fa
Feedback
hazayoza🕊

hazayoza🕊

رفتن به کانال در Telegram
994
مشترکین
اطلاعاتی وجود ندارد24 ساعت
-27 روز
-830 روز
آرشیو پست ها

23-гlа февраль — Хатуев lумар.mp33.79 MB

Дешнаш йаздар.mp39.95 KB

1.Х1АЙТ- аьлла хьийзаш ву Хьалим,,, 2.Т1ОХ аьлла коьртах х1ума туьйхира Нурдис,,, 3.ЖАРР- аьлла , охьадоладелира, дог1а,,, 4.Г1ОВВ- аьлла, охьабуьйжира тишбелла тхов,,, 5.ЗАКК- аьлла, д1ах1оьттира йо1аца ирахь 1а веънарг,,, 6.ХЬАПП- аьлла , д1акхаьллира ж1аьло шена делла жижган дакъа,,, 7.ДУРР- аьлла, д1адевдира гулделла бераш, 1абдул- 1азиз вог1у вайча,,, 8.ЧХЬАММ- аьлла ,,, чхьам- чхьам долийна эсано чекхйаьккхира богичура шура,,, 9.ЖАРТ- аьлла веана схьакхечира Мохьмад,,, 10.Г1АПП- аьлла д1акхоллу ж1аьло шена кхоьссинарг,,, 11.ДАШТ- аьлла т1ара туьйхира 1ийсас, Мусана,,, 12.ХЬАЙТ- аьлла , кех баьккхира Мадинас уьйт1ара етт,,, 13.ХАХХ- аьлла дег1ана аьхналла хуьлуш, сийначу бацалахь аг1ор велира Руслан,,, 14.ДАРР- аьлла матцикал т1ехь схьакхечира Нурид,,, 15.ЗОВВ- аьлла хийтира, Салмана чорда дош аьлча,,, 16.ДАЗЗ- аьлла бетах т1ара туьйхира Султанна, Бувайсара,,, 17.ЛОВВ- аьлла хийтира, Мадинас ша кхин байташ язйийр яц аьлча,,, 18.ДАКК- аьлла , стоьл т1е охьайиллира Сулиймас, ахчана тупп,,, 19.ГАРР- аьлла дег1 дегийра сан, Казбека шен байт ешча,,, 20.ДОВВ- аьлла , тата делира эвла йистехь цхьа х1ума иккхина,,, 21.ДАПП- аьлла букъах г1аж туьйхира 1аьрбийна зудчо,,, 22.ТХЬАРР- аьлла , д1адевдира уьйт1ахь вовшех леташ долу цицгаш,,, 23.ДАББ- аьлла , лаьттах ког туьйхира Шерипус, шена аьлларг цалайна,,, 24.Г1АРЧ1- аьлла массо х1уманна кийча лаьтташ йу Лайлаъ,,, 25.Д1АШТ- аьлла , бетах т1ара туьйхира Сулеймана, Хьамзатана,,, 26.Д1ОВВ- аьлла топп кхоьссира суьйренца Супьяна,,, 27.ТАПП- аьлла тийначу бешахь, ойлане йоьжна 1ара Тумиша,,, 28.ДАББ- аьлла 29.Б1ОВВ- аьлла 30.Ч1ИЧ1- аьлла. 31.ЗУЗЗ - аьлла 32.КЪАРШТ - аьлла 33.ЧХЬОШТ - аьлла Б.А.

1.Х1АЙТ- аьлла 2.Т1ОХ аьлла 3.ЖАРР- аьлла 4.Г1ОВВ- аьлла 5.ЗАКК- аьлла 6.ХЬАПП- аьлла 7.ДУРР- аьлла 8.ЧХЬАММ- аьлла 9.ЖАРТ- аьлла 10.Г1АПП- аьлла 11.ДАШТ- аьлла 12.ХЬАЙТ- аьлла 13.ХАХХ- аьлла 14.ДАРР- аьлла 15.ЗОВВ- аьлла 16.ДАЗЗ- аьлла 17.ЛОВВ- аьлла 18.ДАКК- аьлла 19.ГАРР- аьлла 20.ДОВВ- аьлла 21.ДАПП- аьлла 22.ТХЬАРР- аьлла 23.ДАББ- аьлла 24.Г1АРЧ1- аьлла 25.Д1АШТ- аьлла 26.Д1ОВВ- аьлла 27.ТАПП- аьлла 28.ДАББ- аьлла 29.Б1ОВВ- аьлла 30.Ч1ИЧ1- аьлла. 31.ЗУЗЗ - аьлла 32.КЪАРШТ - аьлла 33.ЧХЬОШТ - аьлла Б.А.

Дала къобалдойла вай кхаьбна долу Марханаш!

