Варандойн Сайд-lали
رفتن به کانال در Telegram
«Толам собарца бен ца хуьлу» وَأَنَّ النَّصْرَ مَعَ الصَّبْرِ Хьехамаш, лекцеш. Пайден хаамаш. Дог-ойла йийцар. Лазаме хаттарш хьехор. Канал администрацис лелош ю.
نمایش بیشترکشور مشخص نشده استدسته بندی مشخص نشده است
243
مشترکین
اطلاعاتی وجود ندارد24 ساعت
-37 روز
+530 روز
آرشیو پست ها
Сийлахьчу Къуръан чохь АллахIа боху: 💎
"АллахI царна Iазап лурдолуш ма вац, уьш гечдар доьхуш мел бу" «Сурат ал-анфар 33-гIа аят»Ибну Таймиййас 💎 аьлла:
«АллахIа Ша Iазап лур дац аьлла гечдар доьхуш волчунна. ХIунда аьлча гечдар дехаро Iазап хила бахьан долу къа дIадоккху, тIаккха и дIадаларо Iазап духатуху»
Ибну Iаббасех ☝ дуьйцу, Пайхамара 🩷 элира аьлла:
"АстагIфируллахI дукха бохучунна, АллахIа массо гаттонах паргIато йийра ю, массо сингаттамах синтем бийра бу, иштта, цунга хьесап далурдоцуш рицкъа а лур ду!"Абу Давудс дийцна иза. 🖋
"Делера къинхетамах а, делера кӀелхьарваларх а, дог ца дуьллу муъмин стаг. Некъаш готта а делла, бахьанаш кхачийнехь а" 🖋«Имам Ахьмад: Аз-ЗухӀд» 💎
IабдуллахIан кIант Жабирах ☝ дийцинчу хьадийсехь Пайхамара 🩷 аьлла:
"Суьйре еъча шайн бераш чохь совцаде, цу ханчохь шайтIанаш арадовлу."«Бухарис а, Муслима а дийцна ду иза» 📖
Iаишате (Дела реза хуьлда цунна) хаьттина хилла Делан Элчанан 🩷 амал-гIиллакхах лаьцна. Цо жоп делла:
"Цуьнан амал-гIиллакх Къуръан дара"«Бухари и Муслим» 📖 Маликан кIанта Анаса ☝ дийцина:
Делан Элчанан 🩷 гIуллакхе хьожуш, цунна оьшучуьнга хьожуш итт шо даьккхина ас, цкъа а «уфф» аьлла дац цо соьга, ас динчу цхьа а хIуманна «Иштта хIунда дина ахь иза?» аьлла дац цо соьга, ас ца динчу хIуманна «Иштта а, иштта а дина делара ахь иза» аьлла дац цо соьга».«Бухарис а, Муслима а дийцна»📖
Маликан кIант Анаса ☝ дийцинчу хьадийсехь Пайхамара 🩷 аьлла:
«Нахан зама йогIур ю, царех шен дин тIехь собре верг - керахь ало латточунга тера хира ву!»
Ибн Ӏаббаса 💎 аьлла:
«Дуьненахь ялсаманера хӀумма а дац, цӀераш йоцург».Вуьшта аьлча: Ялсаманехь йолчу кхачанан а, стоьмийн а, кхин йолчу хӀуманан а, лаьттахь йолчу кхачанан цӀерашца цхьатерра хила тарлохь а (масала, «кемсаш», «шура»), церан бакъйолу куц-кеп а, чам а лаьттахь долчуьнца буста йиш йоцуш башхо ю.
Имам Ахьмада 💎 аьлла:
«Леш волчунна хьаж тIе хьацар детташ гахь иза лечу хенахь, дика билгало ю хьуна иза. Элчано 💎 аьлла: «Муъмин стаг ле хьуна, шен хьаж хьацар тоьхна долуш».».«Задуль Мусафир», 2/279. ГIулам аль-Халлал 💎
Сивак лелор:💎
Цу хьадийсаш гойту: Сивакан дозалла а, цуьнан пайда а, динехь цуьнан йолу лакхара меттиг а. Иштта, цу хьадийсашкахь билгалдолу вайна, сивак еккъа цергашна лелийна ца Iаш, маттан а хьокхуш лелор суннат хилар. Иштта, билгалдолу Пайхамара 💎 ша дIакхалхале тIеххьара йина Iамал сивак хьакхар хилар.
Имам Ахьмада (АллахӀа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Бакъдолуш».💎
Баккъалла а, сан вежарий бу суна шарахь цкъа бен гуш а боцуш,со дог тешна вукх хIора дийнахь гуш болчу вежарел а царга болу безам чIогIу хилар.Ибн Муфлихь, «Ал-Адаб аш-шариййа» 💎
Шайхул-Ислам Ибну Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:🖋
«Iакъийдат - соьгар а, соьлла воккхачу Iелимстагер а схьаоьцуш яц. Делахь а, и схьаоьцуш ю АллахIера а, Цуьнан элчнера а (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна), умматан хьалхарчу Iелимнехан берта тIера а. Къуръан чохь деъначух догтешна хилар (иза хьан Iакъийдат хилар) важиб ду, иштта сахьийхь долчу хьадийсашкахь деъначух догтешна хилар а, сахьийхь бухарий а, муслим а санна долчу!»[мажмуIулфатава, 3/161]📖
АллахIа стигалш а, латта а шен куьйга схьа лоцур ду къемат-дийнахь
АллахI боху (Лекха Сийлахь ву Иза): 📖
«..Латта дерриг Цуьнан (АллахIан) буйнахь хир ду къематдийнахь‚ стигланаш а хир ю хьарчийна Цуьнан аьтту куьйгаца. Массо а кхачамбацарех цIена ву Иза‚ цара Шеца накъост вечух а». [сурат: «Аз-зумар», 67-гIа аят]Имам ТIабарис даладо шен Тафсир чохь, IабдуЛлахI ибн Iумарах цуо дийцин, элча (солла-ЛлохIу IалайхIи ва саллам) хезир шена ша олуш: 🖋
«Ницкъ болчо [АллахIа] стигалш а, латта а шен куьйга схьалоцур ду», - и ша олуш элчано 🩷 - шен кьуйга буй чIагI беш, юха схьа бостуш гойтуш вара, цул тIехь элира элчано 🩷 АллахIа эра ду: «Со ву Ницкъберг, Со ву Паччахь, мичахь бу ницкъберш? Мичахь бу дозал деш берш?».
ШарӀаца доьзна хаттар шун делахь, иза кхуза яздина даийта йиш ю: @hattar_zhop ❓
«Жоп луш масийтта Ӏилманча ву. Хаттарш луш нах дукха хиларна, собар деш хила а дехар до шуьга.»
📱 https://www.youtube.com/shorts/wbhBBaXcRFEДеле доьхучу хенахь, муха деха аса? Цуо элира: Ахь ала: «ХIай сан Дела, гечдехьа суна, къинхетам бехьа сох, хьал а туодехьа сан, рицкьа а луохьа суна». ХIокху доIано дерриге дуьне а, эхарта а чу лоцар ду хьан». Сахьихь Муслим 2697. 📖
