malikova_hh🕊
رفتن به کانال در Telegram
1ОЖАЛЛО САН К1АЖОШ ХЬОЬШУШШЕХЬ…. Пишу письма, электронные тексты на заказ📜 По поводу рекламы, писем, текстов @Hadij_23
نمایش بیشتر4 837
مشترکین
اطلاعاتی وجود ندارد24 ساعت
-187 روز
-5730 روز
آرشیو پست ها
4 835
ДӀасакъастар атта хиллехьара, гӀайгӀано кӀайбина хир бацара Якъубан бӀаьргаш
.عليه السلام
4 835
Цхьаллин суьйренаш тайп-тайпана хуьлу..Наггахь хетало, хьуо цхьанне а ца оьшу аьлла..Ткъа наггахь, хьуна ца оьшу цхьа а..
4 835
Ас цкъа а ца лехна
Яхь йоцу бахам,
Мах боцу дахар а
Ца дезна суна.
Исс эзар бала а
Лан хилла кийча,
Нохчийчоь, нохчалла
Диц ца дан цкьа а.
Ас цкъа а ца лехна
Яхь йоцу дахар.
4 835
сан санна лозий хьан д|адевлларш,
дарба дан аьтто а боцуш?
зама-м д|айоьдукха хийлаза
шеца хьуш сан чевнаш йоцуш.
сан санна лозий хьан д|адахнарш,
ойла д|ахеца ца туьгуш?
х|ора а схьакхета седано
б|аьргар нур дага ва туьйсуш.
алахьа, лозий хьан жимма а,
наг-наггахь дагчу ов тухуш?
со кхочу бодане суьйренга
кхолламца сайн ирс къуьйсуш.
4 835
Дала ларве хьо.
Багахь цхьаъ ду,
Дагахь кхин ду-
Дала хьох ларвойла со.
Дуьхьал воьлху,
Т1аьхьа воьлу-
Дала хьох ларвойла со.
Дийнахь доттаг1,
Буса мостаг1-
Дала хьох ларвойла со.
Сан де декхча,
Кхоло г1ерта -
Дала хьох ларвойла со.
Г1иллакх лоьру,
Хьох ца кхоьру-
Дала хьох ларвойла со.
Хьо ца оьшу,
Хьох ца воьлу
Дала вочух ларве хьо.
Косумов С-М
اکنون در دسترس! پژوهش تلگرام ۲۰۲۵ — مهمترین بینشهای سال 
