es
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

Ir al canal en Telegram

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

Mostrar más
345
Suscriptores
Sin datos24 horas
-37 días
-230 días
Archivo de publicaciones
Йалсамане - цӀена меттиг ю, шен чохь боьхалла хила йиш йоцуш!

Repost from sʜɪsʜᴀɴ
Ялсамане - иза лаамий цIа (меттиг) ду, даим лаьтташ болчу синкъерамийн меттиг ю, хедар доцучу ирсан цIа ду. Цигахь баккхийн, Iаьржа бIаьргаш (хьýрул-Iúн) долу мехкарий бу. Цигахь гIаланаш а, шурин а, мезан а, чагIаран а (дуьнена чагIарх тера доцуш) татолаш а ду. Даим лаьттан долу ирсе вахар а, зовкх а, сийлахь-доккха дахар а, бахам а ду цигахь. Гуттар лаьттан долу вахар (дийна) хилар ду цигахь.. АллахIа хьо а, со а цуьнан охIланах войла!

Хьо харцам ца луь, гатделлачу даго доьхург дукх, цхьа кӀеззиг мукъане, бохуш. Ма дарра аьлчам, мел дукха шераш цигахь дахарах, Ӏебар ма дацара дог ))

Repost from N/a
Неха дегнаш Европе хьежуш делехьаъ, сан догам Мединатах хьегаш ду... Дӏа боьлхай вай Мединате?) © Султан Панкиси

Repost from Ӏиндагӏ
Цхьаволчунна гӏалар цӏен-можа зонтикаш хаза хета, ткъа кхечунна Мединера зонтикаш бен цхьа зонтик ца го...

Веларакх со геннахь, ДӀо ца боьвзачу урамехь, Геначу цу Мадинатехь, со валлалц...

ХӀай хьозарийн тоба, аш цхьамма шайн ши тӀам лур барий суна?! Макка Мадинате вахан, цхьа кӀеззиг марзо эцна, со сихха схьавогӀура вара шуна..

Дог синтемедеш долу уггаре доккха бахьан: АллахӀаца хьан дика ойла хилар ду, иштта нахаца хьан дика ойла хилар ду. АллахӀаца
Дог синтемедеш долу уггаре доккха бахьан: АллахӀаца хьан дика ойла хилар ду, иштта нахаца хьан дика ойла хилар ду. АллахӀаца хьан дика ойла хиларо, дуьнен баланаш бай бо! Нахаца хьан дика ойла хиларо, нахера хуьлуш болу баланаш бай бо!

Милла велахь а, ша доӀ дича цуна жоп хира дац аьлла хеттарг, цуна шен Дела ца воьвзу хьуна!
Милла велахь а, ша доӀ дича цуна жоп хира дац аьлла хеттарг, цуна шен Дела ца воьвзу хьуна!

Стаг къан ца луш цхьа меттиг ю, Нен кхетам бу иза. Хьан Нанна цӀа ца хуьлу хьо воккха, хьо воккха велахь а. Хьо цкъа ца велхийта, хьан бӀаьргара цхьа хин тӀадам лаьтта ца божийта дукха хӀума дийра ду хьан Нанас. Хьай Нана елха йо ахь, хийла холча хотта йо ахьа иза, хийла иза цхьалха тесна йуьту, ткъа цуна бӀаьрга негӀар тоххал хан ца йоху хьо виц велла, иза гӀийла, хьо Деле доӀанца воьхуш, ша йалле, цкъа мукъане хьо ган ирса хира дуй теш бохуш Ӏаш хуьлу, хьо ва ца вохуш...

Вай Пайхамаре (соллаллхӀу ӀалайхӀи ва саллам) ша уггаре ларам бан безаш верг а, ша уггаре шеца дика хила везаш верг мила ву аьлча, кхуз Нана ю аьлла, цо вайна гойту Ненан хьакъ, Ненан декхар, Ненац дика хилар, иза массарца дика хиларал лаккхара дуй, массарца беш болу ларамал лаккхара Ненан бан безаш хилар, массерачул сов хьакъ Ненан хилар. Кхиболучеран ларам ма бе бохургв дац иза, кхиболучера сий ма де бохург дац иза данне, сий массери дан дезаш ду, ларам массари бан безаш бу, дика массарца хила везаш ву, амма Ненац дика хилар хьакъ, Ненан сий дар хьакъ, иза массерал хьакъал лаккхара ду, коьрта ду. ХӀунда ду? Пайхамара (саллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) хьадисехь Ненац дика хила аьлла кхуз, хӀунда аьлча Нанса дукха къахьегна хьуна тӀехь, Нанса дукха хало лайна, хьо шен кийрахь лелийна цо исс баттахь, цул тӀаьхьа хьо дуьненчу ваьлла, йаларни-йисарни юккъехь хьо вина цо, цул тӀаьхьа хьо вакхийна цо, цул тӀаьхьа хьо кхиош, хьан Дас санна хьо кхиош дакъа лаьцна хьан Нанас. Цундела Ненан хьакъ сов ду, Ненан хьакъ дукха лаккхара ду, Ненан хьакъ чӀогӀа лардан дезаш ду.. Цундела аьлла Пайхамаро (соллаллхӀу ӀалайхӀи ва саллам) ахь уггаре дика дан дезаш ерг, хьан Нана ю хьуна, хьан Нана ю хьуна, хьан Нана ю хьуна! Кхуз хьахийна цо, хӀунда аьлча, хьо бахьанехь, шен дерриге дахарехь хало хьегна ю хьуна иза! Шай кийрахь хало хьегна цо, шай меженашцин хало хьегна цо, шай дагцин сингаттам латтийна цо, хьуна во хьакхадаларан кхоьруш, хьо кийрахь лелийна цо исс баттахь, хьо вакхийна цо, буьйсанна ахь йижа ца йуьтуш, хьо бахьанехь сем йаьхьна цо буьйсанаш. Иштта доккха ду Ненан хьакъ! Деца-Ненаца дика хилар важиб ду! Деца-Ненаца во хилар хьарам ду! Вай Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) дина весет ду вайна Ненац дика хила аьлла, хӀунда аьлча Нана гӀийла ю, йоккха хилча къаьсттина гӀийла ю. Цхьаболу Ӏеламнаха аьлла: юх-юху Нанна дика де хӀунда аьлла ду? Дера аьлла, дукхачу хьолехь Нана чохь хуьлу бах, ткъа доьзал арахь хуьлу бах, чохь Ӏаш йолу Ненан хьакъан ледарло йа тарло бах арахь долу доьзало, вайна гина хӀуманаш дукх, цӀера ара воле, кхечу махка дӀа воьде, пхе шарахь, итт шарахь шен Нана йолуче ца вохуш лела, Нана дӀа тесина, кху хьолехь Нанас хало хьега там бу бах, цундела и гӀийло ца хьегита, юх-юху аьлла боху Нана.

