 |
| 11 | بدون متن... | 351 |
| 12 | ВНИМАНИЕ ❗️новый набор❗️ | 442 |
| 13 | بدون متن... | 809 |
| 14 | Йа Аллахl, ялсмана уггаре лекхара даржашка кхачарца иштта баккхий бе Ахь уьш… Йа Аллахl ялсмана ниlматаш lовшийта Ахь цаьрга…اللهم آمين | 1 027 |
| 15 | Цу къовсамехь уггара дика хьа дешначарна lумрат дехка аьтто бина царна. Валлахlи цера дегнашкахь сецна долу Къуръан деза ма ду… | 937 |
| 16 | Хlара зуда дага йохий шуна, хlара а цигара ю шуна, цу дийнахь ца хилла цунах хьафиза, йолш яра и хьафиза, шен хьифз чlох хиларца цхьана дийнахь дергге дагахь Охь дешна цо Къуръан. | 807 |
| 17 | Шуна гой чаккхе йоцу могlа, оцу неха нуьре яххьаш, тахана царах шахlидийн дарж делла дlакхалхийнарг хира ву-кх царна юкъахь…. | 687 |
| 18 | Шаьш оцу Къуръана хьадалчаш хира ду аьлла, шаьш оцу Къурана гlоьнчий хира ду аьлла. Тахана вайна гуш ду-кх цара шаьш йина чlагlо мел чlох лар еш ю. | 659 |
| 19 | Цара чlагlо елла оцу дийнахь, цу буса шаьш Къуръана охlланах хира ду аьлла, шаьш и дешарца, цунна ойла ярца, цунца lамал ярца, шаьш оцу къуръанаца дохучу хаза гlиллакхаца нис лур ду аьлла. | 629 |
| 20 | Ма бехха Хьафизийн могlа бу и буй? Кегий бераш, зударий, стегарий, баккхий нах. Царга ла доха хьовса баьхкина эзарнашкахь нах. Цера нуьре яххьаш хьовсийша. Царам дерг Къуръан охьа дешний цхьана дийнахь, 604 страница йолу Къуръан дешна цара дагахь, цхьан дийнахь. Тlаккха муха хира дац цера ийман чlоха, цера дегнаш къуръанаца дихкина хилча. Тахана вай элпаш ца lама луш ду. Ткъа царна дергге къуръан дийнахь дагахь охь деша хаьа. | 610 |