ЙИША — ДАУДОВ ГИЛАНИ.mp38.91 KB

Дешнаш; МАТАГОВ ИХЬСАН.mp31.60 MB

НАНА — МАТАГОВ ИХЬСАН.mp32.05 MB

БАБИН_КУЬЙГИЙН_МОТТ_—_НАКАЕВА_ЗУЛЬФИЯ.docx0.20 KB

Документ от Минцаев l

Ассаламу lалайкум! Хlара вайн белхаш баржош йиш йолчо дакъа лацийша! ⤵️⤵️⤵️ ЮТУБ https://youtube.com/@hazayoza ТЕЛЕГРАМ https://t.me/mintsaev_alvi ВК ВИДЕО https://vkvideo.ru/@mintsaev_alvi РУ ТУБ https://rutube.ru/video/8ee6a96b1cde96cfc3878ef73216700f/?r=a Дела реза хуьлда шуна!🤲🏻

«Хиндолчо» ирсе бечу нахал а ирсе ма вара со, хьоьца сайн долчу «хиндоцчуьнца»! Матагов И

Ларйан халачу баьрченал маьрша неlсагlе тоьлу. Асхабов lабдул-lазиз

Ватсапан чаташкахь, Бераллехь левзина, Статусехь гинарг бен, Дуьне ца девзина. Доьналлах эхь хеташ, Сонталлах левзина, Йутуб чохь аьлларг бен, Шайн дин ца дезвина. Хlун кхане гур йу-те, Кхуьучу доьзална, Къинхетам Ахь бехьа, Хlай веза Дела!

Ассаламу lайлакум, махкахой! Лараме дешархой, шуна лерина дlаболийна болх бу. Дала пурба лахь, «Нохчийн литература» 5-11 класс йерриг йоьшуш, озе йаккха, ойла йу вайн. Цкъачунна 5 класс тlехь болх бу болийнарг. Карарчу хенахь кху чохь хир бу белхаш. https://youtube.com/@mintsalvi https://t.me/mintsaev_alvi 👆👆👆 Керла агlо кхечу сайташкахь схьайеллахь, хаам бийр бу. Хlара беркате болх баржош, шуьгара накъосталла оьшу! Дела реза хуьлда!

МАРШО 1 Уггар а беза дуй баа, Къера хир бац хьуна, баарх: Куьг доккхуш, йаккхахь а хьан, Куй боккхуш, йаккхахь а хьан, Мотт боккхуш, йаккхахь а хьан, Даг чуьра ца йаьккхинехь, Хьан маршо ца йаьккхина. Ахь беза дуйнаш ма баа, Къера хир бу хьуна, баахь: Даг чуьра и йаьккхинехь, Хьан маршо дlайаьккхина. Йухайаьккхина, ма баха, Къера хир бу дуй а, баахь: Дегlа чу цу вайн сил башха, Даг чу и йогlур йац шолгlа, — Цкъа даго дlахецнехь, — маршо. 2 СовгІатна дlа а ца ло, СовгІатна схьа а ца оьцу, Ца ло йа, дой захало, Довдича, дlа а ца хоьцу, Са йоккхуш, дешех ца хуьйцу. Маршо — и са санна йу, Ша са луш, схьалуш йу Дала. Маршонна ас хастамбан, И бен, вац кхин цхьа а Да а. Соьгара йаккха цхьа вагlахь, Ца йала — де тоахь сан, Хастам бу-кх йуха а Далла! Кхин цхьанна хастам бе алахь, Суо цхьаъ ву сан хастамбан. 3 Вогlушверг — сан маршо йахьа, Йа вoгlург — и суна йахьаш, — Цхьанийсса ши мостагl сан: Хьалхарниг диэн гІерта са, ШолгІаниг сан сий диэн гІерта. Сий доцуш са доцчу кІентан Сагlийна, совгІатна лучу Маршонна даг чохь бац меттиг. Сий доцуш са доцчу кlентан Ма йаккха и бІаьрга гучу! 4 СовгІатна дlа а ца ло, Сагlийна схьа а ца оьцу, Ца ло йа, дой захало, Довдича, дlа а ца хоьцу, Са йоккхуш, дешех ца хуьйцу, Маршо — и са санна йу, Ша са луш, схьалуш йу Дала. Маршонна ас хастамбан, И бен, вац кхин цхьа а Да а. Абдулаев Леча 1997 шo «НОХЧИЙЧОЬ САН НОХЧИЙЧОЬ» [агlо 129-130]

Стихи в восточном стиле. Философская, гражданская и любовная лирика. Заказать/купить можно в книжных магазинах Грозного: Нохч
Стихи в восточном стиле. Философская, гражданская и любовная лирика. Заказать/купить можно в книжных магазинах Грозного: Нохчийн кинишка - +79062225522 - Грозный, пр-т Мохаммеда Али 2а (ТЦ Грозный сити, 1 этаж). Инст. nohchiyn_kinishka Мир книги - +79280207990 - Грозный, ул. Назарбаева, д. 92. Инст. mir_knigi_grozny Jeanne books - +79298916663 - Грозный, ул. Орзамиева, д. 29. Инст. jeanne_books

Забаре дийцар