Дех-Ненах лаьцна хьахо лаам бара вай, и лаам кхолла балар бахьан: тахана гокх вайна, бера шен Дена-Нанна йоппарш етташ, нахан юкъехь а эхь доцуш лелаш, баккъалла хала хета иштта сурт гича, хьан Да, хьан Нан, шай са ца кхоош хьо кхиийна долу, шай са хьан дуьхьа бӀаьрга негӀар ца тухуш дӀа дала кийча долу..хьо цаьрна доьхьал векаш вукх, аз ойбуш вукх, кхин эхь доцуш хила йиш юй аллал, эхь ца хилар дукх и...

ХӀара диц ма де)

ЛадогӀийша АллахӀа хӀун боху вайга : Баккъалла чӀогӀа ийман долучеран сагаттадалар сов даьлла со ган лууш, ткъа Сан кхин чӀогӀа сагаттало царна, Со кхойкхушчуна Со карора ву, амма кхечарга кхойкхучуна Со карора вац, Вуй ишттаниг, Соьга кхайкхича, Со ца карийнарг? Вуй ишттаниг, Со волуче веъча, Аса тӀе ца лаьцнарг? Вуй ишттаниг, Сан неӀ тоьхча, аса иза схьа ца йиллинарг? Вуй ишттаниг, Суна тӀе болх буьллуш хилла волуш, Со цуна кхачаме ца хилларг? Вуй ишттаниг, Соьга кхайкхича, Аса жоп ца делларг? Вуй ишттаниг, Соьга доьхуш хилларг, Аса цуна ца делларг? Со хьехош болу нах, сан мажлисера нах бу, Шайна деллачун баркалле болу нах, цаьрна кхин алсам лура ду Аса, Суна муьтӀахь болу нах, церан Сий дийра ду Аса, Со цӀа а соцура Вац Суна Ӏеса боьвлачу нахах къинхетам бечура, цара тоба дахь, Аса тӀелоцар ма бу уьш, ткъа цара тоба ца дахь, Со царна дарба деш верг хира ма Ву, Аса ло царна халонаш, уьш цӀанбархьам, массо боьхачу хӀумех, Суна герга веънарг, Аса тӀелоцура ву генара, ткъа Суна букътоьхнарг, Аса кхойкхура ву уллера, Милла велахь а, Сан дуьхьа цхьаъ дитнарг, Аса цулле а гӀоледерг лура ма ду цуна, Со шена реза хиларан сатеснарг, Со а ма Ву цуна сатуьйсуш

Йерриге неӀарш дӀакъевлина карийра суна, Хьан неӀ йоцург, суна карийра Хьан неӀ дукха шуьйра хилар а, иза дӀакъовлуш ца хилар а!

Шен да-нана дийна дерг вехаш Ӏаш ву хьуна, мел халонаш, баланаш цуна белахь а, шай деца-ненаца цхьа така меллачу чайно уьш биц бо хьуна, нагахь и валахь кхетачерах...

Нанас аьлларг дича хьо йуьхьӀаржа хуттур вац хьуна, йа дакъаза вера вац хьуна, мелхо нанас аьлларг ца дича хуттур ву хьуна хьо йуьхьӀаржа, дакъаз а вера ву хьуна...

Амин йа АллахӀ

АллахӀ реза хуьлийла хьуна, хаза болх бу кху чохь дӀа гӀуш, АллахӀа беркат дойла! Иштта аша хьостан чохь хаам бича, суна ца га йиш ю шуна, вай чӀогӀа кӀезиг хьостан тӀе дазаделла ду, цундела бот чохь хаам бан хьовса. АллахӀа реза хуьлийла массарна а!

Аманат лардан хьовсура ду шуна вай, иншаАллахӀ
Аманат лардан хьовсура ду шуна вай, иншаАллахӀ